button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

2. Пайхамар везар — Абу IабдуллахI

Пайхамар (ﷺ) везаран нийса некъ 2-гIа дакъа — скачать

7. Ахь сагIина мел делларг, АллахIа меттахIоттор ду хьан

1. Пайхамар везар — Абу IабдуллахI

Пайхамар (ﷺ) везаран нийса некъ 1-ра дакъа — скачать

6. Хьо ирсе вийр волу Iибадат девзий хьуна?

Доьзалхочо йина йолу Iамалах мел дена-нанна кхочуш бу

«Делах кхоьруш волу дикачу доьзалхочо еш йолу дика Iамалийн ме́л, цунна санна цуьнан дена-нанна а хуьлуш бу, цуьнан ме́лах хIумма а эша а ца деш. ХIунда аьлча, и доьзалхо царшимма къахьоьгуш кхиийна волун дела».

Шайх Мухаммад Насуруддин ал-Албаний

Цкъа а ойла йиний ахь?

Ялсаманин охIлунах лаьцна АллахIа хIоттийна долчу суьртан цкъа а ойла йиний ахь?

«МагIаршкахь дIахIиттийначу маьнгеш тIехь дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ат-ТIу́р, 20 аят.

«Чухула ездари тесна долчу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш…». Сурат ар-Рохьма́н, 54 аят.

«Баьццарачу гIайбанашна тIе кортош а дехкина, тIеххазачу гоьнашна тIе дIатевжина хир бу уьш». Сурат ар-Рохьма́н, 76 аят.

«Вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина, дIатийжина хир бу уьш». Сурат ал-Ва́къиIа, 16 аят.

Тахана дуьненчохь (дика Iамалш еш) кIадло хьо, ялсамани чохь дIатевжина садоIуш Iархьама.

Шайх Ахьмад Iиса ал-МаIсаравий

5. Гергарло хедочуьнца и муха лелор ду?

АллахIаца йолу дог-ойла

«Массо хIуманехь а, Делаца йолу хьайн дог-ойла дика хилийталахь. АллахIаца вон дог-ойла хилар мунепикъийн куьцашха куц ду хьуна».

«وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا»

«…Вон ойланаш йир аша, хIаллакьхилла нах дара шу». Сурат ал-Фатхь, 12 аят.

Меттиго хьайна дуьхьала тешалла дарх ларлолахь!

Цхьаболчу Iелимнаха аьлла:

«Цхьана меттигехь АллахIана Iеса хуьлуш ахь къа латийнехь, цу меттигехь АллахIана муьтIахь хуьлуш а дика Iамал е ахь; (астагIфируллахI бохуш) Деле гечдар доьхийла ахь я АллахI хьехавойла ахь я муьлхха а дика Iамал йойла ахь. Цу меттиго хьуна дуьхьала тешалла ма-дарра, хьоьгахьа а тешалла дийр ду хьуна цо».

4. Гечдеш волу Паччахье товжарал хаза хIун хир ду?!