Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-14_dars-2.mp3
|
|
||
|
Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-14_dars-2.mp3 АллахIан Элчано (IалайхIис салату вас-салам) аьлла: «Iилма лохуш (и Iамо) новкъа ваьллачунна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийра бу». Муслим, 2699. Майрачу лаьхьано, хин буха боьдучуьра чIара кIелхьара баьккхина! Вайна гондахьа эгаш долу хIуманаш иштта дуьйцу цхьаболчу хаамийн гIирсаша. Галдаьлларг, цара иштта хаамаш бар дац. Галдаьлларг, чIара хин буха боьду бохучух нах тешар ду. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дагна АллахI хьехор чIерана хи эшарх тера ду. Ткъа хих къаьстича чIеран хьал муха хир дара (аьлла хета хьуна)?!». 📚 МажмуIул-фатава, 10/85. Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо». [Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212]. Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла. Iожалло жоп делла тIаккха: «Хьо хаза аьшпаш болун дела, ткъа со къаьхьа бакъдерг долун дела». Цхьана стага тáбиIий волчу Iа́мир Ибн Iабди Къайсе аьлла: «АллахIе доIа дехьа суна» — аьлла. ТIаккха Iа́мира аьлла: «Цкъа АллахIана муьтIахь а хилий, тIаккха Цуьнга айхьа деха ахь, Цо жоп лур ду хьуна!». Хьилятул-авлияъ, 2/93. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 14-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-14_dars-1.mp3 |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||