Билггала волу мостагI 13-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 14.12.2018) — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Bilggala_volu_mostag1-13_14.12.2018.mp3
|
|
||
|
Билггала волу мостагI 13-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 14.12.2018) — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Bilggala_volu_mostag1-13_14.12.2018.mp3 Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Шен дена-нанна дика дан луучо, цаьршинна тIера сагIа доккхийла. Бакъдолуш, сагIа велла чунна дIа а кхочу, цунах цунна пайда а хуьлу, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам а бац». Шархь сахьихь Муслим, 1/89. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Элчанна (ﷺ) тIаьхьа а ца возуш, шена АллахI веза мел бохург, харц луьйш ву». МажмуIул-фатава, 8/360. Маж дIаяшар а, и яц яр а хьокъехь Iеламнехан къамел — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/Maj.mp3 IабдуллахI Ибн Мубараке аьлла хилла: «Хьоьга цхьамма хьан дахарах цхьа де бен ца дисна хьуна аьлча, хIун дийра дара ахь?». ТIаккха цо аьлла: «Нахана Iилма хьоьхур дара ас». ал-Мадхал лил-БайхIакъий, 370. Шайх Iабдул-Iазийз Ибн Бáза (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iуьйранна а, суьйранна а кхузза «ал-Фалакъ», «ан-Нас» сураташ дешар, сихьранах а, и санна долчух а ларвен бахьана ду». Фатава нурун-Iалад-дарб, 3/295. Абу Давуда (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Со Курз ал-Хьарисий волче ваханчу хенахь воьлхуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хьо стенна воьлхуш ву?». Цо элира: «Сийсара (айса Iадатехь доьшуш хилла долу) Къуръан тIера дакъа ца дешна ас. Ткъа и цадешар бахьана, ас латийна къа бен ма ца хета суна»». Хьилятул-авлияъ, 5/79. […] Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Нагахь санна, цхьамма кхечуьнгара ша оьцург лачкъийна юй а хууш эцахь, цо къола деш дакъа лаьцна». Масáилу ал-Имáм Ахьмад, ривáяту ал-БагIавий, 68. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: .وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لا يَمُوت «Ахь болх тIебилла цкъа а лийра воцучу, дийначунна (АллахIана)…» ал-Фуркъа́н, 58 аят. Сулайман ал-Хавва́са (АллахIа кьинхетам бойла цунах) аьлла: «И аят шена хезначул тIаьхьа, цхьана а лена мегар дац, шен балхехь АллахI воцучунна кхин цхьанне а тIетовжа». 📚 Та́риху Димашкъ, 72/249. […] Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Iилма а, Iелимнах а безначунна, АллахIана дезарг дезна». Мифтахьу дарис-саIáдахI, 1/435. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||