button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

23. Хьуна уллехь ву Иза, Шега доьхучунна жоп луш ву Иза

22. Хьан Дела дуккха а гечдар долуш ву

Вежаралла | Мансур

Ша ламаз динчохь хиина Iар

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьаъ ша ламаз динчохь хиина Iаш мел ву, ламаз керар даьлла а воцуш, маликаша цунна доIадеш доьху: “Я АллахI! Гечдехьа цунна, я АллахI! Къинхетам бехьа цунах”» — бохуш». ал-Бухарий, 445.

ЯахIума аьрру куьгаца ма яа | Мансур

Къуръанах тасадаларца весет | Мансур ас-Салимий

Iожах дийцар

Цхьана кIентан Iадат хилла, хIора дийнахь тIера чкъор дIа а доккхий, шен нанна Iаж луш. Ткъа ша дIадаькхина чкъор шен жимачу йоIанна дIалуш хилла цо. Иштта, рогIерчу дийнахь, шен нанна Iаж бала дагахь тIера чкъор дIадоккхуш хилла кIант. Шена лун долчу чкъоьре хьоьжуш Iаш йолчу йоIа аьлла: «Дада, жимма стомма даккха и чкъор!». […]

Юхь-дуьхьала хастийча олуш дерг

Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: «Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь»». Фатхьул-Бáрий, 10/478.

Iуьйренан хIаваъ

Цхьаьна хьекъалче цхьамма хаьттина: «Iуьйра ламазан хенахь хIаваъ цIена хIунда хуьлу?» — аьлла. Хьекъалчо аьлла: «Дера хуьлу, цу хенахь мунепикъаш бийшина хуьлун дела».

Бусалба вешина къитIера валар

Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!». سامح أخاك وما ينفعك أن يعذب الله أخاك المسلم بسببك Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262. […]