|
|||||
Имам Ахьмад Ибн Хьанбале хаьттина хилла: «ХIай Имам! Дегнаш хIун дича кIадло?». Имама жоп делла: «Юург-мерг хьанал хилча кIадло» — аьлла. Хьилятул-авлияъ, 9/182. Риядус-салихьийн: 34- Зударшца дика хилар дуьйцу дакъа 3-гIа дакъа — скачать 33 — Сурат Аль-Ахьзáб Къинхетаме а, къинхéтам беш а волчу АллáхIан цIарца. 1. Х1ай, пайхамар! Аллах1ах кхéра, хьо муьт1ахь ма хила [Дéлах] цатéшачарна а, мунéпикъашна а. Баккъал а, Аллах1 [массо а х1ума] хуург, хьéкъалениг ву. Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, да́зо́нах* ларлолахь! Бакъдолуш, иза иблисан уггаре а доккха эскар ду хьуна». Cайдул-ха́тIир, 179. ———— Билггала волу мостагI 4-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 05.10.2018) — скачать Анас Ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (ﷺ), берашка салам алуш тIехвелира царна» — аьлла. Сахьихь Муслим, 2168. Риядус-салихьийн: 34- Зударшца дика хилар дуьйцу дакъа 2-гIа дакъа — скачать Цхьа стаг IабдуллахI Ибн Мубаракан тIе а веана, шен кIанта аьлларг ца до шена бохуш арз деш хилла. ТIаккха Ибн Мубарака хаьттина цуьнга: «Цунна вон доIа* диний ахь?» — аьлла. Стага аьлла: «ХIаъ, дина». ТIаккха Ибн Мубарака аьлла: «Хьада дIавало, айхьа талхийна ахь иза». *Вон доIа — иза дайша-наноша шайн доьзалхочунна дуьхкуш долу сардамаш ду. Масала: «Дала хIаллакьвойла хьо, маьрша ма лелийла хьо, са хуьленга ма волийла хьо», кхин а масне ду уьш, вайн къомана юкъахь матте а дирзина, къаьсттина дайша-наноша оьгIузбаханчахь олуш долу. |
|||||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |