button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

33 — Сурат Ал-Ахьзáб

33 — Сурат Аль-Ахьзáб
[Тόбанаш][Маккахь доьссина, 73 аят ду]

Къинхетаме а, къинхéтам беш а волчу АллáхIан цIарца.

1. Х1ай, пайхамар! Аллах1ах кхéра, хьо муьт1ахь ма хила [Дéлах] цатéшачарна а, мунéпикъашна а. Баккъал а, Аллах1 [массо а х1ума] хуург, хьéкъалениг ву.
2. Хьо т1аьхьах1отта хьан Дéлера хьайга хьоьхучунна [Къуръáнна]. Баккъал а, Аллах1 хууш ву аша дийриг.
3. Аллах1ана т1етовжа [хьан г1уллакхехь]. Аллах1 тоьар ву [хьуна] векал [1уналхо].

4. Аллах1а ца дина стагана шен кийрахь ши дог. Цо ца бина шун зударий – аша [шайн нáнойн баккъашха тарбарца шайна] шаьш хьáрам бийриш – шун нáной. Цо ца бина аша [дай х1иттина] шайн дόлабаьхнарш шун к1ентий. И [деккъа] шайн батошца шун áлар ду. Аллах1а бакъдерг όлу, Цо нийсачу новкъа воккху.
5. Аша кхайкха [бехка] уьш [дόлабаьхнарш] шайн дайшка [цéран ц1ерашца], и нийса [г1оли хир] ду Аллах1ана гергахь. Ткъа шуна цéран дай ца бовзахь, динехь шун вежарий а, шун гергарниш а бу [уьш]. Шуна т1ехь къа дац, шу [ца хууш] шéца г1áлатдевлачунна. Амма шун дегнашна лиъначунна [къа ду шуна]. Аллах1 гечдеш, къинхетаме ву.
6. Пайхамар хьакъ [къинхéтаме] ву муъма нáхаца – цáрал [шайл] а. Цуьнан зударий – цéран [муъма нéхан] нáной [лόруш] бу. Гергарниш – цáрах цхьаберш вýкхáрах [вовшех ирс эцарехь] хьакъ бу Аллах1ан жайнахь, [кхиболчу] муъма нáхал а, махках бевллачáрал [мух1áжарел] а. Ашa шайна уллорчарна [бéзачарна весет дарца] дика дар дόцург. [Аллах1ан] жайнахь д1аяздина дара и.
7. Óха ийцира пайхамаршкара цéран ч1áг1όнаш: хьоьгара а, Нýхьéра а, Ибрáх1имера а, Мýсáгара а, Мареман к1антера 1ийсáгара а. Ийцира Оха цаьргара йоккха [шόга] ч1áг1о.
8. Бакълоьчаьрга [элчанашка] хáттархьама [дин д1акхáчадарехь] цéран бакълéрах. Цо кечдина [Шех] цатéшачарна лазош [долу] 1áзап.
9. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! Ашa хьахаде шайна т1ера Аллах1ан зовкх. Шуна [т1елата керста] эскарш даьхкинчу хéнахь Оха царна т1етесира [шийла] мох а, [малийкин] эскарш а, шуна шаьш гина дόцу. Аллах1 вара ашa дийриг [лéлόриг] гуш.
10. Уьш [керстанаш] шуна т1ебаьхкира шун т1ехула а, шун к1елхула а, [ткъа шун] б1аьргаш [мостаг1чун áг1ор доьхна] к1елд1ахула [гόма] хьаьжира, дегнаш [кхéраделла] къамкъаргашка кхéчира, Аллах1ах цхьацца [шéконан] хéтадаларш хéта дуьйладелира шуна.
11. Эццахь зийра [Óха] муъма нах. Бéгийра [ластийра] уьш ч1όг1а бéгόрах.
12. Мунéпикъаша а, шайн дегнаш чохь цамгар йолчáра а όлура: «Аллах1а а, Цуьнан Элчано а вайна [г1одарца] ч1áг1о ма ца йина [вай] 1éхош [лéдеш] бен».
13. Цáрах цхьана тόбано элира: «Х1ай, Ясрибан бáхархой! Шуна [синтем хир болу] меттиг яц [кхузарниг], юхадерза [шайн ц1а]! «Цáрах цхьана тόбано пайхамаре [д1абаха] пурба доьху, шаьш όлуш: «Тхан х1усамаш ларъяза [1уналла дόцуш йисна] ю». Уьш ма яц ларъяза. Уьш лууш [ма] бац [т1амах] бовдар бен.
14. [Ткъа] царна [мунепикъашна, мостаг1ий] чýбáлийна цуьнан [Ясриб шахьаран] йисташкахула [áг1όнашкахула], т1аккха [мостаг1о] цаьрга [керста хиларан] питана дехча, и дийр ма дара цáра. Уьш лаьттара ма бáцара цу чохь к1еззиг бен.
15. [Дéлόра] бакъдолуш, Аллах1ана ч1áг1о йина бара уьш [цул] хьалха, [эшна] т1éхьéнаш ерзор яц [довдур дац аьлла]. Аллах1ан [йина] ч1áг1о [кхόчушъярх] жоп доьхур долуш ю.
16. Ахь [цаьрга] áла: «[Нагахь] шу даларх я дайъарх девддехь, [шун] довдаро шуна банне а пайда бийр ма бац [шу дала хан кхаьччехь]. [Ткъа хан ца кхаьчнехь] т1аккха [шайна йисинчу хенахь] к1еззиг бен зовкх хьоьгур дац аша».
17. Ахь áла: «Мила ву иза Аллах1ах ша шу лардийр дерг, шуна цхьа вон [дан] Цунна лиъча я шух къинхéтам бан Цунна лиъча [И сацон верг]?» Аллах1 вόцург [шайна пайда бан цхьá] вéрас [1уналхо] карор вац цáрна, [карор] вац [цхьа] г1оьнча.
18. Бакъдолуш, Аллах1ана бевза шух новкъарло йийриш [кхиберш г1áзόтах юхабеттарш] а, шайн вежаршка [шаьш] όлурш а: «Схьадуьйла тхо долчу!» Ца бόг1у уьш [шуьца] т1аме к1еззиг [шаьш гайтарна] бен.
19. Шуна [г1одарна] сутара [б1аьрмециг] болуш. Ткъа [и] кхéрам [шайна] беъча, хьуна го уьш [кхéрабелла] хьайга хьоьжуш, шайн б1аьргаш хьийзаш [д1асауьдуш], ша [б1áгор беана] валарна охьавýжург санна. Ткъа [и т1еман] кхéрам д1абаьлча, [шайн] ирачу меттанашца шуна 1иттарш [чевнаш] йо цáра, диканна [х1онсана] сутара болуш. Уьш – [баккъал] тешна бац. [Цундела] Аллах1а эрна яйъина цéран 1амалш. Аллах1ана áтта дара и [дар].
20. [Керста] тόбанаш д1а ца яхна [аьлла] хéта цáрна. Ткъа [и] тόбанаш [юха а] яг1ахь, царна луур дара, баккъал а, шаьш эрна [г1ум] áрахь кхерстачáрах хила, шун хабарш хоьттуш. Уьш шуьца [цхьаьна] хиллехь а, цáра т1ом бийр бáцара к1еззиг [эхьана] бен.
21. [Дéлόра] бакъдолуш, Аллах1ан Элчанехь [эца] дика масал [ма] дара шуна а, ша Аллах1е [Цуьнан дикане] а, т1аьххьарчу [Къемат] дийне а догдохучунна а, Аллах1 дукха хьехийначунна а.
22. Муъма нáха [шайна керста] тόбанаш гинчу хéнахь элира: «Х1ара ду-кх и Аллах1а а, Цуьнан Элчано а [вайна] ч1áг1о йинарг. Бакълийна Аллах1 а, Цуьнан Элча а». Цо уьш сов ца бéхира тéшамца а , муьт1ахьаллийца а бен.
23. Муъма нáхах [цхьа] къόнахий бу, шаьш [сόбарца] бакъйина Аллах1ана шаьш йина ч1áг1о, цáрах ву шен [1όжаллин] хан текхнарг а, цáрах ву ша [цуьнга] хьоьжург а, [амма] цáра ца хийцира [шайн ч1áг1о] хийццане а.
24. Аллах1а бакълуьйчарна, цéран бакълерна [диканца] бéкхам бан а, мунéпикъашна 1áзап дан а, Шéна лаахь, я царна [дохкобовлахь] къинт1ервáла а. Баккъал а, Аллах1 [дохковаьллачуна] гечдеш, къинхетам беш ву.
25. Аллах1а юхатуьйхира [берзийра] шаьш [Дéлах] цатешнарш шайн дéраллица, дикане ца кхаьчна [аьтто ца хилла]. Аллах1а хьалхабéхира муъма нах т1амах. Аллах1 нуьцкъала, сийлахь ву.
26. Цо биссийра, жайнин ох1ланах шаьш царна г1одинарш, шайн ч1áг1όнашкара [г1éпашкара], Цо тесира цéран дегнаш чу кхéрам; цхьаберш аша бойъуш, цхьаберш йийсар беш.
27. Цо [ирсана] делира шуна цéран латта а, цéран керташ а, цéран бáхамаш а, аша [хьалха] хьаьшна дόцу латта а. Аллах1 массо а х1уманна т1ехь ницкъберг ву.
28. Х1ай, пайхамар! Хьан зударшка áла: «[Нагахь] шу делахь дунéнан дáхар а, цуьнан хазалла а éзаш, схьадуьйла ас шуна [дитарца] там бина, шу хаза [г1иллакхца] парг1ат [маьрша] дόхур ду.
29. [Амма] шу вéзаш делахь Аллах1 а, Цуьнан Элча а, т1аьххьара [ялсамани] х1усам а, баккъал а, Аллах1а кечйина шуьх дика дечарна [сийлахь] йоккха ял».
30. Х1ай, пайхамаран зударий! Шуьх билггал ирчаниг [дáстамéниг] дийриг [милла елахь], цунна 1áзап [кхечул] шалха сов [áлсам] доккхур ду. Аллах1ана áтта ду и.
31. Ткъа шуьх Аллах1ана а, Цуьнан Элчанна а муьт1ахь ерг а, дика дийриг а, Оха шозза ял лур ю цунна. Оха кечдина цунна [ялсаманехь] лéраме [аьхна] рицкъа.
32. Х1ай, пайхамаран зударий! Шу дац [жоьпаллехь] кхин [болу] зударий санна. Шаьш [Дéлах] кхéрахь, шу ма хила [хийрачу бόжаршца] дашца к1éда, [т1аккха] шен даг чохь цамгар йолчо [дáстамéчуьнга] дог [ца] дáха [мега]. Аша áла [диканца] девза [хаза] дош.
33. Совца шайн х1усамашкахь, шу ма кечло хьалхалéра [дин дόцу] сонталлин [зáманан зударий санна] кечдаларх, лáмаз [х1отта] де, закат ло, муьт1ахь хила Аллах1ана а, Цуьнан Элчанна а. Баккъал а, Аллах1ана лаьа шуьх [къинойн] боьхалла д1атило [д1аяккха, х1ай, Элчанан] ц1ийнан нах, шу [къинойх] ц1андарх [ч1όг1а] ц1андан а.
34. Аша дагадаийта шайн х1усамашкахь Аллах1ан áятех а, [суннатан] хьекъалх а доьшург. Баккъал а, Аллах1 [шуьца] к1éда-мерза, [шун хьал] хууш [девзаш] ву.
35. Баккъал а, бусулба стегарий а, бусулба зударий а, муъма стегарий а, муъма здарий а, [Дáлла] муьт1ахь [болу] стегарий а, муьт1ахь [болу] зударий а, бакълоь стегарий а, бакълоь зударий а, сόбаре стегарий а, сόбаре зударий а, [Дáлла] хьастабелла стегарий а, хьастабелла зударий а, сáг1ане [болу] стегарий а, сáг1ане зударий а, мáрхане стегарий а, мáрхане зударий а, шайн бехкен [эвхьен] меттигаш [хьáрамчух] ларъен стегарий а, [уьш] ларъен зударий а, Аллах1 шортта [дуккха] хьéхаво стегарий а, [Иза] хьéхаво зударий а, Аллах1а царна кечдина гечдар а, [сийлахь] йоккха ял а.
36. Дац муъма стеган а, муъма зудчун а Аллах1а а, Цуьнан Элчано а [цхьана] белхан кхиэл йича, [оцу] шайн балхах шайн [цхьа] харжам хилар. Ткъа ша Аллах1ана а, Цуьнан Элчанна а 1éсаверг, бакъдолуш, билггалчу тиларца тилавелла иза.
37. Аллах1а шéна [ийманца] зовкх деллачуьнга а, айхьа шена [маьрша ваккхарца] дика болх бинчуьнга а ахь áла: «[Хьайн] дόлахь йита хьан зуда, Аллах1ах кхéра!» Хьан кийрахь хьулдеш Аллах1а ша гучудоккхур дерг, нáхах кхоьруш, Аллах1 ма ву [ткъа] хьо Шех кхéра т1ех хьакъверг. Зайдас цуьнах [шен] хьашто кхόчушйинчул т1аьхьа Оха ялийра иза хьуна, муъма нáхана гатто [къа] ца хилийтархьама [дай х1иттина] шайн дόлабаьхначéранзударшкахь [уьш бáлабарехь], цáрах шаьш хьашто кхόчушйича. Аллах1ан омра сецна [кхόчушдина] ду.
38. Пайхамарна т1ехь [цхьа а] къа дац Аллах1а шéна т1едиллинчуьнгахь [магийначуьнгахь]. Аллах1ан лáмаст ду и хьалха баханчаьргахь лелла. Аллах1ан омра сецна [яьлла] кхиэл ю.
39. Шаьш Аллах1ан д1ахаийтарш [косташ халкъе] кхайкхош болу, Цуьнах кхоьруш, Аллах1 вόцчух цхьаннах а ца кхоьруш. Аллах1 тоьар ву хьéсапхо.
40. Мухьаммад ца хилла шун бόжарех цхьаьннан а да. Амма Аллах1ан Элча а, пайхамарийн мух1ар а [дара иза]. Аллах1 ву массо а х1ума девзаш.
41. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! Аллах1 хьахаве аша хьахόрах а дукха.
42. Ц1анве [вазве] Иза 1уьйранна а, суьйранна а.
43. Иза ву Ша шуьх къинхетам беш, Цуьнан малийкаш а [ду шу доьхуш], шу áрадáхархьама [тиларан] бόданашкара [нийсόнан] серлонга. Муъма нáхаца къинхетаме ву Иза.
44. Цéран [вовшашка] мáршалла хáттар Цунна дуьхьал х1уьттучу [Къéмат] дийнахь «Cалам-мáршалла [áлар]» ду. Цо кечйина царна лéраме ял.
45. Х1ай, пайхамар! Баккъал а, Оха [цаьрга] хьажийна хьо [царна т1ехь] теш х1оттош а, кхаъ боккхуш а, кхéрам тосуш а,
46. Аллах1е кхойкхуш а Цуьнан пурбанца, серло лун [нуьре] чиркх [санна] хилла а.
47. Муъма нáхе кхаъ баккха ахь, баккъал а, царна Аллах1ера йоккха комаьршалла [ялсамани хирг] хиларца.
48. Муьт1ахь ма хила [Дéлах] цатешначарна а, мунéпикъашна а, йита [цкъачунна] цéран новкъарло [бéкхамза], Аллах1ана т1етовжа. Аллах1 тоьар ву [хьуна т1етовжа] векал.
49. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! [Нагахь] шаьш муъма зударий бáла а бина, цул т1аьхьа аша уьш битинехь, шаьш цáрах [эвхьаза] хьакхадалале, [т1аккха] шун бац царна т1ехь аша ша багарбан [ларбан бéзаш цхьа] мур. Тáм ло аша царна, хаза парг1ат [маьрша] баха [бита] уьш!»
50. Х1ай, пайхамар! Баккъал а, Оха хьáнал бина [магийна] хьуна хьан зударий а, шайн урдόнаш [тéмаш] ахь д1аделла болу, хьан аьттучо [куьйго] дόладинарш [г1арбаш] а, Аллах1а хьайна [х1онсана] беллачáрах, хьан девешин йоь1арий а, дейижарийн йоь1арий а, нéнавешин йоь1арий а, нéнайижарийн йоь1арий а, шаьш хьоьца махках бевлла болу, [иштта] муъма зуда а, [нагахь] цо шен дег1 пайхамарна [совг1атна] деллехь, пайхамарна лиънехь [урдо дόцуш] иза ялон, еккъа хьуна [магийна и кеп, кхиболчу] муъма нáхана [магийна] йόцуш. Бакъдолуш, Тхуна хиъна Оха царна т1едиллинарг цéран зударшкахь а, цéран аьттучáра дόладинчаьргахь а, хьуна гатто [хало] ца хилийтархьама. Аллах1 гечдеш, къинхетаме ву.
51. Цáрах хьайна луург т1аьхьа а тоттур [ю] ахь [шен буьйса яккхаран рог1ах], хьайна т1еоьцур [т1елόцур] а [ю цáрах] хьайн луург, ткъа айхьа д1акъастийначух хьайна лиънарг [т1елáцар], къа дац хьуна [и лаарехь]. И герга ду цéран б1аьргаш буза а, уьш г1айг1ане ца хила а, шайна массарна а ахь деллачунна уьш рéза хила а. Аллах1ана хаьа шун дегнашкахь дерг. Аллах1 хууш, эсала [сόбаре] ву.
52. Хьуна ца мега [х1окхул] т1аьхьа [кхин сов] зударий, [я] уьш [болуш берш кхéчу] зударшца хийца а, цéран хазалло хьо цецваьккхинехь а, хьан аьттучо дόладинарш [г1арбашаш] бόцурш. Аллах1 ву массо а х1уманан терго еш.
53. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! Шу ма г1о пайхамаран х1усамашка, шайна шуьне [кхáчане дáхка] пурба делча бен, [ткъа чудаьхкича] цуьнан [кийча хиларан] хéне ца хьоьжуш [и лар ца еш]. Амма шаьш кхайкхича, чуг1о. Ткъа шаьш юург йиъча, д1асадаржа [д1аг1о], къамеле дийлар дόцуш. Баккъал а, цо [шу совцаро] пайхамарна новкъарло йо, делахь а, цунна эхь [б1éг1ийла дόцуш] хéта шуьх [шуьга и áла]. Аллах1ана эхь ца хéта бакъдолчух [бакъдерг áла, цундела шуна ца магадо Цо и]. Ткъа шаьш цаьрга [Элчанан зударшка] цхьа х1ума ехнехь, аша [и] éха цаьрга пардонна [дуьхьалонна] т1ехьáхула. И ц1ена [оьзда] ду шун дегнашна а, цéран дегнашна а. Шуна [мегаш] ца хилла Аллах1ан Элчанна новкъарло яр а, ашa цуьнан [цуьнах бисина] зударий бáлор а цул [иза кхелхинчул] т1аьхьа цкъа а. Баккъал а, [аша] и [дар], Аллах1ана гергахь доккха [къа] хилла.
54. Ашa [цхьа] х1ума гучадаьккхича а я аша и хьулдича а, баккъал а, Аллах1 массо а х1ума хууш [девзаш] ву.
55. Къа дац царна [бистхила, пардо дόцуш ган] шайн дайшкахь а, шайн к1енташкахь а, шайн вежаршкахь а, шайн вежарийн к1енташкахь а, шайн йижарийн к1енташкахь а, шайн [чуьра бусулба] зударшкахь а, цéран аьттучáра дόладинчаьргахь [г1арбашкахь] а. [Шу] Аллах1ах кхéралаш [х1ай, Элчанан зударий]. Баккъал а, Аллах1 массо а х1уманна [т1ехь] теш ву [шуна].
56. Баккъал а, Аллах1а а [хестош], Цуьнан малийкаша а [воьхуш] салот дуьллу пайхамарна. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш салот дилла цунна, [мáшаран] салам ло.
57. Баккъал а, шаьш Аллах1ана а, Цуьнан Элчанна а новкъарло [вас] йийриш, Аллах1а не1алт аьлла царна дуьненахь а, эхартахь а, Цо кечдина царна сийсазбеш [долу] 1áзап.
58. Шаьш муъма стегаршн а, муъма зударшна а новкъарло [вас] йийриш [луьйш берш], цáра [гул] дина дόцучуьнца, цáра яьхьна [т1елаьцна] харцо [эладита] а, билггал [долу] къа а.
59. Х1ай, пайхамар! Áла хьан зударшка а, хьан йоь1аршка а, муъма нéхан зударшка а шайна т1е шайн éха бедарш [корталеш] όза [юха]. И герга ду уьш [кхéчáрах оьздангаллица] бовза а, т1аккха [цхьаммо] сийсаз ца бан а. Аллах1 [д1адаханчунна]гечдеш, [т1аьхьалонна] къинхетам беш ву.
60. [Дéлόра] мунéпикъаш а, шайн дегнашкахь [дастамаллин] цамгар ерш а, Мединатахь харцхабарш [эладитанаш] даржόраш а ца совцахь, Оха хьо царна т1етосур [т1ехоьцур] ма ву, цул т1аьхьа хьоьца цу [Мединат] чохь лýлахь бéхар ма бац уьш к1еззиг бен.
61. [Шайна] не1алт хилла. Уьш миччахьа карабахь [хилахь] а лоьцур бу, къиза бойъур [болуш] бу.
62. Аллах1ан лáмаст ду и хьалха д1абаханчаьргахь а [ша] лелла [долу]. Хьуна каронне а карор ма дац Аллах1ан лáмастна хийцар.
63. Нáха хоьтту хьоьга [Къемат де х1оттаран] сахьтах [лаьцна]. Ахь áла: «Баккъал а, цуьнах дерг хаар Аллах1ан гергахь [дόлахь] ду». Хьоьга [и] стен хоуьйтур ду?! [И] сахьт герга хила а ма тарло.
64. Баккъал а, Аллах1а [Шех] цатéшначарна не1алт аьлла, царна [жоьжахатин] ц1еран áлу кечйина.
65. [Шаьш] гуттар а абадéна цу чохь [лаьттар] болуш. Цáрна карор вац [шаьш цуьнах лардан цхьа] вéрас [1уналхо] а, [и юхатόха] г1оьнча а.
66. Шайн яххьаш ц1ерга хьийзочу дийнахь цáра [дагахьбалламца] эр ду: «[Байтамал-я1] Аллах1ана муьт1ахь хилла делар-кха тхо, Элчанна муьт1ахь хилла делар-кха тхо».
67. Цáра элира: «Х1ай, тхан Дéла! Баккъал а, тхо муьт1ахь хилира тхан элашна а, тхан тхьамдашна [баьччанашна] а, ткъа цáра тилийра тхо [нийсачу] некъах.
68. Х1ай, тхан Дéла! Лόхьа царна шалха 1áзап, áлахьа царна доккха не1алт».
69. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! Шу ма хила шаьш Мýсáна [харцо кхолларца] вас [новкъарло] йинарш санна, Аллах1а ц1анвира иза, цáра аьллачух. Иза вара Аллах1ана гергахь лераме [сийлахь].
70. Х1ай, шаьш [Дéлах] тешнарш! Аллах1ах кхéра, нийса [бакъόнан] дош áла!
71. [Т1аккха] Цо шун 1амалш тόйийр [къобалйийр ма] ю, шун къиношна гечдийр [ма] ду шуна. Ткъа ша Аллах1ана а, Цуьнан Элчанна а муьт1ахь верг, бакъдолуш, боккхачу тόламца тоьлла.
72. Баккъал а, Оха кховдийра тéшам [амáнат] стигланашка а, лаьтте а, лаьмнашка а, амма юхакхийтира уьш и д1абахьарх, кхийрира уьш цуьнах, т1аккха [шéга кховдийча] д1абаьхьира [т1елéцира] и адамо. Баккъал а, иза хилла [шéна] зуламе, [и йовзарх] сонта а.
73. Аллах1а [и áманат кховдийра Ша] 1áзап далархьама мунéпикъ стегаршна а, мунéпикъ зударшна а, [Дáлла] декъаховечу стегаршна а, декъахо вечу зударшна а. Аллах1 къинт1ервáлархьама муъма стегаршна а, муъма зударшна а. Аллах1 гечдеш, къинхетаме ву.

04/10/2016

Comments are closed.