«Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий
|
|
||
|
«Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий «ПIераскан де — Iибадат до де ду. Беттанашна юкъахь, Рамадан бутт санна (деза) ду и. Цу пIераскан денна чохь доIина жоп луш йолу хан, Рамадан батта чохь Лайлатул-къадр буьйса санна (еза) ю». Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийя — Зáдул-маIáд, 1/398. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага пайхамаре (ﷺ) хаьттира, Ислам динехь лелийча дика долу белхаш муьлхарш ду аьлла? ТIаккха пайхамара (ﷺ) аьлла: «Ахь (нахана) кхача балар а, хьайна вевзучуьнга а, ца вевзучуьнга а салам далар а ду». ал-Бухарий 12, Муслим 39. Хьоьх шиъ бен кхетар вац: Хьуна тIехIоьттинарг шена тIехIоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен. «Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла». ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю: ГIаравийлар ца дезар. Ша наха хестор ца дезар. Динан белхашкахь жигар хилар. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар. Къайлах […] Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан тIера а, суннатера а далил доцуш мел болу некъ — жоьжахатин а, Дала эккхийна долу шайтIан а некъ бу». Мада́рижус-са́ликийн, 2/439. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||