Парз ламазаш а, рузбан ламаз а АллахIа омра ма-дарра лардан дезаш ду — дуьззина а деш, церан хенаш а, куцош а, меттиг а ларъеш.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Пхи ламаз а, рузбанна тIекхаччалц долу рузба а, Рамаданна тIекхаччалц болу Рамадан бутт а шайна юкъахь эгна къинош дIадохуш ду, даккхийчу къиношха ларвелчахьана». Муслим, 233.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхин а аьлла: «Лерина, дика ламаз а эцна, цул тIаьхьа рузбана а вахана цо (хутIбанга) вист ца хуьлуш ладоьгIча, цунна гечдийр ду цунний, тIедогIучу рузбанний юкъахь долчунна, кхин а кхо де сов а доккхуш. (ХутIба дечу хенахь) жагIанах хьакхавеллачуьнан рузбанан ял яйна*». Муслим, 857.
*Пайхамар заманахь (ﷺ), маьждиг чу тесна жагIа бен палсаш а, кузаш а ца хилла. Цу хьадисо гойту, хутIба дечу хенахь муьлхха хIума ловзор, шен ши куьг саца ца дар, къамелаш дар, рузбанан йолах воккхуш хилар.
📕 Бусалба ялсамане вохуьйтуш долу кхузткъа бахьана, 27/28.