button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Рицкъ

Салафши заманахь хIуманан мехаш тIекхетта хилла, тIаккха цхьана дикачу стаге иза дийцича цо аьлла: ❏ «ВаллахIи сан бала ма бац мекхан цхьана буьртигах дешин цхьа дийнар даькхичи а!. Суна тIехь дерг АллахIа соьга омру ма-дарра Цунна Iибадат дар ду, ткъа Цо, Ша лур ду аьлла тIелаьцна долу рицкъ, суна лур ду».

ДоIа

❏ ДоIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца деш. Муххале а, доIа хIаваъ санна леладе. Хьайн Деле массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а.

ШариIат

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: ❏ «ШариIат — кхетамаш бIарзделлачарна серло ю, синпаргIато ю, дегнийн дахар ду, цунах тасвелларг кIелхьаравера ву, цунна букъ тоьхнарг дакъазавера ву». 📕 ал-ИIлáм битавдийхь навакъидил-ислам.

29 — Сурат Аль1анкабýт

29 — Сурат Аль1анкабýт [Гезг] [Маккахь доьссина ‚ 69 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу 1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург] . 2.Нáхана моьттинéра [тов] шаьш [Дáла] ца зуьйш 1аддабуьтур бу , цáра :»Тхо [Дéлах] тешна» — áларна ? 3.[Дéлόра] Бакъдолуш , Оха [зен] ма зийра цáрел хьалхарнаш [а] […]

ПIераскан дийнахь салаваташ дуккха а дахкар

«АллахI вазвиначо Цуьнан пайхамар вазвина, (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). Ткъа пайхамар вазварх ду, денойх уггар деза долчу пIераскан дийнахь цунна салаваташ дуккха а дахкар». ✍🏻 Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий АллахIумма салли Iалá Мухьаммадин ва Iалá áли Мухьаммадин ва саллим.

Iилмангахь сов ваккхар доьхуш деш долу доIанаш

Хаттар: Суна Iилма Iамон а, цу Iилмангахь сов ваккхар доьхуш суннатехь деана долу доIанаш довза лаара. АллахIа диканца бекхам бойла шуна! Жоп: Хастам бу Аллахlана, салам маршалла хуьлда АллахIан Элчанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна, цул тIаьхьа: […]

Керла шо

Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «АллахIан мостагIашна гена довлалаш, церан деза деношкахь». 📕 ат-Тарийхул-кабийр лил-Бухарий, лоьмар 659.

ШЕН БАЛАБОЦУРГ ДИЙЦАР, ШЕНА ДЕШ ЗУЛАМ ДУ.

Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь хьайн дог (тIулг санна) чIагIделла, дегI гIелделла, рицкъ дIахаьдда хьайна хаалахь, хьуна хаалахь хьайга ца догIург айхьа дийциний». 📕 Файдул-къадийр, 1/286.

28 — Сурат Алькъасас

28 — Сурат Алькъасас [Дийцар] [Маккахь доьссина ‚ 88 аят ду] Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу 1.Т1ό-сúн-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] 2.Уьш [х1орш] — [бакъдерг харцонах] билгалдечу [гучудоккхучу] жайнин áяташ ду . 3.Оха хьуна доьшу [дуьйцу] Мýсáн а , Фир1авнан а хабар бакъонца , [Къуръáнах] тéшачу къόмана [нáхана дуьхьа] […]

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-10_dars-3.mp3