Муъманехан куьцашха ду, берриге нах хьере хилла, кхерамехь болчу хенахь, АллахIа церан дегнаш чу синтем боссош хилар.
Сийлахь — Везачу АллахIа аьлла: «АллахI ву, муъманехан дегнашка синтем боссийнарг, шайгахь долчу ийманна тIе кхин а ийманехь уьш совбахархьама…» Сурат «ал-Фатхь», 4 аят.
ХIай везан Дела! Тхуна тIе синтем боссабехьа! Тхо ийманехь а, Хьо везарехь а сов а дахахь!
Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий