button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Зул-Хьижжат беттан хьалхара итт де

«Зул-Хьижжат беттан итт дийнал а сийлахьчу дийнахь малх ма ца кхета. Цу деношкахь йина Iамал еза, сийлахь лерина ю (кхечу деношкахь йинчул а). Цу Iамалх уггаре диканиг — ламаз дар, такбир дар (АллахIу акбар бахар), сагIа далар, марха кхабар, хьаж дар ду. Иштта, еза лериначу хенахь йина вон Iамалш а, къилахь совйовлуш ю».

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Хьега мегаш долу ши хIума

Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стагах бен хьега ца оьшу — АллахIа шена Къуръан хаар деллачу стагах а, буса а, дийнахь а и доьшуш волчу; АллахIа шена бахам беллачу стагах а, буса а, дийнахь а и сагIийна дIабоькъуш волчу».

Бухарий 73, Муслим 815.

Абу IабдуллахI: Iалий ибн Абу ТIа́либ (28.07.2017).

Iалий ибн Абу ТIа́либ (Рузбан хьехам, 28.07.2017) — скачать

Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар

Хаттар: Хьадисехь деана ду Зул-хьиджжат беттан итт дийнахь марха кхабар (суннат хилар). Ткъа цхьаболчу наха уьш кхобуш ца хуьлу бах, ахьа хIун эр дара цунах лаьцна?

Жоп: Хастам цхьана АллахIана бу, шена тIаьхьа кхин пайхамар хира воцучу пайхамарна салават, салам хуьлда. Цул тIаьхьа.
Кхин дIахьажа

Ахьмад Хьамза | Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 6-гIа дарс, 5-гIа дакъа

Iаьрбийн мотт: 2-гIа том, 6-гIа дарс, 5-гIа дакъа — скачать
тIехьажа лаахь жайна дехьадаккха — скачать

Ахьмад Хьамза: Зул-Хьижжат беттан итт дийнан дозалла

Ахьмад Хьамза: 3,8-гIа шардарш  3-гIа дакъа (ан-Нахьвул вáдихь)

Ан-Нахьвул вáдихь: 3,8-гIа шардарш  3-гIа дакъа — скачать

«Соьга деха аша, Ас жоп лур ду шуна».

«Соьга деха аша, Ас жоп лур ду шуна».
Шайн куьйгаш АллахIе хьала а айъадай шайн хьашташ Цуьнга дийца, шайна дезарг Цуьнга деха, шайн рицкъ Цуьнгара лаха, шайн хьал Цуьнга далхаде.

Шайх Iáид ал-Къарний

Ахьмад Хьамза: Шардарш 2-гIа дакъа (ан-Нахьвул вáдихь)

Ан-Нахьвул вáдихь: Шардарш 2-гIа дакъа — скачать

Питанан бух

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, массо а питанан бух – хетарг шарIо бохучунна хьалхадаккхар а, дегIан лаам хьекъална тIехулабаккхар а бу». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/165.