Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260.
|
|
||
|
Суфьян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «»Ла́ила́хIа иллаллахI» боху дашо санна иблисан букъ кагбеш хIумма а ма дац». Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 7/260. Уггаре вон хан — диканан цIарах вониг деш, вонан цIарах диканиг деш ерг ю. Цхьана дийцарехь деана: «Нахана тIе цхьа хан йогIур ю, дика дерг вон гуш, вон дерг дика гуш». أسوأ الأزمنة هي التي يُفعل فيها شر باسم الخير، والخير باسم الشر. ففي الأثر: «يأتي على الناس زمان يرون المنكر معروفا والمعروف منكرا». […] «Къуръан дукха дешар а, тасбихь алсам дар а, ла́ила́хIа иллаллахI дукха бахар а шайтIа эккхочу, генадоккхучу бахьанех ду». Шайх Iабдул Iазийз Ибн Ба́з (АллахIа къинхетам бойла цунах). «Шеца Къуръан тIера а, суннатера а бух мел боцу некъ — жоьжахати боьду некъ а, Дала Шех эккхийначу шайтIанан некъ а бу». «كُلُّ طَرِيقٍ لَمْ يَصْحَبْهَا دَلِيلُ القُرْآنِ وَالسُّنَّةِ، فَهِيَ مِنْ طُرُقِ الجَحِيمِ وَالشَّيْطَانِ ِالرَّجِيمِ». Ибнул-Къаййим — Мада́рижус-са́ликийн, 2/468. […] «Хьайн ламазехь хьуна марзо ца караяхь, хаалахь хьан дагчу марзо ца кхочуьйтуш хьан ламазехь кхачамбацар а, сакхат а дуйла». Бава́батул-хушу́Iи фис-сала́ти, 15. «Сийлахь-Везачу АллахIан авлия́ах уггаре дикаверг, везаверг — Элчано (ﷺ) деанарг алсам довза а девзуш цунна тIаьхьавозург ву; асхьа́баш санна, шаьш кху умматехь Элчано (ﷺ) деана дин дуьззина девзаш а, цунна тIаьхьабозуш а хилла болу.Абу Бакр ас-Сиддийкъ уггаре дукха Элчано (ﷺ) деанарг девзуш а, цуьнца алсам Iамал еш а хилла ву, ткъа иза уггаре веза […] IабдуллахI ибн Рава́хьата а, Абу ад-Дарда́а а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Ийман кучах тера ду: цкъа тIеюху и адамо, юха тIера д1а а йоккху цо и». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/303. Хьан зуда хьо воцчун кхин цхьанне ма яц. Цундела, хийрачу божарийн бIаьргех ларъеш дIахьулъе иза, хьо яхь, эмгаралла йолуш велахь! Абул-Фараж ибн ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, Iилма а доцуш Iибадат дарах ларлолахь! Бакъдолуш, дукхах болу суьпа нах а, суфисташ а Iилма а доцуш Iамал яр бахьанехь нийсачу новкъах тилла хьуна». «إياك أن تتشاغل بالتعبد من غير علم ، فإن خلقاً كثيراً من المتزهدين المتصوفة ضلوا طريق الهدى إذ عملوا بغير علم» […] «АллахIа а, Цуьнан Элчано а хьарам мел динчу хIуманехь зен алсам ду пайданал». .«كل ما حرمه الله ورسوله فضرره أعظم من نفعه» МажмуIул-фатава, 35/171. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||