|
АдхIам кIант ИбрахIим (АллахIа къинхетам бойла цунах) Басра олучу шахьаран базара кхаьчна хилла. Цунна тIегулбеллачу наха хаьттина цуьнга: «ХIай Абу Исхьакъ, тхуна хилларг хIун ду-те, АллахIе доIанаш до оха, жоп ма ца ло тхуна»? – аьлла. Кхин дIахьажа
Кхана оршот дийнахь (04.09.2017) суннат марха кхаба воллу ша аьлла, марха кхаба мегар дац, хIунда аьлча, иза гIурбан деношха тIаьххьара де ду. Ткъа хьадисехь деана ду: «…И (гIурбана) денош юу а, молу а денош ду», аьлла. Ан-Насаъий 3004.
17 — Сурат Альисрáъ [Дéхьаваккхар].
[Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду].
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу .
1.Ц1ена ву Шá Шен лай [Мухьаммад] буьйсанна [цхьана муьрехь] «Xьарам» [дихкинчу] маьждигéра «Акъсá» [гéнарчу] маьждиге дéхьаваьккхинарг , шá Оха шéна гóнаха беркат дина долчу , Тхаьш цунна гайтархьама Тхан [яккхийчу] билгалóнашха [инзаре билгалóнаш] . Баккъалла а И [Аллах1] ву Иза хезаш , гуш [верг].
2.Оха делира Мýсáга жайна , Оха дира и [жайна] Исрáилан к1енташна нийса некъ :»Аша ма лáца Со [1адда] витина [кхин] векал [вéрас] , Кхин дIахьажа
«АллахIа кхоьллина долчу хlуманца дуй биъча цунах дуй хуьлуш бац. Масала: «Делан Элчанора», я «Жабраил маликора», я «маликашца дуй буу ас», «Хьаьжин цlинора», я «дайшца дуй буу ас»- аьлла. Иштта, АллахIа кхоьллина долчу муьлхха а хlуманца дуй баар къилахь ду, дика дац иза, цо иштта дуй баахь къа хира ду цунна».
[ал-МуIтамад, дáкъа: 2, агIо: 532].
«Гlурба дийначул тIаьхьа, ша гlурбан урс хьаькхна долчу хьайбан тlера цхьа хIума йохка мегаш дац, жижиг хуьлийла иза, я дум хуьлийла иза, я цIока хуьлийла иза, я маl хуьлийла иза, я тlаргlа хуьлийла иза, цу тIера хlумма а йохка мегар дац».
[ал-МуIтамад, дакъа: 2, агIо: 485].
Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»».
ат-Тирмизий 3585.
Цхьайолу рузман тIехь 1 сентябрь Iарафат де ду оле гойту, иза нийса дац. Iарафат де 31 августехь ду, ткъа 1 сентябрь гIурбан хьалхар де ду ин ша АллахI
16 — Сýрат Аннахьл [Накхармозий]
[Маккахь доьссина ‚ 128 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхéтам беш волчу
1.Аллах1ан омар [герга] деана , аша сих ма дé иза [хéнал хьалха] . Ц1ена ву Иза , лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъахό вечух .
2.Цо диссадо малийкаш Шен омарца [долчу] сица [хьéхамца] цхьана Шен лайшха Шéна луучунна т1е :»Аша д1ахьéдé баккъалла а [кхин] дéла вац , Со бен . Кхéра Соьх» — [áларца].
3.Цо кхоьллина стигланаш а , латтá а бакъонца . Лакхаваьлла Иза цáра [Шéца] дéкъахό вечух .
4.Цо кхоьллина адам [стеган а , зудчун а όраллин] т1адамах , т1аккха [шá анддаьлча] иза [Дáлла] билгала довхό [хилé дуьхьал дόлуш] ду . Кхин дIахьажа
«Айхьа гучахь еш йолу Iамалха хьо тамашбан (воккхавеван) волахь, къайлах еш йолчу Iамалца и цIанъелахь. Бакъдолуш, къайлах еш йолчу Iамало, гучахь еш йолу Iамал цIанйо хьуна!».
Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|