button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Iилма даржор

Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Ша веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».

📕 ат-ТазкирахI, 55.

Шен бусалба вешина къайлах доIа даран къайле

Абу Дардáа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана а бусалба лайно шен (бусалба) вешина къайлах, цунна а ца хоуьйтуш доIа ма ца до, малико олуш бен: (Хьуна а хуьлийла изза)». Муслим, 2732.

Толам баьккхинарш

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

وَمَن يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

«АллахIана, Цуьнан элчанна муьтIахь хилларг а, АллахIах (ша летийначу къиношха) кхийринарг, Цуьнах (Делах, къинош ца летош) ларвелларг а — уьш бу уьш тоьлларш».

Сурат «ан-Нур», 52 аят.

ДОГ ТОДАЛАРАН КЪАЙЛЕ

Хьузайф ал-МарIашийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Къайлах, цхьанне а ца гучохь ахь АллахIана Iибадат дахь, хьуна лаахь а, ца лаахь а хьан дог Цо тодийра ду».

📕 Сифатус-сафвахI, 4/270.

32 — Сурат Ассажда

32 — Сýрат Ассажда [Голах1оттар] [Маккахь доьссина ‚ 30 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къихетам беш волчу

1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву цáрех Шéна луург].
2.[х1ара] Жайна доссор , шегахь шéко йόцуш , 1áламашин Дéлера ду .
3.Я цáра όлу :»[шéгара] Кхоьллина [яздина] цо [Мухьаммада] и [Kъуръáн] ?» Мелхό а , и [Kъуръáн] хьан Дéлера [долу] бакъдерг ду , хьоьга шайна хьоьл хьалха кхерамтасархо ца веанчу къόмана кхéрамтасийтархьама [доссийна долу] , уьш нисбала ма тарло . Кхин дIахьажа

Ахьмад Хьамза: Аятан маьIна (Сурат ал-Анфал 1-4 аяташ).

Ша хесто лаар, деган цамгарех цхьа цамгар ю

Имам ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
 
❏ «Нахалахь цхьаверг хуьлу ша наха хестор дезаш, амма АллахIана гергахь чуьркан тIоман мехха а ца хуьлу иза».
 
📕 Хьилятул-авлияъ, 8/255.

31 — Сурат Лукъмáн

31 — Сýрат Лукъмáн
[Маккахь доьссина , 34 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф-лáм-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Цáрех Шéна луург] .
2.Уьш [х1орш] хьéкъалаллéчу жайнан áяташ ду .
3.[и] Нийса некъ а , къинхетам а [бу] дикадечаьрна .
4.Шаьш лáмазаш [х1итта] деш , закат луш , уьш бу уьш эхартах билггала тéшаш берш .  Кхин дIахьажа

Пайде болу безам

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Пайде болу безам кхаа кепара бу: АллахI везар а, АллахIана дуьхьа болу безам а, АллахIана муьтIахь хилар тIехь гIо ден болу безам а».

📕 ИгIáсатул-лухIфáн, 2/853.

Абу IабдуллахI: IaбдуллахI ибн Iaмр (01.12.2017).

IaбдуллахI ибн Iaмр — АллахI реза хуьлда цунна (Рузбан хьехам, 01.11.2017) — скачать