|
||
https://www.youtube.com/watch?v=Qm2-Li3PBTc Хьекъалчо аьлла: «Нахалахь уггаре вон гIиллакх долуш верг — хьуна ша оьгIаз вахча хьан сийнна тIекхийдаш, хьан къайле яржош, хьоьх доцург дуьйцуш верг ву». ДIатесна, ца лелочу суннатех ду, буьйсанна сурат ал-Ихлас (Къулха) дешар. Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Цхьана буьйсанна Къуръанан кхоалгIа дакъа ца дешалуш шух цхьаъ гIорасиз вуьсур варий?.. «Къул хIуваллохIу ахьад» Къуръанан кхоалгIа дакъа санна ду».
🔸Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Шен баланаш, гIайгIанаш совдевлачо «Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар совдоккхуьйла». МаьIна: «Ницкъ а, гIора а дац, АллахIехь бен». 📕 Зáдул-маIáд, 4/183. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «ГIайгIанаш, баланаш, сингаттамаш шина бахьанаца хуьлу: Хьалхарниг — дуьне чIогIа дезарна а, цунна чIогIа сутар хиларна а. ШолгIаниг — дика Iамалш кIезиг ярна а, Далла муьтIахь хилар лагIдаларна а». 📕 Iуддатус-собирийн, 256. |
||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |