Шайх Iалий ат-ТIантIавийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху: «Сайн дахаран юьххьехь сайн деца-ненаца Iаш вара со. Цу хенахь царах къаьстича я уьш боцуш со ваха а лур вац аьлла хетара суна. Цул тIаьхьа, сан да-нана дIаделира, ткъа со сайн вежаршца Iийра. ТIаккха, царах къаьстича а со ваха а лур вац аьлла хеташ вара со, амма уьш зударий а балийна шайн-шайн доьзалашка бирзира. Ас а ялийра зуда, йоьIарий а, кIентий а хилира сан. Царах къаьстина Iалур а вац аьлла хетара суна, амма, цара а шайн доьзалш а болийна хIораммо а шен шен некъ лецира.
ТIаккха кхийтира со, адамаца цуьнан Дела воцург цхьа а вуьсуш ца хилар!
Еригге а зIенаш дIахеда, Iаламийн Делаца йолу зIе йоцург».