Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо». Аз-ЗухIд ли-бни Аби Iáсим, 86.
|
|||||
Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо». Аз-ЗухIд ли-бни Аби Iáсим, 86. Шайх Ибн Бáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ламаз а, сагIа а баланаш юхатухучу уггаре даккхийчу бахьанех ду. Иштта, вониш дIадохучу а, диканиш совдохучу а бахьанех а ду». МажмуIул-фатава, 3/257. «Цхьана стага хаьттина хилла Хьасан ал-Басрега: — Сан йоI йоьхуш дуккху а нах бу, иза хьаьнга ягIийтича гIолехь хир дара-те? — аьлла. ТIаккха Хьасан ал-Басрийс жоп делла: — АллахIах кхоьруш волчуьнга ягIийта ахь, нагахь санна цунна иза дукха езаш хилахь цо дика лелор ю иза, нагахь санна цунна иза ца езаш нислахь, зулам дийра дац цо цунна». [МавIизатул-муъминийн, агIо: 197]. Уггаре даккхий къинош 11-гIа дакъа (Рузбан хьехам, 06.01.2017) — скачать Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Ма пекъар ву-кх Адаман воI! Къеллах санна жоьжахатин цIарах кхерахьара, ялсамани гIура ма вара иза». Риядус-салихьийн: 31-гIа дакъа: Нахана юкъахь барт бар — скачать Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьаммо а ахчан сий деш (массо хIуманал) и даздина ма дац, АллахIа и сийсаз виний бен». КЕРЛА ШО (НОВЫЙ ГОД) Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Харц тешалла ца деш берш…». Сурат ал-Фуркъан, аят 72. Цуьнан тафсир деш Ибн Касирас аьлла: Абу-Iáлияс, ат-ТIавусас, Ибн Сийрийнас, ад-Даххьакас, ар-РабиI Ибн Анасас уьш боцучара а цуьнан тафсир дина: «АллахIан лайша мушрик наха даздеш долчу деношкахь дакъа ца лоцу», — аьлла. Церан хIусамнаной хилла хьарам рицкъанах ларлуш Асхьабийн хIусамнаноша шайн цIийндайшка, уьш рицкъ лаха арабовлучу хенахь олуш хилла: «ХIай сан цIийнда! Вайн хIусаме хьарам рицкъ ма далахь. Тхоьга тахана дуьненчохь мацаллина сатохалур ду хьуна, амма, жоьжахати цIе лалур яц хьуна тхоьга». Пайхамарна муьтIахь хилар (Рузбан хьехам, 16.12.2016) — скачать |
|||||
© 2008 - 2025 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |