20 — Сурат Т1óх1á
[Маккахь доьссина , 135 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу.
1.Т1ó-х1á [Аллах1 т1ех дика хууш ву Шéна цáрех луург].
2.Оха ца доссийна хьуна т1е [х1ара] Къуръáн хьо дáкъазвáлийта ,
3.хьéхамнá бен [шá] кхоьручунна ,
4.Шá латтá а , лекха стигалш а кхоьллинчуьнгара доссóрах .
5.Къинхетамéниг 1арша т1ехь д1анисвели .
6.Цуьнан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а , цаьршинна юккъехь а , [варх1е] лаьтта бухахь а [мел] дерг .
7.Ахь къамел ч1óг1а дахь [ца дахь] , баккъалла а Иза хууш [ма] ву къайлахниг а , [цул] сов хьуламéниг а .
8.Аллах1 — кхин дéла вац Изá бен , Цуьнан ю хаза ц1ераш .
9.Кхаьчний хьоьга Мусан [хьокъехь долу] хабар ?
10.Ц1е гира цуна , т1аккха цо элира шен доьзале :»Шу [кхузахь] совца ! Баккъалла а суна ц1е тусаелла [хааелла] , цуьнах шуна цхьа хаьштиг [áлу] йàн тарло аса , я суна карон [мега] ц1еран т1ехь нийса некъ [т1е воккху билгало]».
11.И цунна т1евеанчу хéна цуьнга кхайкхира :»Х1ай Муса !
12.Баккъалла а Со — Хьан Дéла ву . Хьан ши мáча д1аяккха , баккъалла а хьо езачу Т1увá — тóг1ехь ву .
13.Асa [къастийна] хаьржина хьо , ладóг1а [х1инца Асa хьайга] хьоьхучуьнга !
14.Баккъалла а Со — Аллах1 ву , кхин дéла вац Со бен , Сýна 1ибáдат дé , лáмаз х1оттадé Со хьéхорна !
15.Баккъалла а [къéмат дийнан] сахьт дóг1ур [ма] ду , со герга ву и хьулдан , массо а синна бéкхам хилийта цо къахьоьгучуьнца [лоьхучуьнца].
16.Хьо цуьнах [тéшарх] д1ахьовза ма войла шá цуьнах ца тéшачо , шен [дéг1ан] лаамна т1аьхьаваьзна [волу] — т1аккха [и бахьанна] хьо х1аллак хила .
17.»Х1ай Муса ! И х1ун ю хьан аьтту куьйгахь ерг ?»
18.Цо [Мусáс] элира [жоплуш] :»Иза сан 1áса ю , [новкъаца] со цунна т1е а тевжа , асa цуьнца сайн жана г1аш а дéгадо , цуьнгахь кхин пайданаш а бу сан».
19.Цо элира :»Х1ай Муса ! Охьакхосса и !»
20.Цо охьакхоьссира и [1áса] , т1аккха цуьнах лаьхьа хилира сетташ [тéкхаш] .
21.Цо элира :»Схьаэца и , ма кхéра . Оха берзор бу и [лаьхьа] — хьалхалéра хьóле .
22.Хьан куьг хьан т1óма [пхьаьрса] к1ела [я чéта] долла , иза áрадéра ду к1айделла [шéца цхьá а] сиркхо йóцуш , кхин билгало хилла .
23.[Оха дина и] Тхаьш хьуна Тхан яккхийчу билгалóнашха [цхьадерг] гайтархьама .
24.Фир1авн волчу г1ó , баккъалла а иза [дóзанал] т1ехваьлла».
25.Цо [Мусас] элира :»Х1ай сан Дéла ! Схьабеллахь суна сан нáкха [кийра] ,
26.аттадéхь суна сан г1уллакх ,
27.бáстахь сан маттах [болу] шед ,
28.[т1аккха] сан къамéлах кхéтар бара уьш ,
29.вéхьа суна сан ох1ланах [волу] г1оьнча ,
30.сан ваша — Х1áрун .
31.Ч1aг1дéхьа цуьнца сан г1óра ,
32.дéкъавáлавéхьа и сан г1уллакхна ,
33.óха Хьуна дуккхá а теспахь дан а ,
34.оха Хьо дуккхá а хьéхо а ,
35.баккъалла а Хьо вар-кха тхо гуш !»
36.Цо элира :»Х1ай Муса ! Бакъдолуш , [Оха] хьуна делла ахьa доьхург .
37.[Дéлóра] Бакъдолуш , Оха дикадина [къинхéтам бина] хьуна тоххарá [х1окхул хьалха] а [цкъа] .
38.Оха хьан нéнé хьоьхург [дагчу] хьехначу хéна :
39.»Т1орказа чу а вилле , х1орда чукхосса иза , [т1аккха] х1ордо йистаха кхоссийла и , схьаоьцур ву и Сан мостаг1чо а , цуьнан мостаг1чо а».
Асa тесира [хьан мостаг1чун кийра] Сайгара хьоьга бéзам , хьо кхиавайта Сан б1аьрхьалха».
40.Хьан йиша йóг1уш , цо óлучу хéна :»Асa шу нисдай шá цуьнан дóладийр долчун т1е ?» Оха хьо вухаверзийра хьан нéнé [Оха цуьнга ч1áг1о ма-ярра] , [хьо гарца] цуьнан б1аьрг бузийтá а , [хьоьх къастарна] цуьнга г1айг1а ца яйтá а . Ахьa [цхьа] дег1 [са] дийра , Оха хьалхаваьккхира хьо [ч1иран] бáланах . Оха зийра хьо зéрашца . Хьо 1ийра Мад-яна ох1ланехь [вéхаш] шерашкахь . Цул т1аьхьа , хьо веара шен хеннахь , х1ай Муса !
41.Асa хаьржина хьо Сайна .
42.Хьада г1ó хьó а , хьан вашá а Сан билгалóнашца , мал [к1ад] ма лóлаш Со хьéхорехь !
43.Шу шиъ г1ó Фир1авнна т1е , баккъалла а т1ехваьлла иза !
44.Аш шимма цуьнга áла к1éда дош , [т1аккха] меттавáн , я кхéравала мега [тарло] иза.
45.Цаьршимма элира :»Х1ай тхан Дéла ! Баккъалла а тхо кхоьру цо тхуна т1ехь сихо ян , я г1éло ян».
46.Цо [Дáла] элира :»Ма кхéра ! Баккъалла а Со шоьца ву , хезаш а , гуш а .
47.Иза волче а г1ой аш шимма áла :»Баккъалла а тхой шиъ хьан Дéлан шиъ элча ву , ахьa бахкийта тхоьца Исрáилан к1ентий , царна 1áзап ма дé . Бакъдолуш , тхо даьхкина хьуна т1е хьан Дéлера билгалонца . Салам [маршалла] ду шá нийсачу новкъана т1аьхьаваьзначунна .
48.Баккъалла а тхуна [Дáла дагчу] хьехна , баккъалла а 1áзап ду [хир долуш] шá [áяташ] харцдинчуннá а , [Дáлла муьт1ахь хиларх] д1авирзинчуннá а т1ехь».
49.Цо [Фир1авнаc] элира :»Мила ву шу шиннан Дéла , х1ай Муса ?»
50.Цо элира :»Тхан Дéла ву , Шá массо а х1уманна шен кхоллар [васт] а делла , т1аккха [иза нийсачу новкъа] нисдинарг».
51.Цо [Фир1авнас] элира :»Хьалхалéра чкъоьрнийн [умматийн] х1ун хьал ду [аьлла хéта хьуна] ?»
52.Цо элира :»Цéран [хьóлах долу] 1илма сан Дáлла гергахь [лавхьулмахьфуз] жайнахь ду . Сан Дéла гал ца волу , виц ца ло».
53.[Иза ву] Шá шуна латта áга [санна] динарг , шуна цу чохь нéкъаш динарг , стиглара [дог1ан] хи доссийнарг , Оха цуьнца [лаьттах] хьаладаьхна шина кéпара [долу] бес-бесар óраматаш .
54.Даа шайна [цуьнах] , шайн даьхни а дáжадé , баккъалла а цу чохь билгалóнаш ма ю хьекъалдолучáрна .
55.Цуьнах [кхоллá а] кхоьллина Оха шу , цу [лаьтта] чу дерзор [долуш] а ду Оха шу , цуьнах хьалá а дóхур ду Оха шу кхин цкъá а .
56.[Дéлóра] Бакъдолуш , Оха цуьнга гайтира Тхан [шина элчано еана] ерригé а билгалóнаш , [амма] цо харцйира [уьш , т1е ца оьцуш] юхатуьйхира цо [уьш].
57.Цо элира :»Хьо тхуна веана , хьан бозбуанчаллийца тхо тхан махках [áра] дáха , х1ай Муса ?
58.[Дéлóра] Тхо [дaхканé а] дóг1ур ма ду хьуна цуьнах терачу бозбуанчаллийца . Ахьa йé тхунá а , хьайнá а юккъехь , оха а , ахьа а шá йóхор йóцу йиллина хан — [йиллина] нийса меттиг [шéра áре].
59.Цо элира :»Шун [гуламна] йиллина хан — [шу 1ийдана] кечдаларан де ду , 1уьйранна нaх гулбо де».
60.Д1авахара Фир1авн , шен мéкарло гулйира цо , т1аккха [вуха] веара иза .
61.Мусас цаьрга элира :»[Дáла] Шаьш бáлé лáцарш ! Ма кхолла Аллах1ана т1ехь харцо , [т1аккха и бахьан долуш] Цо шу х1аллак дийр [ма] ду [Шéгарчу] 1áзапца . Бакъдолуш [эша ма] эшна шá [Аллах1ан т1ехь харцо] кхоьллинарг» .
62.[вовшашца девне бевлла] Шайна юкъахь къевсира цáра шайн г1уллакх , хьулдира цáра [шайн] къамел .
63.Цáра элира :»Баккъалла а х1ара шиъ бозбуанча ма ву , шайн бозбуанчаллийца шу шайн махкара [áра] дáха а лууш , [иштта] шун масале [дика] некъ [дин , нах шух] д1атило а [лууш].
64.Шайн мéкарло [кийтарло] д1á а гулйай , т1аккха мóг1арехь дуьйла ! Бакъдолуш , тахана дéкъала хилла [тоьлла] шá лакхе яьккхинарг».
65.Цáра элира :»Х1ай Муса [харжа] ! Я ахьа кхуссу , я тхо хуьлу шá хьалха кхоьссинарг».
66.Цо [Мусас] элира :»Мелхо а , аша кхосса [хьалха]» . [цáра охьакхийсира уьш] Т1аккха цéран машшаш [чуханаш] а , цéран 1áсанаш а мотталóра [хéталóра] цуна — цéран бозбуанчаллех — баккъалла а уьш меттах-хьуьй .
67.[адам дáкъаздáларх] Кхéрар хааделира Мусáна шен дéг1ехь .
68.Оха элира [цуьнга] :»Ма кхéра ! Баккъалла а хьо ма ву шá лакхé йоккхур ерг .
69.Охьакхосса хьан аьтту куьйгарниг , цо д1акхоллур [д1ахýдур] ю цáра йинарг . Баккъалла а цáра йинарг , бозбуанчан кийтарло [мéкарло] ю , аьтто [тóлам , кхиам] хир бац бозбуанчан миччахьа велахь».
70.[т1аккха] Гор ийгира бозбуанчаш , цáра элира :»Тхо тийши Х1áрунан а , Мусан а Дéлах».
71.Цо [Фир1авнас] элира :»Шу цуьнах [мýха] тийши [аш иза бакъ мýха ви] асa шайна пурба далале ? Баккъалла а иза шун коьртаниг ма ву , шá шуна бозбуанчалла 1áмийна [волу] . [Дéлóра] Аса хéдор ма ду шун куьйгаш а , шун кóгаш а дуьхь-дуьхьал , асa шу д1атýхур [д1аухкар] ма ду хурман г1одмаш т1е , шуна [хаъне а] хуур ма ду [т1аккха] муьлха ву тхоьх 1áзапехь [т1ех] ч1óг1аниг а , сов бухавуьсур верг а».
72.Цáра элира :»Оха хьо [г1óли хетна] хоржур ма вац , шá тхуна билгалóнашха деанчуннá а , Шá тхо кхоьллинчуннá а т1ехь . Дé [х1инца тхоьца] айхьа [та1зар] дийриг . Баккъалла а [деккъа] х1окху дуьнéнахь дийра ду-кх ахь [и тхоьца]».
73.Баккъалла а тхо тешна тхан Дéлах , Цуьнга тхайна гечдайтархьама тхан къиношна [бехкашна , ледарлóнашна] а , бозбуанчаллех ахьа тхоьга нуьцкъала дайтинчунна . Аллах1 ву тоьлуш верг а , [гуттар] бухавуьсур верг а .
74.Баккъалла а , шá шен Далла т1е къинош дина вóг1ург , баккъалла а цуна жоьжахати ю , и цу чохь лийр вац , [я] вéхар вац .
75.Ткъа шá Цуна т1е муъмастаг хилла вóг1ург , бакъдолуш диканаш дина [волу] , уьш — цаьрна лаккхара даржаш [хир] ду ,
76.вáхаран [1адн] бошмаш , шайна к1елахула тáтóлаш лéлаш [йолу] , [шаьш] цу чохь гуттар лаьтташ . Иза шá ц1анвеллачун бéкхам бу .
77.[Дéлóра] Бакъдолуш Оха Мусан дагчухьехна :»[Мисрара] Áравáла буьйсана [жéрахь] Сан лайшца , билла царна х1орда чохь бекъа некъ . Ма кхéра [уьш хьайна] т1екхиарх а , ма кхéра [хи бухавахарх а] !»
78.Т1аьхьавéлира царна Фир1авн шен эскарца , [амма] хьулбира уьш х1ордах шá уьш хьулбинчо .
79.Тилийра Фир1авнас шен къам , нийсачу новкъа ца дигира .
80.»Х1ай Исрáилан к1ентий ! Бакъдолуш , Оха шу к1елхьарадéхира шун мостаг1ах , Оха хан йиллира шуна [Мусана Синàъ] лáман аьтту áг1ор , Оха доссийра шуна т1е «манн а , салвá» а [óлу мерза х1уманаш]».
81.Даа Оха шайна деллачу рицкъан ц1енчáрех [хьáналчух] , т1ех ма дийла цуьнгахь , т1аккха Сан оьг1азло хьакъ хир [хьаьрчар] ю шуна т1ехь , [ткъа] шéна т1ехь Сан оьг1азло хьакъ ерг [йоьссинарг] , [жоьжахатин ор чувоьжна] х1аллак хилла .
82.Баккъалла а Со , сов гечдийриг ма ву ша [тóба дина] дохковаьллачунна , [Дéлах] тешначунна , диканиг динчунна , т1аккха нисвеллачунна .
83.»Х1ай Муса ! Сте сихвина хьо хьан къóмах ?»
84.Цо элира :»И д1óранаш сан лар т1ехь [т1аьхьа кхиъна бóг1уш] бу , асa Хьоьга сихо йира , х1ай сан Дéла , Хьо суна сов рéза хилийта» .
85.Цо [Дáла] элира :»Баккъалла а Оха , бакъдолуш зийра хьан къам [иза] хьоьл [гéна хиллачул] т1аьхьа , Сáмирхочо тилийра уьш».
86.Вухавирзира [вухавеара] Муса шен къóме [ч1óг1а] оьг1азе [дéра] , г1айг1ане [волуш] . Цо элира :»Х1ай сан къам ! Шун Дáла шуна хаза ч1áг1о ца йинéра ткъа , [Дáла йиллина] хан яхйели шуна , я [цхьа доьхнарг дина] шайн Дéлера оьг1азло шайна т1ехь хьакъ хила [йосса] лии шуна , [шаьш] суна йина ч1áг1о йóхий аша ?»
