Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
{لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ}
«Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят.
Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина доцу, я цхьана лергана хезна доцу, я цхьана дена дагадеана а доцу.
Тафсир Ибн Касийр, 6/98.