21 — Сурат Альанбийáъ [Пайхамарш] [Маккахь доьссина , 112 аят ду]
Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу
1.Гергадеана нáхана цéран [къемат дийнан] хьéсап [сахьт , ткъа] уьш [цуьнах] чидам бóцуш [кéчам бар дóцуш] д1абирзина бу .
2.Цаьрга ца бóг1у шайн Дéлера [Kъуръáнан] керла хьéхам , цáра цуьнга шаьш ловзуш [кхаьрдаш] болуш ладýг1уш бен ,
3.шайн дегнаш тергамбóцуш [х1умана бáла бóцуш] долуш . Цáра — шаьш зуламдинчáра хьулдира [шайна юкъахь шаьш óлуш] бистхилар :»Х1ара шу санна [долу] адам бен дуй ? Бозбуанчалле [ладóг1а мýха] дóг1у шу , шаьш гуш [хууш] долуш [и бозбуанча хилар] ?»
4.Цо элира :»Сан Дáлла хаа [къайла ца дóлу] стиглахь а , лаьттахь а [аьлла долу] дош . Иза хезаш верг , хууш верг ву .
5.Мелхо а , цáра элира :»[и Kъуръáн] Г1éнашин кéгареш бу . Мелхо а , цо [шéгара] кхоьллина и . Мелхо а , иза байтахо ву . Вайна цхьана билгалонца вóг1ийла иза , дуьххьарлернаш [хьалхалернаш] ма-бахкийттара».
6.Цáрел хьалха Оха шá х1аллакйина йолу [цхьа] юрт [бáхархой Дéлах] цатийшира . Ткъа уьш [х1ара вай хьахийнарш] тéшар бу тов ?
7.Оха хьоьл хьалха ца бахкийтана бóжарий бен , Оха шайга [Тхан къамел] хьоьхуш болу . Ашa хáтта [и жайнахь] хьахор девзачаьрга , шу [и] ца хууш делахь .
8.Шá юург ца юуш долу дег1 ца дина Оха цáрех , ца хилла уьш [ца леш] гуттар лаьтташ а .
9.Цул т1аьхьа бакъйира Оха царна [йина Тхан] ч1áг1о , Оха к1елхьара бéхира уьш а , [иштта] Тхайна луурш а , Оха х1аллакбира [Дéлан дóзана] т1ехбуьйлурш .
10.[Дéлóра] Бакъдолуш Оха [шун маттахь] шоьга [х1ай къурайш] доссийна шен чохь шу хьахор [дийцар , даздар] долу жайна . [цуна т1аьхьадáза] Хьéкъале ца хуьлу шу ?
11.Хийла юрт [х1аллакйина] йóхийна Оха , шá зуламе хилла йолу , цáрел т1аьхьа кхин къаьмнаш кхиийна Оха .
12.Ткъа шайна Тхан г1óра [1áзап] хааделча [тýсаделча] , т1аккха уьш цуьнах [чехка] д1абовду .
13.[цаьрга эра ду] «Д1амадовда [1áзапах] , духадерза шéна чохь шайга зовкх хьегийтанчу а , шайн х1усамашкá а . Шоьга хатта [жоп дéха] тарло» .
14.Цáра элира [къéра хилла] :»Х1ай тхан бáла [х1аллак хилар] ! Баккъалла а тхо [Дéлах цатéшарна] зуламхой хилла-кх».
15.И бара цéран кхайкхам , Оха уьш бaллалц чудерзийна ялта [санна , белла] д1атийна
16.Оха ца кхоьллина стигал а , латта а , цаьршинна юккъехь [мел] дерг а ловзуш .
17.Тхýна лиънéхьáра [Тхайна доьзалхо лаьцна] синкъéрам лаха , Оха лехна хир бара и Тхайна гергара . Оха и деш хиллéхьáра … [ткъа Дéлаца дóг1уш дац и].
18.Мелхо а , бакъдерг харцдолчун т1е кхуссу [т1етýху] Оха , цо иза дóхадо , т1аккха и [хáрцдерг] д1атуьлу . Шуна бáла [хир ма] бу аш [Аллах1ан т1ехь] дуьйцучух [кхуллучух].
19.Цуьнан бу стигланашкахь а , лаьттахь а мел берш . Шаьш Цуна гергахь болчáра куралла ца йо Цуна 1ибáдат дан , к1ад [г1ел] ца ло .
20.Бусá а , дийнахь а [ца хаддош] теспахь до цáра лаг1 [мал] ца луш .
21.Я [мелхо а] лаьттах дéланаш [бина] лецна цáра , шаьш [кхинаш] денбеш болуш ?
22.Цаьршинна [стигал , лаьтта] чохь Аллах1 вóцург [кхин] дéланаш белхьáра , телхара [дýхура] ма дара и шиъ . Ц1ена ву-кх Аллах1 — «1аршан» Дéла , цáра [Шéна т1ехь] дуьйцучух [кхуллучух].
23.Цуьнга ца хотту [ца доьху жоп] Шá дечух , цаьрга хоттур [доьхур] ду .
24.Я цáра лецна И [1адда] витина [кхин] дéланаш ? Ахь áла :»Схьалó шайн [бакъхиларан] бух ! Х1ара соьца болчéран хьéхам бу , соьл хьалхарчéран хьéхам бу . Мелхо а , цáрех дукхахболчарна бакъдерг ца хаа [ца девза] , уьш д1абирзина бу [цуьнах].
25.Оха ца ваийтина хьоьл хьалха [цхьá] элча , Тхаьш цуьнга хьоьхуш бен :»Баккъалла а [кхин] дéла вац , Со бен . Суна [Со цхьаъ варца] 1ибáдат де» [аьлла].
26.Цáра элира :»Къинхетамéчо [Шéна малийкех] доьзалхо лаьцна . Ц1ена ву-кх Иза [цáра кхуллучух] . Мелхо а , [Цуьнан] лéраме лайш ду-кх [уьш] .
27.[шайн] Дашца [шаьш] Цул хьалха ца довлуш [хьалха ца лоьлхуш] долу . Цуьнан омарца 1амал йо цáра .
28.Цуна хаа цáрел хьалхарниг а , цáрел т1аьхьарниг а . Уьш [шапá1атца] т1ецах1уьтту Иза [шéна] рéза хиллачуна бен , уьш Цуьнах кхéрарна ийзалуш [дéгош] ду .
29.Цáрех шá óлург [муьлха делахь] :»Баккъалла а со ду дéла , И [Аллах1] а вóцуш» , Оха бéкхам бийр [ма] бу цуна жоьжахати . Иштта бéкхам бо Оха зуламхошна .
30.Шаьш [Дéлах] цатешначарна ца гина [ца хиъна ткъа] , баккъалла а стигланаш а , латта а и шиъ [х1оьттина] дийнна цхьаъ [х1ума хилла] хилар , т1аккха Оха [эккхийтана] къастийра [дийкъира , дáт1ийра , хáдийра] и шиъ , Оха дира [кхоьллира] хих массо а дийна х1ума . Уьш [цуьнах] ца теша тов ?
31.Оха дина лаьттахь ондий лаьмнаш , и цатехкийта [меттах ца хьейта] цаьрца . Оцу [лаьмнийн] юккъехь Оха дина ч1ажжаш — [шуьйра] некъаш . Уьш нийса новкъа бахийтархьама .
32.Оха йина стигал ларбен тхов . Ткъа уьш цуьнан билгалóнашха [цéран ойла яр дóцуш] д1абирзина бу .
33.И [Аллах1] ву Шá кхоьллинарг буьйсá а , дé а , малх а , бутт а . [уьш] Массо а стигал экъанахь [чехкаллийца] лéлаш [хьийзаш] ю .
34.Оха ца дина [цхьанá а] адамна хьоьл хьалха [дуьнéнахь] абаде [лийрa цахилар] . Ткъа хьо велча , уьш [ца леш] буьсур бу тов ?
35.Массо a сино валар 1овшур ду , Оха [дуьнéнахь] зуьйр ду шу вóнцá а , диканцá а зерхьама , Тхоьга дерзор ду шу [т1аккха Оха бéкхам бийр бу шуна].
36.Шаьш [Дéлах] цатешначарна хьо гича , кхаьрдаш [цабéшаш] бен т1ецалóцу цáра хьо [шаьш óлуш] :»Х1ара ву и шá шун дéланаш [вóнца] хьахóриг ?» Ткъа уьш керстаналла деш бу Къинхетамениг хьахорца .
37.[Дáла] Адам кхоьллиина сихаллех [х1умана сиха долуш] . Асa шоьга гойтур ю Сан билгалóнаш , ашa Со сих ма вé .
38.Цáра óлу :»Маца ю и ч1áг1о , шу бакълуьйш хиллехь».
39.Шаьш [Дéлах] цатешначарна хаахьáра [йовзахьáра] шайн яххьашхá а , шайн баккъашхá а [жоьжахатин] ц1е шаьш юхацатýху [саца ца йо] а , шайна [цхьаммо] г1одийр дóцу а хан [цáра и 1áзап сихдийра ма дáцара].
40.Мелхо а , и [сахьт] дóг1ур ду цàрна ц1аьххьана , т1аккха цо 1áдор [хьайре , боьхна , цецбоьвлла бийр] бу уьш , ницкъ кхóчур бац цéран и юхатóха [сацо] , уьш т1аьхьатоттур бац .
41.[Дéлора] Бакъдолуш хьоьл хьалхá а кхаьрдина элчанашха , т1аккха шаьш цáрех цабаьшначарна т1едеара [т1едоьссира] уьш шех кхаьрдаш хилларг .
42.Ахь áла [хатта цаьрга] :»Хьá 1áлашдийр ду шу Къинхетамéчух [Цуьнан 1áзапах и деача] буса а , дийнахь а ?» Мелхо а , уьш шайн Дéла хьахóрах д1абирзина .
43.Я цéран Тхо дóцург [кхин] дéланаш бу уьш [Тхан 1áзапах] юхатýхур болуш ? Цéран ницкъ ца кхóчу шайн дог1машна г1одан а , уьш ларбийр [к1елхьар бóхур] бац Тхоьх [цхьаммо а].
44.Мелхо а , Оха зовкх хьéгийтара х1окхаьргá а , цéран дайшкá а царна т1ехь [цéран] оьмар йáхйаллалц . Царна ца го тов , баккъалла а Тхо дáхкар и лàтта [царна] шен йисташкара эшош [жимдеш , гатдеш] ? [т1аккха а] Уьш бу тов тоьлларш ?! [дéра бац , Тхо ду-кх].
45.Ахь áла :»Баккъалла а асa шоьга д1ахьéдо [Аллах1а сан] дагхьоьхучунца [Kъуръанца]» . Къорачàрна [керстана] ца хеза [Kъуръáнан] кхайкхар шайга [и] д1ахьéдечу хéна .
46.[Дéлóра] Цáрех хьакхаделча хьан Дéлан 1áзапех [цхьа] дáкъа , цáра эра ма дара :»Х1ай тхан бáла [тхан х1аллак хилар] ! Баккъалла а тхо зуламхой хилла-кх».
47.Къéмата денна Оха д1ах1иттор ду нийса [бакъ] терзанаш , [цхьанá] дéг1ана [синна] зулам дийр дац х1уманца , и [х1ума] хиллехь к1óллин буьртиг бáрамехь , Оха схьадохьур ду и . Тхо тоьар ду хьесаплéлорхой .
48.[Дéлóра] Бакъдолуш Оха делла Мусáга а , Х1áруне а [бакъ-харц] къастóриг [Таврат] а , серло а , хьéхам а [Дéлах] кхоьручарна ,
49.шаьш къайлах [шайна болуш] шайн Дéлах кхоьруш болу , шаьш [къéмат дийнан] сахьтах ийзалуш болу .
50.Х1ара [Kъуръáн] Оха шá доссийна , беркате [хьéхам] хьахор ду , ашa [т1е ца оьцуш] духатýху и [Дéлера хилар] ?
51.[Дéлóра] Оха белла Ибрáх1име шен нийса некъ [Мусал , Х1áрунал] хьалха [и жимa волуш] , Тхо дара цуьнах дерг хууш [и вевзаш].
52.Цо элира шен дéга а , шен къóме а :»Х1орш х1ун ц1уй ю , шу шайна [1ибáдатна] д1ахиттина йолу ?»
53.Цáра [жоплуш] элира :»Тхуна тхан дай карийна царна 1ибáдат деш».
54.Цо элира :»[Дéлóра] Бакъдолуш шу а , шун дай а билгалчу тиларчохь [ма] хилла».
55.Цáра элира :»Хьо тхуна бакъдолчунца веана , я хьо ловзучáрех [бéгаш бечáрех] ву ?» [баккъал бах ахьa я бéгаш бо ахь ?].
56.Цо элира :»Мелхо а , шун Дéла — стигланашин а , лаьттин а Дéла ву , Шá уьш кхоьллиина волу . Со оцу т1ехь тéшалла дечáрех ву .
57.Аллах1óра [дуй ма буу асa] шун ц1уйшна асa [цхьа] кийтарло йийр [уьш кеггор] ма ю , шу букътоьхна [шайн 1ийде] д1адаханчул т1аьхьа .
58.Цо [дигарца] цáрех кескаш йира , цéран коьртаниг вóцучух , [цо витира и] уьш [хаттарца] цуьнга берзийтахьама .
59.Цáра элира :»Хьá дина х1ара вай дéланашца ? Баккъалла а иза зуламхойх ма ву»
60.Цáра элира :»Тхуна хезна шех Ибрáх1им óлуш [волу] к1ант уьш [вóнца] хьéхош [царна луьйш]».
61.Цáра элира :»Схьавáлаве иза нéхан б1аьра хьалха , цáра [оцу т1ехь] тéшалла дан тарло».
62.Цáра элира [хаьттира] :»Х1ай Ибрáх1им ! Ахьa диний х1ара тхан дéланашца ?»
63.Цо элира [жоплуш] :»Мелхо а , цéран коьртачо х1окхó дина-кх и . Цаьрга хатта уьш бистхуьлуш белахь».
64.Шайн синошка [хьéкъале , кхéтаме] бирзина цáра [шаьш шайга] элира :»Баккъалла а шу ду-кх зуламхой [царна 1ибáдат деш долу]».
65.Цул т1аьхьа [ойла хьоьвзина] шайчуьнга бирзира уьш :»[Дéлóра] Бакъдолуш хьýна хааш [ма] ду х1орш бист ца хуьлий».
66.Цо элира :»Ткъа ашa 1ибáдат [мýха] до Аллах1 [1адда] витина шайна х1уманца пайда ца бечунна а , шайна зен ца дечунна а ?
67.Офф-фай-кх шунá а , аш Аллах1 [1адда] витина 1ибáдат дечуннá а . Хьéкъале ца дóг1у шу ?»
68.Цáра элира :»Вáгавé иза , г1о дé шайн дéланашна , ашa деш делахь».
69.Оха элира :»Х1ай ц1е ! Хьо хила Ибрáх1имна [сáлкхане] шéло [мела] а , маршо а».
70.Царна лиира цуьнца мéкарло . Оха бира уьш уггар эшнарш [зен хилларш].
71.Оха к1елхьараваьккхира изá а , Лýт1 а Тхаьш шéна чохь 1áламашна беркат динчу лаьтте [махка].
72.Оха цуна велира Исхьакъ а , Я1къуб а совг1атана . [уьш] Берриге а диканаш бира Оха .
73.Оха бира уьш [динан] тхьамданаш [баьччанаш , имáмаш] шаьш Тхан омрца [нàх] нийса новкъа бóхуш , Оха цаьрга хьийхира диканаш дар а , лáмаз х1оттор а , закат далар а , Тхýна 1ибáдат деш бара уьш .
74.Лýт1е а , делира Оха цуьнга кхéтам а , хаар а . Оха к1елхьараваьккхира иза , дaстамéниг [оьзда дóцург] деш хиллачу юьртах , баккъалла а уьш хиллера вóниг ден пéсакънах .
75.Оха вахийтира иза Тхан къинхетамчу . Баккъалла а иза дикачáрех ву .
76.[хьахаве] Нýхь а , цо кхайкхира хьалха , Оха цуна жопделира , Оха к1елхьараваьккхира изá а , цуьнан доьзал а боккхачу бáлех .
77.Оха 1áлашвира иза шаьш Тхан áяташ харцдинчу къóмах . Баккъалла а уьш хиллéра вóниг ден нах . Оха хи бухабахийтар уьш берриге .
78.[хьахаве] Дáвуд а , Сулаймáн а , цаьршимма шéна т1е [дáжа] нéхан жа даьллачу кхен хьокъехь кхел еш хиллачу хéна . Тхо теш дара цéран кхéлана .
79.Оха Сулайманна кхéтийра и , Оха делира х1óраннá а кхéтам а , хаар а . Оха муьт1ахь дира лаьмнаш а , олхазарш а Дáвудаца теспахь дан . Тхо дара [и] дийраш .
80.Оха 1áмийра цуна , шуна [т1еман] дýхарш дар , цо шу лардан шун ницкъах . Дуй шу [Сан зовкхашна] баркалле ?
81.[Оха муьт1ахь бира] Сулайманна дарцан мох , шá цуьнан омaрца лéлаш шéна чохь беркат динчу лаьтте . Тхо дара массо а х1ума хууш .
82.[Оха цуна муьт1ахь дира] Шайт1анех а , шаьш цуна [жовх1арш хьала дáха] хи чудовлурш а , шаьш и болх бóцург кхин дерг дийраш а . Тхо дара уьш [галдовларх] лардеш .
83.[хьахаве] Аюб а , цо кхайкхира шен Дéле :»Баккъалла а соьх вон хьакхаделла , ткъа Хьо къинхетамéчáрех уггар Къинхетамéниг ву».
84.Оха жоп делира цуна , Оха д1адаьккхара [д1аайбара цуьнгара вон , Оха белира цуна шен доьзал а , цаьрца цхьана уьш саннарш а Тхайгарчу къинхетамна , 1ибáдат дечарна хьéхамна а .
85.[хьахабе] Исма1ил а , Идрис а , Зулькифл [Дéлера дéкъан дá] а — [уьш] массо а сатоьхначáрех бу .
86.Оха бахийтара уьш Тхан къинхетамчу , баккъалла а уьш дикачáрех бу .
87.[хьахаве] Зуннýн [ч1éран дá] а , д1авахара иза оьг1азвахана , цуна моьттира баккъаллá а Оха шéна гатто [хало] йийра яц . Цо кхайкхара [ч1éран кийрара] бóданашкахь :»Кхин дéла [ма] вац , Хьо вóцург . Ц1ена ву-кх Хьо . Баккъалла а со хилла-кх зуламхойх».
88.Оха жопделира цуна , г1айг1анах иза хьалхаваьккхира . Иштта [шайн г1айг1анах , сингаттамах] хьалхабóху Оха муъманах .
89.[хьахаве] Закарий а , цо кхайкхара шен Дéле :»Х1ай сан Дéла ! Ма витахь со цхьалха , Хьо вар-кх вéрасашха уггар тоьлург».
90.Оха жопделира цуна , Яхьйá велира Оха цуна , Оха йира цуьнан зуда цуна [доьзалхо ван] мегаш . Баккъалла а уьш бара диканашкахь сихóеш а , [Тхан дикане] сатийсарца а , [Тхан г1ýданах] кхéрарца а Тхоьга кхойкхуш а , Тхуна хьастабелла бара уьш .
91.[хьахаве] Шá шен бехке меттиг ларйинарг , Оха цуна чу диллира Тхан сих [са] , Оха йира иза а , цуьнан к1ант а 1áламашна билгало .
92.Баккъалла а х1ара шун уммат ду , [шá] цхьаъ уммат хилла , Со ву шун Дéла , [Со цхьаъварца] Сýна 1ибáдат дé .
93.Шайн [динан] г1уллакх шайна юкъахь [бéкъабелла] хáдийра цара . [уьш] Массо а [шен бéкхам эца] Тхоьга боьрзур [болуш ма] бу .
94.Ткъа шá диканшха [цхьадерг] динарг , шá [Дéлах] тéшаш волуш , цуьнан къахьéгарна [ял йóцуш] духатóхар дац , баккъалла а Оха цуна [и диканаш] д1аяздеш ду .
95.Оха шá х1аллак йинчу юьртана дихкина , баккъалла а уьш [х1окху дуьненчу] бухабоьрзур бац ,
96.Яъжýж а , Маъжýж а [1ажм1ажб1оьнан дуьхьало] схьаеллалц , уьш массо а гух чухьовддалц а .
97.Гергаеара бакъйолу ч1áг1о , т1аккха и шаьш [Дéлах] цатешначéран б1аьргаш къаьрзира [цáра элира] :»Х1ай тхан бáла [ма бáла букх тхуна] ! Бакъдолуш тхо дара х1окхунах чидам [тергам] бáцарехь . Мелхо а тхо хилла-кх зуламхой».
98.Баккъалла а шу а , Аллах1 [1адда] витина ашa шéна 1ибáдат [мел] дийриг а , жоьжахатан дечиг ду , шу [ма] ду оцу чу г1ýр [дерш].
99.Х1орш [ашa ма-àллара] дéланаш хиллехьáра , оцу [жоьжахат] чу г1ур [ма] бáцара . [ткъа уьш] Массо а оцу чохь гуттар 1ийр [болуш] бу .
100.Цéран оцу чохь узар [маьхьарий] ду , уьш оцу чохь [х1ума] хезаш [хир] бац .
101.Баккъалла а шайна Тхоьгара [азаллехь] диканиг хьалхадаьлларш , уьш цуьнах гéнабóхур бу ,
102.царна хезар дац цуьнан [г1ара] тата , уьш шайн синошна [дог1машна зовкхашха] дезначуьнгахь [сатесначуьнгахь] 1ийр бу гуттар .
103.Уьш г1айг1ане бийра бац доккхачу 1áдóро . Малийкаш т1еоьцур бу уьш [шаьш óлуш] :»Х1ара ду шун [диканца бéкхам бен] де , шá шуна [хир ду аьлла] ч1áг1о йеш хилла [долу]».
104.Оцу дийнахь Оха д1ахьарчор ю стигал , йóзан тептарш хьарчóрах терра . Оха дуьххьарлéра кхоллар дóла ма-дарра , духакхуллур [карладоккхур] ду и . Тхуна т1ехь [Оха йина] ч1áг1о ю [и] . Баккъалла а Тхо дара [и] дийраш .
105.[Дéлора] Бакъдолуш Оха яздира Забур [жайна] чохь хьéхамал т1аьхьа :»Баккъалла а лàтта — и дуьсур [кхóчур ма] ду Сан дикачу лайшна».
106.Баккъалла а х1окхуьнгахь [кхáчаме] кхайкхам ма бу 1ибáдат дечу къóмана [нáхана] .
107.Оха ца хьажийна [ца вахийтана] хьо , 1áламашна къинхéтамнá бен .
108.Ахь áла :»Баккъалла а соьга [Дáла] хьоьху , баккъаллá а шун Дéла — цхьаъ Дéла ву . Дуй шу [Дáлла муьт1ахь] бусулбанаш ?»
109.Ткъа уьш д1аберзахь , ахь áла :»Асa д1акхайкхийна шоьга цхьабосса [цхьатерра] , сýна ца хаа шуна ч1áг1о йийриг герга ду , я гéна ду .
110.Баккъалла а Цуна хаа къaмéлах [ашa] гучудоккхург [хозуьйтург] а , Цуна хаа ашa хьулдийраг .
111.Суна ца хаа , и [1áзап хьéдар] шуна зер хила тарло , я цхьана хéнналц зовкх [хила тарло]».
112.Цо элира :»Х1ай сан Дéла ! Бакъонца кхел éхьа . Тхан Дéла — Къинхетамéниг , ашa [харц] кхуллучун т1ехь [Шéгара] Г1о дéха дéзарг ву».
10/12/2015