87.Цáра элира :»Оха ца йóхийна хьуна йина ч1áг1о тхан дóланца [ницкъаца , лаамца] , делахь а тхуна т1едоьттина дара нéхан [кечбаларан] хазаллех [дуьзна долу] маххьаш , Оха [ц1ерга] кхийсира уьш . Сáмирхочо а кхоьссира иштта».
88.Цо дира цаьрна [лáлийначу хазаллех] дег1долу эса , шен 1ахар а долуш . Цáра элира :»Х1ара шун дéлá а , Мусан дéлá а ву , [делахь а] цуна вицвелла [иза]».
89.Цаьрна ца го те , баккъалла а и [эса] шайга дашца ца дерзар [дист ца хилар] а , цуьнан дóлахь [карахь] дац цаьрна зен дар , дац пайда бар .
90.[Дéлóра] Бакъдолуш , Х1áрунас элира цаьрга [Муса юхавáрал] хьалха :»Х1ай сан къам ! Баккъалла а шу зийна цуьнца , [ма дé цуна 1ибáдат] , баккъалла а шун Дéла — Къинхетамéниг [ма] ву , суна т1аьхьах1итта , сан омaрна муьт1ахь хила !»
91.Цáра элира :»Тхо [совцанé а] совцур [долуш] ма дац цунна [1ибáдатна] д1ах1иттина 1арх [лàттарх , и дитина] , Муса тхуна т1е вухаверззалц».
92.Цо [Мусас] элира [шá вухавеача] :»Х1ай Х1áрун ! Сте сацийра хьо хьайна уьш [эсан 1ибáдат дарца] тилабелла гича
93.суна т1аьхьах1оттарх ? Cан омaрна [весéтана] 1éса хили хьо ?»
94.Цо [Х1áрунас] элира :»Х1ай сан нéнан к1ант ! Ма лáцахь [со] сан маж т1ера а , [ма лáцахь] сан коьрта т1ера [месаш] а ! Баккъалла а со кхийрира ахь áларх :»Исрáилан к1ентий бекъна ахьа , сан дош тергал [лар] ца дина ахьа».
95.Цо элира :»Х1ай Сáмирхо ! Х1ун 1áлашо ю хьан [оцу ахьа динчух] ?»
96.Цо элира :»Суна гира [хиира] царна шá цагинарг [цахиънарг] , [т1аккха] аса ийцира гéланчан [Жабрáил малийкан динан берган] лорах [цхьа] кáна ]лàтта] , аса кхоьссира и [Исрáилан к1ентийн хаззаллех динчу эсан т1е] . Иштта хьийхира [хаздира] суна сан сино».
97.Цо [Мусас] элира :»Д1авалó [тхуна юкъара] ! Баккъалла а хьуна [г1ýданна] ду [хьан] дáхарехь ахь áлар :»[соьх] Хьакхадалар [йиш йолуш] дац [шуна]». Баккъалла а хьан [1áзапна] йиллина хан ю , [Дáла] хьоьх шá [йохаяннé а] йóхор йóцу [хьо шех хьалхавéр вóцу] . Хьажа хьан дéле , хьо шéна [1ибáдатна] д1ах1оьттина лаьттинчу , [Дéлóра] Оха иза вáгор ма ву , цул т1аьхьа Оха вaржор ма ву иза х1орд чохь — варжóрах а .
98.Баккъалла а шун Дéла — Аллах1 ву , Шá — Иза бен кхин дéла вóцург . Цо чулаьцна [д1алаьцна] массо а х1ума хаарца».
99.Иштта , Оха дуьйцу хьуна , бакъдолуш шá [хьалха] д1адаханчун хабаршха [дерг]. Бакъдолуш , Оха хьоьга делла Тхайна гергара хьахор [Kъуръáн].
100.Шá [и Kъуръан харцдина] цунах д1авирзинарг [милла велахь] , баккъалла а цо хьýр [ма] бу къéмата дийнахь [къинан] мохь .
101.[шаьш] Гуттар цу [жоьжахат] чохь лаьтташ . Ма вон хили-кх царна и [мохь] бахьарехь къемата дийнахь ,
102.зурманчу х1уп óлучу дийнахь . Оцу дийнахь Оха [денбина] г1овттор бу [дуьнéнахь] къинош динарш [б1аьргаш] сенделла [шаьш б1аьрзе болуш] ,
103.шайна юкъахь [къайлаха] шабар-шибар деш [шаьш óлуш] :»Аша ца даьккхина [дуьненахь] итт [де-буьйса] бен».
104.Тхо т1ех дика хууш ду цáра [шайна юкъахь] óлург [дуьйцург] . Цáрех нéкъехьа [лéларца уггар] масалéчо [хьекъалéчо , нийсачо] бóху :»Аша ца даьккхина [цхьа] де [буьйса] бен».
105.Цáра хьоьга хоьтту лаьмнех [хиндерг] , ахьа [цаьрга] áла :»Сан Дáла [цáрех чан а йина мохехь] даржор ду уьш даржóрах а ,
106.Цо дуьтур ду и [лаьмнаш шéна т1ехь хилла латта] шéра áре хилла ,
107.хьуна гур яц цу [лaтта] т1ехь чутаь1на [к1аг болу] меттиг а , айъаелла [гу болу гóма] меттиг а
108.Оцу дийнахь уьш т1аьхьах1уьттур бу [махьшар майдане] кхойкхучунна , шен гамдалар [д1асхьатé1ар] дóцучу , аьзнаш д1атийна [хир ду] Къинхетамéчунна , хьуна хезар дац шабар-шибар бен .
109.Оцу дийнахь пайда бийр бац [цхьанá а] т1ех1оттаро [шапá1ато] , Къинхетамéчо шéна [цхьанна т1ех1отта] пурба деллачунна [т1ех1оттарó] а бен , [иштта] И шéна вистхила рéза хиллачунна [магийначунна] а [бен].
110.Цуна [Дáлла] хаа цáрел хьалха хилларг а ‚ цáрел тIаьхьа хиндерг а , цáра цуьнан гó ца бо хаарехь .
111.[муьт1ахь хилла] Хьастаелира [къинош динчéран] яххьаш [дáимна] Дийнаволчунна , [хьашташна] Д1ах1оьттина волчунна , бакъдолуш эшна шá [Дáлла дуьхьал воьдуш] зулам даьхьнарг .
112.Шá диканаш динарг [милла велахь] , шá [Дéлах] тéшаш а волуш , и кхоьрур вац [къинош совдáхаран] зуламах а , [шен диканийн] эшамах а .
113.Иштта , Оха доссийра и [áяташ] 1арбийн [маттахь] Kъуръáн долуш , Оха [юх-юха] билгалбира цу чохь кхéрам уьш [1éсаллех] ларбалийта , я царна цуьнах хьéхам хилийта .
114.Лакхавéли Аллах1 — бакъ паччахь волу . Сих ма лó Kъуръáнца хьайга и [хьан дагчу] хьéхар [доьссина] кхáчадалале [д1адéшарца] . Ахь áла :»Х1ай сан Дéла ! Сов-вaккхахь со [Kъуръáнан 1илма] хаарехь».
115.[Дéлóра] Бакъдолуш , Оха Áдамех тешна [т1едиллина весет] дитира [цáрел] хьалха , [делахь а] дицделира цунна [и] , Тхуна ца карийра цуьнгахь [сóбар дан] ч1óг1алла .
116.Оха малийкашка элира :»Áдамна [лéрамна] горг1ó !» . Гордахара уьш Иблис дóцург . [куралла йина] Дуьхьал хилира иза .
117.Оха элира :»Х1ай Áдам ! Баккъалла а х1ара [Иблис] мостаг1 ду хьунá а , хьан зудчуннá а . Цо шу шиъ áрамадоккхийла ялсамани чуьра , т1аккъа хьо дáкъазавала .
118.Баккъалла а хьуна цу чохь мац ца валар а , верзина [1óра] ца хилар а ду .
119.Баккъалла а хьо цу чохь хьаг ца валар а , бурко ца вóлар а ду».
120.Шайт1ано [вóниг] хьийхира цунна , цо элира :»Х1ай Áдам ! Аса хьо нисвай гуттарéнан дитт т1е а , д1адéра доцчу паччахьаллин т1é а ?»
