button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Юьхь тIе тоха мегаш дац

АллахIан элчано (ﷺ) аьлла: «Шух цхьамма (тохаз а ца ваьлла) тухуш хилахь, юьхь тIе тохарх ларлойла». Сунан Абу Давуд, 4493.

Хьарам даьхни

Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Адамана хьарам долу цхьа дирхIам (сом) Iаддитар гIоли ма ду, бIе эзар дирхIам сагIина лучул». ЖавáхIирул-Iилмми, 5/1125.

Новкъа хIума кхоссар къа ду

Шайх ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Новкъара хIума дIаяккхар сагIа хилча, новкъарло йийра йолу хIума новкъа кхоссар а (жима) къа ду». Шархь риядус-салихьийн, 3/37.

Абу IабдуллахI: Билггала волу мостагI 13-гIа дакъа (14.12.2018).

Билггала волу мостагI 13-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 14.12.2018) — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Bilggala_volu_mostag1-13_14.12.2018.mp3

Дена-нанна дика хиларх ду цаьршинна тIера сагIа даккхар

Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Шен дена-нанна дика дан луучо, цаьршинна тIера сагIа доккхийла. Бакъдолуш, сагIа велла чунна дIа а кхочу, цунах цунна пайда а хуьлу, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам а бац». Шархь сахьихь Муслим, 1/89.

Элчанна (ﷺ) тIаьхьавазар

Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Элчанна (ﷺ) тIаьхьа а ца возуш, шена АллахI веза мел бохург, харц луьйш ву». МажмуIул-фатава, 8/360.

Ахьмад Хьамза: Маж дIаяшар а, и яц яр а хьокъехь Iеламнехан къамел

Маж дIаяшар а, и яц яр а хьокъехь Iеламнехан къамел — скачать http://islamanserlo.net/audiosh/ahmad/Maj.mp3