Мархийн тIаьхьарчу итт денчохь Iибадат совдаккхар (Рузбан хьехам, 24.05.2019) — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Marhiyn_t1aharchu_10_denchoh_1ibadat_sovdakkhar_24.05.2019.mp3
|
|
||
|
Мархийн тIаьхьарчу итт денчохь Iибадат совдаккхар (Рузбан хьехам, 24.05.2019) — скачать http://www.islamanserlo.net/audiosh/abu_abdullah/Marhiyn_t1aharchu_10_denchoh_1ibadat_sovdakkhar_24.05.2019.mp3 Къийсадаларехь болу бохам Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам). ТIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо хилар а бахьана долуш?! Шайх Мухьаммад Сáлихь ал-Мунажжид Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «СагIано тамашийна Iаткъам бо тIера ба́ла дIаайбарехь а, бахана бIаьрг дIабаккхарехь а, хьагI йолчуьн вон юхатохарехь а». Бада́иIул-фава́ид 2/234 Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гIо дар, Ислам-динан гIиллакхех цхьа гIиллакх ду». МажмуIул фатава, 25/298. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Марханаш уггаре дика кхобуш берш — шайн марханашкахь АллахI (Сийлахь-Веза ву И), дукха хьехош берш бу». ал-Вабил ас-Саййиб, 152. АсмаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), дуьйцу: «Со Маккахь а волуш мархийн бутт тIебеара. ТIаккха со ТIáифе ваха аравелира, Маккахь йолчу йовхонах ведда. Со новкъаваьлла воьдуш а волуш, цхьа акха Iарби дуьхьалакхийтира суна. Ас хаьттира цуьнга: «Хьо стенга воьду» — аьлла? Цо элира: «Беркатечу Макка воьду со, беркате мархийн бутт цигахь кхабархьама». Ас хаьттира цуьнга: […] |
||
|
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||