|
|
||
|
«وَوَجَدُواْ مَا عَمِلُواْ حَاضِرٗاۗ وَلَا يَظۡلِمُ رَبُّكَ أَحَدٗا». «…(Къемат-дийнахь) Шайна хьалха карор ду царна шаьш лелийна массо а хIума, ткъа хьан Дала цхьанна а харцо йийр яц». Сурат ал-КахIф, 49 аят. Хьан дахар, къемат-дийнахь АллахIана хьалха ахь дIадоьшун долу жайна ду. Цундела, вон автор хиларха ларло хьо! Бакр Ибн IабдуллахI ал-Музанийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Аша къинош дукха летадо, цундела дуккха а гечдар деха шайна. Бакъдолуш, къемат-дийнахь адамна (шен тептар тIехь) хIора шина могIанна юкъахь гечдар дехар карийча, цунах воккхавуьйр ву иза». ат-Тавба, Ибн Аби ад-Дуня, 172. «إِنَّ أَكرَمَكُم عِندَ اللَّهِ أَتقاكُم». «…Баккъалла а, шух АллахIана гергахь уггаре сийлахьниг – (АллахIах) сов кхоьруш верг ву…». ал-Хьужарáт, 13 аят. АллахIан жайнахь цхьа а аят дац, цхьаъ шен тайпа бахьанца хестош а, я шен тайпа бахьанца сийсазвеш а. Мелхо а, муъмин хиларна хестош а, керста, Iеса хиларна сийсазвеш а аяташ ду. Ибн Таймийя — ал-Фатáвá ал-кубрà, 1/164. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||