button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

АллахIе бен ма кхайкха

Хьо гIайгIано лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьайна тIе бала беача, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьо сингаттамо хьовзийча, сужуде а гIой Далла герга гIо.
Хьо къелло я декхаро лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо.
 
Шайх Iáид ал-Къарний

Абу IабдуллахI: Iусман ибн Iаффан (21.07.2017).

Iусман ибн Iаффан (Рузбан хьехам, 21.07.2017) — скачать

Дикачех хила

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «Дикачу стагана цхьаьнгара гIалат даьлча хала а хета, цунна хьехар а до. Ткъа вочу стагана хазахетар а хуьлу, цуьнан гIалат Iора а доккху».

ХIума кхоллий ахь?

Суфъян ас-Саврийс аьлла: «Хьо волче хьайн ваша веача, цуьнга «ХIума кхоллий ахь? Юург охьайиллий хьуна?» – бохуш хетта ма хетталахь. Цунна юург хьалха йилла, шена лаахь юур цо, ца яахь, хьалхара дIайоккхур ахь и». МавáIиз 84.

Хьиджаб

Сан бусалба йиша!
Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна,
хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна.

13 — Сурат Арра1д

13 — Сýрат Арра1д [Къовкъар] [Мадийнатахь доьссина ‚ 43 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхéтаме , къинхéтам беш волчу

1.Алиф-лáм-мийм-рá [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] . Х1орш [Дéлан] жайнан áяташ ду . Шá хьан Дéлéра хьоьга доссийнарг — [шéкό йόцуш] бакъдерг ду , делахь а дукхах болу нах [тéшам] ца тéша [и Цуьнгара хиларх].
2.Аллах1 ву Шá стигланаш айъинарг [уьш совцийна] шуна гуш г1ортόраш йόцуш , [Шéца дόг1учу куьцара] «1арша» т1ехь Шá д1анисвелларг . Малх а , бутт а муьт1ахь бина Цо [пайдана , цаьршиннах] х1όр лéлаш ду ц1етоьхначу хáнналц . Цо лéладо [д1акхоьхьу массό а] г1уллакх . Цо билгалдо áяташ . Шун догтешийта шайн Дáлла дуьхьал кхéтарх . Кхин дIахьажа

Цхьана хьенехо хьо цхьа а гIиллакх доцуш стаг ву бахар соьга

«Юкъа мостагIалла долла Iалашо йолуш цхьаьнан къамел кхечуьнга дийцар, уггаре а даккхийчу къинойх къа ду».

ал-Къовлул-муфид Iалакитабит-тавхьид 2/278.

12 — Сурат Юсуф

12 — Сурат Юсуф [Юсуп] [Маккахь доьссина ‚ 111 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф — лáм — рá [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург] . Уьш [х1орш бакъ-харц довзарехь] билгалчу жайнан [Къуръáнан] áяташ ду .
2.Баккъаллá а , Óха доссийна и — Къуръáн 1аьрбийн [маттахь] , шу [цуьнах] кхетийтархьама .
3.Х1ара Къуръáн хьоьга хьéхарца Óха хьоьга дуьйцу [кхи долчу дийцаршех шá вунό] хаза [долу] дийцар , баккъаллá а хьо цул хьалха чидам [тергам] бόцучáрех ма вара . Кхин дIахьажа

Абу IабдуллахI: Корта бахочу хIуманех ларвалар (14.07.2017).

Корта бахочу хIуманех ларвалар (Рузбан хьехам, 14.07.2017) — скачать

11 — Сýрат ХIýд

11 — Сýрат ХIýд
[Маккахь доьссина ‚ 123 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхéтаме , къинхетам беш волчу

1.Алиф-лáм-рá . [х1ара] Жайна ду , шен áяташ [лéрина] ч1аг1дина [нисдина] , т1аккха кхéтамéчунна , хуучунна [говзанчyнна] гергара даьстина ,
2.шоьга Аллах1ана бен 1ибáдат ца дайтийта . Баккъалла а со шуна Цуьнгара [1áзап] д1ахьéдийриг а , [ялца] кхаъ боккхург а ву , Кхин дIахьажа