121.Цаьршимма кхаьллира цуьнах , т1аккха гучуевлира цаьршинна шаьшшинан бехкен [эхьен] меттигаш , и шиъ дóладелира [х1оьттира] шаьшшинна т1е ялсаманин г1аш лéто . 1éса хилира Áдам шен Дáлла , тилира иза [нийсачу новкъах].
122.Цул т1аьхьа хаьржира и шен Дáла , къинт1еравéлира Иза цунна , нисвира Цо [иза нийсачу новкъа].
123.Цо элира :»Охьадисса цу чуьра дерригé а , [дуьненахь] шух цхьаберш [х1ай Áдаман т1аьхье] вукхаьрна мостаг1ий хир бу . Шоьга беача Соьгара нийса некъ , шá Сан нийсачу новкъанна т1аьхьах1оьттинарг — иза тилалур вац , дáкъазавер вац .
124.Шá Со хьéxóрах д1авирзинарг [милла велахь] , баккъалла а цунна готта [хала] дáхар [хир] ду , Оха и [денвина] г1аттор ву къемата дийнахь б1арзе [волуш]».
125.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Х1унда г1аттий Ахьа со б1арзе , бакъдолуш со [дуьнéнахь] са гуш [ма] вара ?»
126.Цо [Дáла] элира :»Иштта [дира ахьá] , Тхан [нуьре] áяташ даьхкира хьоьга , [амма] ахьа дицдира уьш [цéран чот ца еш] , [цундела] иштта хьо вицвийр ву тахана».
127.Иштта , бéкхам бо Оха шá т1ехваьллачуннá а , шен Дéлан áятех ца тешначуннá а . Эхартан 1áзап т1ех ч1óг1á а , [дукха] дéхá а ма ду .
128.Билгала ца дина те царна , Оха шайл хьалха хийла чкъоьрнаш х1аллакдарo ? Цéран х1усамашкахула лéлаш бу уьш , баккъалла а цу [лараш] чохь билгалóнаш ма ю хьéкъалан дайшна .
129.Хьан Дéлéра хьалха даьлла дош а дáцахьáра , ц1етоьхна хан а [йáцахьáра] , и [1áзап] хир ма дара т1едоьжна .
130.Ахьа сатóха цáра [хьан хьокъехь] дуьйцучунна т1ехь , хьан Дáлла хастам барца теспахь дé малх схьакхéталé а , и чубузалé а , буьйсéнан сахьташкахь а , дийнан [сахьтийн] йисташкахь а теспахь дé . Схьахéтарехь хьо рéза хир ву [хьайна еллачу йóлана] .
131.Ма бетта [сутараллийца] хьан ши б1аьрг Оха цáрех цхьаболчаьрга шéца зовкх хьегийтанчуьнга — дуьнéнан дáхаран хазалла ю и — Тхаьш уьш зерхьама цуьнгахь . Хьан Дéлан [ялсаманин] рицкъа [царна дуьнéнахь деллачул а] тоьлуш [г1óли] а , [гуттареннá а] бухадуьсур долуш а ду .
132.Омaр дé хьан ох1луне [доьзале] лáмазца , сатóха цу т1ехь . Оха ца доьху хьоьга рицкъа . Тхо ду хьуна рицкъа луш . Т1аьхье [Дéлах] кхéрарна ю .
133.Цáра элира :»И вáг1ахьáра тхуна шен Дéлера билгалонца» . Цаьрга ца еана тов [Kъуръанчохь] хьалхарчу тептарш чохь долчуьнан билгало ?
134.Оха уьш х1аллак бинéхьáра цул хьалха [долчу] 1áзапца , цáра эра ма дара :»Ахьа тхуна элча ваийтинехьáра , т1аккха тхо т1аьхьах1итта Хьан áяташна , тхаьш сийсазá а , юьхь1аьржá а хилале .
135.Ахь áла :»Массо а ву [и де лардеш цуьнга] хьоьжуш , шу а хьéжа , т1аккха хуур ду шуна [вайх] нийса нéкъан дай муьлш бу а , нисвелларг мила ву а».
13/12/2015