button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

21. Ламазехь сих-сиха вицваларан бахьана

КIант вина я йоI йина — олий ца хоттура цара

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) шен гергарчарех цхьанна бе́р дича, «КIант вина я йоI йина?» — олий, ца хоттура. Амма, цо хоттура: «Могуш а долуш даьллий и дуьненчу?» — олий. Ткъа шега «хIаъ» аьлла жоп делча, цо олура: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Далла».

ал-Адабул-муфрад, 1256.

20. Маса дуй къарбина хууш цахилча хIун дан деза?

Дог нуьре дечу бахьанех цхьадерг

Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиношна генаваларо а, шен бала боцург Iаддитаро а дог нуьре до (нийсонна а, бакъонна а тIенисво)».

اجتِنَابُ المَعَاصِي وَتَرْكُ مَا لاَ يَعْنِيْكَ يُنَوِّرُ القَلْبَ

Сияру аIла́ми ан-Нубала́ъ, 10/98.

19. ГIийбатан къинах дIа муха цIанвала веза?

Варийлаш, гIийбатах ларлолаш

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (РахьимахIуллахI) аьлла: «Варийлаш, гIийбатах ларлолаш! Со Шен керахь волчу АллахIах дуй ма буу ас, цIаро дечиг дагочул а сиха ягайой дIа ма йоху цо дика Iамалш».

قال الحسن البصري رحمه الله: إياكم والغيبة، والذي نفسي بيده، لهي أسرع في الحسنات من النار في الحطب

ал-ГIийбату ван-намима, 163.

АллахIах тешар гIийла хилар бахьана

Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

 «ХIай, Адаман воI! Бакъдолуш, хьан (АллахIах) тешар гIийла хилар бахьана, АллахIан керахь долчу хIуманал а, хьайн керахь долчу хIуманах хьо алсам тешаш хилар ду (Сийлахь-Веза ву И)».

МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 1/36.

18. Жималлехь динчу къолах дIа муха цIанвала веза?

17. Зина динчуьнан тоба къобал дийр дуй?!

Сурат Áли-Iимран 33-39 аят — Ахьмад Хьамза (РахьимахIуллахI).

5-гIа дарс: Сурат Áли-Iимран 33-39 аят (Тафсирул-Жалалайн). — скачать