button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ойла еш Къуръан дешар

Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Суннат Iибадатех уггаре а чIогIа АллахI воьзуьйтуш долу Iибадат — Къуръан дешар ду, къаьсттина ойла а еш (и дешар)». أعظم ما تحصل به محبة الله من النوافل :تلاوة القرآن، وخصوصا مع التدبر Мажмуlур-расáил, 4/87.

Ислам дин

«Ислам дин — доккха ниIмат ду, нагахь вай цунах кхеташ делахь!ИбрахIим пайхамара шен дена и ниIмат хиларе сатийсина, Нухь пайхамара шен кIантана и хиларе сатийсина, Мухьаммад пайхамара (ﷺ) шен девешина и ниIмат хиларе сатийсина.Ткъа АллахIа, вай дехна а доццушехь, я и хиларе сатийсина а доццушехь делла вайна и ниIмат». «Баккъалла а, АллахI адамашца Комаьрша […]

Лай шен Далла уггаре а герга хуьлу меттиг

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Лай шен Далла уггаре а герга, сужудехь волуш хуьлу. Ткъа (цу сужудехь) дуккха а доIанаш дойла аша». Муслим, 482.