button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

хIокху деношкахь суннат дерг

ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд.

Езачу хенахь латина къа кхин чIогIа кхераме ду

Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къинойх ларлолаш, бакъдолуш, цара къинхетам бечу (езачу) хенашкахь гечдарах воккху шуна». «احذروا المعاصي، فإنها تحرم المغفرة في مواسم الرحمة». ЛатIаа́ифул-маIаа́риф, 295.

Уггаре деза денош

АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Дуьненан уггаре деза денош — (Зул-Хьижжат беттан хьалхара) итт де ду». «أفضلُ أيامِ الدُّنْيا أيامُ العَشْرِ». Сахьихьул-Жа́миI, 1133.

ЖихIадал деза дерг

«Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де дийнахь-буса Iибадат деш даккхар, жихIадал а деза ду, нагахь санна шен са а, шен даьхни дIа а луш и дIакхелхина вацахь». «وَاسْتِيعَابُ عَشْرِ ذِي الْحِجَّةِ بِالْعِبَادَةِ لَيْلًا وَنَهَارًا أَفْضَلُ مِنْ جِهَادٍ لَمْ يَذْهَبْ فِيهِ نَفْسُهُ وَمَالُهُ». Ибн Таймийя — ал-Фатáвá ал-кубрá, 5/342.

Зул-Хьижжат баттах хIун хаьа хьуна?!

«Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт денчохь дина АллахIа Муса пайхамарга къамел, Ислам дин а царна чохь кхочуш дина, цу итт денца АллахIа дуй а биъна. Кхечу деношкахь динчул а деза ду царна чохь дина Iибадат, къаьсттина такбир дар а, марха кхабар а. Ткъа Iарафат де, шеран уггаре а деза де а ду». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Рамадан баттахь кхабаз дисина долу марханаш

«Рамадан баттахь кхабаз дисина долу марханаш, Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт дийнахь кхабар дика ду. Цу деношкахь уьш кхобучунна, доькхуш марханаш кхабарна а, Зул-Хьижжатан итт марха кхабарна а ял хиларе сатийсам а бу». Iумар Ибн ал-ХаттIáба (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Рамадан беттан дисина марханаш доькхуш кхаба, хIокху итт дийнал а дукха дезаш денош ма дац […]

СагIано беркат совдоккху

Шайн даьхних уггаре чIогIа беркат хуьлуш болу нах — сагIа дукха луш берш бу. Хьадисехь Пайхамара (ﷺ) аьлла: «СагIа даларо даьхни ца эшадо». Иштта къудси хьадисехь АллахIа, Сийлахь ву И, аьлла: «ХIай Адаман кIант! Хьайн даьхних сагIа ло ахь, Ас дуккха а совдоккхур ду хьуна хьан даьхни». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

Пайде, чулацаме доIа

Цхьа а доIа ма ца девза суна, хIокхул пайде а, чулацаме а долуш: رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ «Роббанá áтинá фиддунйá хьасанатан, ва фил-áхирати хьасанатан, ва къинá Iазáбаннáр». «Тхан Дела! Дуьненахь а дика ло Ахь тхуна, эхартахь а дика ло Ахь тхуна, цIеран Iазапах лар а де Ахь тхо». […]

Муъма стаг ца зуьйш вуьсур вац

Хьафиз Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, муъма стаг цхьацца лазамечу, халачу зерашца ца зуьйш вуьсур вац, цуьнан ийман зерхьама». Тафсир Ибн Ражаб, 2/212.

30. Декъал хуьлда шу хIокху Iийдан денца | Шайх СаIд ал-Iатийкъ