Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш». 📕 МинхIажус-суннахI, 4/482. ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а!
|
|
||
|
Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Куьйгаца тIом беш ма-хиллара, доIанца а хуьлу тIом беш». 📕 МинхIажус-суннахI, 4/482. ГIийлонехь болчу шайн вежаршна гIо де, доIанца дай а! Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Дукхах болу нахана таIзар гуш долчу хIуманашкахь бен ца хуьлу моьтту – догIмашкахь, даьхнешкахь я доьзалашкахь хуьлийла и. Ма-дарра аьлча-м, деганаш цомгуш а, телхина а хиларна долу таIзар, цу гуш долчу хIуманашкахьчул чIогIох а, доккхох а ду». 📕 Ахькаму минал-Къуръанил-карийм, 1/87. Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Велларг — шена чуьра са арадаьлларг вац, ткъа велларг — Далла хьалхахь шена тIехь долу декхарш хIун ду ца хуург ву». 📙 ат-ТазкирахI, 18. Цхьана стага МуIазан кIант Яхья волчехь хIара аят дешна хилла: «Аша-шимма ала цуьнга (ФирIовне) кIеда дош». ТIаккха Яхьяс велха а вилхина аьлла: Сан Дела! «Со дела ву» бохучуьнца хьо оццул къинхетаме, кIеда-мерза хилча, ткъа «Сан Дела Хьо ву» бохчуьнца хьо мел къинхетаме хир ву?! «Со ву шун уггаре а лекхара, веза, сийлахь дела» бохучуьнца Хьо […] Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Сайн умматна хало хиларна ца кхерахьара, хIора ламазал хьалха сивак хьакха аьлла омра дийра ма дара ас цаьрга». Муслим 252. Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 13-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-13_dars-2.mp3 Iáиша бинт Абу Бакр — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 22.12.2017) — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/1aisha_bint_Abu_Bakr_22.12.2017.mp3 Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 13-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/mott/2-13_dars-1.mp3 Беркате рицкъ ахь хьанал даьккхинарг ду, нах Iехош, хIилланца даьккхинарг дац. Барт хоттучу Дийнахь ураттал хьайн дена-нанна, я хьайн доьзалхочунна цхьа а дика дала ницкъ кхочур бац хьан. Амма, хьайна ца везаш хилла волчу а, тIаьхьашха луьйш гIийбат диначунна а, я айхьа зулам дина хилла волчу стагана-м дIалур ду ахь хьайн диканаш. Дикка ойла елахь цу белхан! |
||
|
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||