button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Къинош чевнаш ю

Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Къинош чевнаш ю, ткъа цхьайолу чов вуьйш чов хуьлу».

📕 ал-Фавáид, 41.

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 1-ра дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 10-гIа дарс, 1-ра дакъа — скачать

Иблисо тилош берш шена тIаьхьабозуш берш бу

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат «Сόд», 82-83 аят.

АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиъна, Сийлахь-Везачу АллахIах тасавелларг а, Цунна цIеначу даггара (ихласца) муьтIахь хилларг а, Цунна тIе болх буьллуш верг а шега Iехалур воций а, галвакхлур воций а.

📕 ИгIáсатул-лухIфáн, 1/99.

26 — Сурат Ашшу1арáъ

26 — Сурат Ашшу1арáъ [Илланчаш] [Маккахь доьссина ‚ 227 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Т1ó- сúн-мúм [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] .
2.Х1орш — билгалчу [харц-бакъ гучудоккхучу] жайнан [Kъуръáнан] áйаташ ду .
3.Хьо [Мухьаммад] хьан дег1 къиза хьийзош [дуьйш] хила тарло уьш [Дéлах тéшаш] муъманах ца хиларна [г1айг1анна] . Кхин дIахьажа

Абу IабдуллахI: IабдуллахI ибн МасIуд (10.11.2017).

IабдуллахI ибн МасIуд (АллахI реза хуьлда цунна) (Рузбан хьехам, 10.11.2017) — скачать

Iа, атта мéла баккха хан ю

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий.

📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558.

ЙоI йича реза ца хилар, мушрик нехан Iадат хилла

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, шена тIе эхь даийтина Iадйита те ша и (йоI) я лаьттах йоллий йийна дIаяккха те ша и бохуш. Ма вон сацам бу-кх цара бийриг!». Сурат «ан-Нахьл», 58-59 аят.

📕 Тухьфатул-мавдýд, 25 агIо.

Iа — Iибадат дечеран хIонц ю

Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла:

❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю».

📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134.

Хьекъалечу зударшна доккха хьехар

ХIай лераме йиша!
Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга.

Абу IабдуллахI: Доьзалхо дика хуьлуьйтуш долу 15 бахьана (03.11.2017).

Доьзалхо дика хуьлуьйтуш долу 15 бахьана (Рузбан хьехам, 03.11.2017) — скачать