button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахь нехан сакхташ дарждахь, хьайниш даржошверг карор ву хьуна

«Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52.

Шен воцу ден ву ша бахар

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шен да воций хуъушехь кхечу ден кIант ву ша бохуш волчунна, ялсамани хьарам ю». ал-Бухарий, 6766. Муслим, 63.

3. ДоIанна жоп даларан уггаре доккха бахьана

Бала тIебоьссинчу хенахь къинош летор

ан-НуIман ибн Башийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттар доьхнарг ду, бала тIебоьссинчу хенахь а къинош летор» ал-Бидая ван-нихIая, 11/680.

Нах буьйцуш ма лела

Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нах буьйцуш ма лелалаш, уьш бийцар бала бу шуна. АллахI хьехаве аша, И хьехор къинхетам бу шуна». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 7/137.

2. АллахIан ниIматаш дагарлур доцуш дукха ду

Тамашбича олуш дерг

Цхьаболчу салафша аьлла: «Нагахь цхьамма шен хьолах я шен даьхнех я шен доьзалх тамашбахь, цо олийла: “Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата илла́ биЛла́хI”». АллахIана лиънарг ду! Хьал хийца ницкъберг АллахI бен вац! Тафсир ибн Касийр

1. Декъала хилла-кх шен тептар гечдар дехарца дуьзнарг

Бекхам боцуш дуьйсаш хIумма а дац

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ «Хьуна ма моттийла АллахI хууш вац зуламхоша лелориг. Бакъдолуш, бIаьргаш къаьрзан долу [къемат] де тIекхаччалц буьтуш бу Цо уьш». Сурат: ИбрахIим, 42 аят. Маймун Ибн МихIрана аьлла: «ХIара аят зулам хиллачунна синтембеш а, зуламхочунна кхерам тосуш а ду». […]

Ламаз цадийриг…

«Ламаз цадийриг къул а, зина дечул а, къаьркъа муьйлучул а, вахош йолу буц уьйзучул а вон ву». Ибн Таймия — МажмуIул-фатава, 22/50.