Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443.
|
|
||
|
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Белхалочуьнан мах, цуьнан хьацар дакъадалале дIало». Ибн МаджахI, 2443. Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьáнас (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «Вайн хIусамашкахь вай лелош йоцуш, вайна оьшуш йоцуш бедарш ю вайн. Цхьа хан ма яьлнехь тишъелла дIакхуьссур йолуш ю уьш. Вай сихо ян еза и тайпа хIуманаш сагIина мискачу нахана дIаяла. Вайна цунах ял а хира ю, царна пайда а хира бу». Мухьаррам бутт тIе беача хаа дезарг (Рузбан хьехам, 22.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Muharram_but_t1e_beacha_haa_dezarg_22.09.2017.mp3 «Бусалба стеган декхар ду, шен динан хьокъехь ша шек воккхур волчу массо а хlумнах ларвалар». Шайх lабдул-Карим Зайдан. Тафсирул-Жалалайн, сурат Сурат ал-АIла — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/ahmad/tafsir/juz_1amma/al-a1la/87_al-A1la.mp3 ПIераскан дийнан Iамалш: 1. Рузбана вахале лийчар 2. Хаза хьожу йогIу хIума хьакхар 3. Сивак хьакхар 4. Хаза бедар йохар 5. Сурат ал-КахIф дешар 6. Пайхамарана дуккха салаваташ дахкар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). 7. Хьалххе рузбана вахар 8. ГIаш маьждиге вахар 9. ДоIийна жоп ло хан ларъяр. Хьекъал дайшна шо дIадаларца хьехам хуьлу (Рузбан хьехам, 15.09.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Heqal_dayshna_sho_d1adalarca_heham_hulu_15.09.2017.mp3 Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Питан АллахIа де аьлларг дIатесчий бен хуьлуш дац. АллахIа (Шеца там боцучу массо а хIуманех цIена ву И), бакъонца хила аьлла а, собаре хила аьлла а омра дина. Ткъа питан бакъдерг дIатасарца, я собаре ца хиларца хуьлуш ду». ал-Истикъáма, 1/39. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Декхар дIадала аьтто болуш (и) дIацалуш хьедар зулам ду…». ал-Бухарий, 2287. Имам Шафиlийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIана хьо гуттаренна а жоьжахатехь вáгийта лууш хиллехьара, Цо хьан даг чу Ша цхьаъвайтар (тавхьид) тосур ма дацара». Дийвáн ал-Имáм аш-Шáфиlий. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||