Цхьана стага ВахIб Ибн МунаббихIе аьлла: «Хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха ВахIба аьлла цуьнга: «ШайтIана хьо воцург кхин цхьа а геланча ца карийра и къамел схьадан?!».
|
|
||
|
Цхьана стага ВахIб Ибн МунаббихIе аьлла: «Хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха ВахIба аьлла цуьнга: «ШайтIана хьо воцург кхин цхьа а геланча ца карийра и къамел схьадан?!». Цхьана стага Хáлид Ибн Валийд волче а веана аьлла: «Цхьа хьенех вара хьуна луьйш». ТIаккха Хáлид Ибн Валийда аьлла: «Иза цуьнан шен тептар ду, шена луучуьнца дIадузхьара цо и». Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хаалахь, дийнахь Дела хьехо уггаре а еза, сийлахь хан — Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа ерг юйла». 📔 ал-Азкáр, 155. Далла тIебоьду некъ цабевзург а, и некъ лохуш воцург а ву хьуна, АллахIа шен хьокъехь «сийсазверг» аьлла верг: «وَمَن يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِن مُّكْرِمٍ». «АллахIа сийсазвинчун цхьаммо а сий дийр дац». ал-Хьажж, 18. 📔 Имам Ибнул-Къаййим — ТIарийкъул-хIижратайн, 177. […] АллахIан къинхетам боккха бу бохуш, къинош леточунна хаа деза, Цо Шен Iазап а чIогIа буьрса а, лазаме а ду аьллий. «…وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ». «Хаалаш, АллахI таIзар чIогIа долуш вуйла».Сурат ал-Бакъара, 196 аят. Iамр Ибн Къайс ал-Мулáийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, Къемат-дийнахь зудчо шен хIусамда АллахIан хьалхахь кхеле озор ву. Эра ду цо: «Со бусалба динехь кхетош-кхиош вацара и, я хIумма Iама а ца дора суна. Базарара бепиг-м латтадора цо суна» (кхача-м латтабора, амма динах лаьцна хIумма а Iамош вацара)». عَن عَمْرو بن قيس الْملَائي […] «ШайтIанан лорах а ма лела» — бохучу АллахIан дешан маьIна деш Имам Къатáдата аьлла: «АллахIана Iеса хуьлуш мел деш долу хIума — иза шайтIанан лар ю». عَنْ قَتادَةَ عَنْ قَوْلِ اللَّهِ: {ولا تَتَّبِعُوا خُطُواتِ الشَّيْطانِ} قالَ: «كُلُّ مَعْصِيَةٍ لِلَّهِ فَهِيَ مِن خُطُواتِ الشَّيْطانِ». Тафсир Ибн Аби Хьáтим, 1508. […] Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайн вешин къайле йийцар, ямартлонах ду». .«إنَّ من الخيانة أن تُحدِّث بسرِّ أخيك» ас-Самт, Ибн Аби ад-Дуня, 404. «Бусалба стагана кхечу бусалба стагах кхарда мегар дац и къен вара я цо къа латийнера аьлла, я кхечу муьлха хIуманна а». «فلا يحل لمؤمن أن يسخر من مؤمن لا لفقره ولا لذنبه ركبه ولا لغيره ذلك». Тафсирул-ТIабарий, 22/376. […] Aд-Даххьáка (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Диканиг де, вониг ма де» — алар, Беркате а, Сийлахь а волчу АллахIа тIедехкинчу парзашах цхьа парз ду». «الأمر بالمعروف والنهي عن المنكر من فرائض الله تبارك وتعالى». |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||