button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 3-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 3-гIа дакъа — скачать

Хьайн бете аьтту куьйга бен ма хьо

Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда царшинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьамма хIума юучу хенахь, шен аьтту куьйга юийла, ткъа (муьлха а молуш йолу хIума) молучу хенахь, шен аьтту куьйга молийла. Бакъдолуш, шайтIано шен аьрру куьйга яа а юу, шен аьрру куьйга мала а молу».

Муслим, 2020.

Х1ай къонах, сама вала!!!

 

Мухьаммад: Боцца хьехам

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 2-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 2-гIа дакъа — скачать

Абу IабдуллахI: Убайй ибн КаIб ал-Хазражий (08.12.2017).

Убайй ибн КаIб ал-Хазражий — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 08.12.2017) — скачать

Ламазехь фатихьат дешар

Iубадат ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Фатихьат (бисмил) а ца доьшуш дина ламаз кхочуш хуьлуш дац».

📕 ал-Бухарий, 756, Муслим, 394.

Беллачарна тIера сагIа даккхар

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Беллачарна тIера даьккхина сагIа царна дIакхочуш ду (цунах мел хуьлу царна), массо бусалба нехан барт а бу цу тIехь».

📕 Жáмиlул-масáил 4/270.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 11-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Ламазехь могIанаш нисдар

Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шайн могIанаш нисде, бакъдолуш могIанаш нисдар – ламаз дуьззина, нийса хиларан бахьанех ду».

📕 ал-Бухарий: 723, Муслим: 433.