Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «АллахIана уггаре дукха езаш йолу меттигаш маьждигаш ду, ткъа АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю». Муслим, 671.
Имам ан-Нававис (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: “«АллахIана уггаре ца езаш йолу меттигаш базарш ю», хIунда аьлча цигахь пуьташ а, Iехор а, риба а, харц дуйнаш даар а, дош ца лардар а, АллахI ца хьехор а долун дела, уьш доцург кхин а царех тера хIуманаш долун дела.
Маьждигаш къинхетам буссу меттигаш ю, ткъа базарш цу къинхетаман бIостане хIуманаш долу меттигаш ю”.
Шархьун-Нававий Iала́ сахьихьи Муслим, 5/171.