ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд.
|
|
||
|
ХIокху Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт дийнахь алсам такбир дар суннат ду. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Лá илáхIа иллаллóхI. АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, ва лиллáхIил-хьамд. Имам Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къинойх ларлолаш, бакъдолуш, цара къинхетам бечу (езачу) хенашкахь гечдарах воккху шуна». «احذروا المعاصي، فإنها تحرم المغفرة في مواسم الرحمة». ЛатIаа́ифул-маIаа́риф, 295. АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: «Дуьненан уггаре деза денош — (Зул-Хьижжат беттан хьалхара) итт де ду». «أفضلُ أيامِ الدُّنْيا أيامُ العَشْرِ». Сахьихьул-Жа́миI, 1133. «Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де дийнахь-буса Iибадат деш даккхар, жихIадал а деза ду, нагахь санна шен са а, шен даьхни дIа а луш и дIакхелхина вацахь». «وَاسْتِيعَابُ عَشْرِ ذِي الْحِجَّةِ بِالْعِبَادَةِ لَيْلًا وَنَهَارًا أَفْضَلُ مِنْ جِهَادٍ لَمْ يَذْهَبْ فِيهِ نَفْسُهُ وَمَالُهُ». Ибн Таймийя — ал-Фатáвá ал-кубрá, 5/342. «Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт денчохь дина АллахIа Муса пайхамарга къамел, Ислам дин а царна чохь кхочуш дина, цу итт денца АллахIа дуй а биъна. Кхечу деношкахь динчул а деза ду царна чохь дина Iибадат, къаьсттина такбир дар а, марха кхабар а. Ткъа Iарафат де, шеран уггаре а деза де а ду». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий «Рамадан баттахь кхабаз дисина долу марханаш, Зул-Хьижжат беттан хьалхарчу итт дийнахь кхабар дика ду. Цу деношкахь уьш кхобучунна, доькхуш марханаш кхабарна а, Зул-Хьижжатан итт марха кхабарна а ял хиларе сатийсам а бу». Iумар Ибн ал-ХаттIáба (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Рамадан беттан дисина марханаш доькхуш кхаба, хIокху итт дийнал а дукха дезаш денош ма дац […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||