button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

22 — Сурат Альхьадж

22 — Сýрат Альхьадж [Хьадж] [Мадинатехь доьссина , 78 аят ду]

Аллах1а ц1арца къинхетаме , къинхетам беш волчу

1.Х1ай нах ! Шайн Дéлах кхéра ! Баккъалла а [къемат дийнан] сахьтан [хьалхар] дéгар доккха [кхéраме] х1ума ду [шуна].
2.Оцу дийнахь шуна гур ду , х1ор [бер] дакхóриг шá [дукхадéзаш] дакхийначух [бáлан боккхаллийна] йицлуш [цо шен хьóмечу доьзалхóчух д1алóцуш] , х1óр доьзалхóчух ерг [кхéраман ч1áг1аллийна] шен [кийрара] доьзалхо [остаяьлла] охьатосуш . Нах гур бу хьýна [техкаш] бехха [болуш санна] , бехха [ма] бац уьш , делахь а [уьш 1áдийна долу] Аллах1ан 1áзап ду [шá] ч1óг1а [дерг].
3.Нáхах ву , шá Аллах1ан хьокъехь [шéгахь нийса] 1илмá дóцуш къуьйсург а , [Дáлла] дуьхьалдаьллачу х1óр шайт1ана т1аьхьах1уттург а .
4.[Дáла] Цуна [шайт1ана] т1ехь [кхел йина] яздина , баккъалла а шá цуна т1аьхьах1оьттинарг [милла велахь] , баккъалла а цо иза [нийсачу новкъах] тилаво , ц1еран 1áзапé иза нисво [аьлла].
5.Х1ай нах ! [нагахь санна] Шу делахь [деллачул т1аьхьа Оха шаьш] г1овттóрах шéконехь , [х1ета] баккъалла а Оха [кхолла ма] кхоьллина шу [шун дá Адам] лаьттах , т1аккха [шу кхоьллина сте-боьршийн хина] т1адамах [óраллех] , т1аккха ц1ийн улхах [деттачу ц1ийх] , т1аккха кхиънá , кхианзá долчу тáлхах , Тхаьш шуна [оцу ражца] билгалдархьама [Тхан ницкъ кхáчар шу г1овтто] . Оха тардо [нáнойн] кийрашкахь Тхайна [шá дита] луург [дуьнен т1едáла] ц1етоьхначу хéнé [кхáччалц] , т1аккха Оха áрадóху шу [нéнан кийрара] бер хуьлий , цул т1аьхьа [Оха] шу [дуьту] шайн ондалле [г1еметтах1оттаре] кхáчийта . Шух шá [ондавáлале] кхалхóриг ву , шух шá гужамалле [хьéкъалах эшаре , къáналле] верзóриг ву , цуна х1уммá ца хаийтархьама [цуьнан] хаарал т1аьхьа . Латта го хьуна [шá] дакъаделла , ткъа Оха цуна т1е [дог1ан] хи доссийча , [денделла сенóца] меттах-хьаьвра и , севсира , цо хьаладáлийтира х1óр хаза [долуш] шина кéпара [óраматаш].
6.И [вай хьахийнарг] ду , баккъалла а Аллах1 — Иза бакъдерг долун дéлá а , баккъалла а Цо [шá и лáтта ден ма-дарра] белларш денбо дéлá а , баккъалла а Иза массо х1уман т1ехь ницкъкхóчуш волун дéлá а ,
7.баккъалла а [къемата дийнан] сахьт , шéгахь шéко йóцуш , дóг1ур долун дéлá а , баккъалла а Аллах1а кешнаш чохь берш [денбина] г1овттор болун дéлá а .
8.Нáхах ву , шá Аллах1ан хьокъехь [шéгахь оьшу] 1илма дóцуш , нийса некъ бóцуш [Дéлера] нуьре жайна дóцуш къуьйсург ,
9.[кураллийца] шен яь1на [ворта] сеттош , Аллах1ан [динан] новкъах [нaх] тилорхьама [къуьйсург] . Цуна дуьнéнахь сийсазалла ю . Къемата дийнахь Оха цуьнга 1овшуьйтур ду ц1еран 1áзап .
10.[цуьнга эра ду] Иза , хьан шина куьйго [дуьнéнахь дина] хьалхадаьккхинарг бахьанехь ду [хьуна] . Баккъалла а Аллах1 [Шен] лайшна [харцо йийр йолуш] зуламе вац .
11.Нáхах ву шá Аллах1ана [динлéлóрехь] йиста [шекóна] т1ехь [ойла керчаш] 1ибáдат дийриг . Шéга дика деача цуьнах синтем [парг1ато] хуьлуш , ткъа шéга [шá халонца , бáланца] зер деача [керста хиле] шен юьхь т1е вухавоьрзуш . Дуьнé а , эхарт а дайъана цо . И ду иза билгала [долу] дáр [эшам , зен].
12.Цо кхойкху Аллах1 [1адда] витина шéна шá зен ца дийриг а , шéна шá пайда ца бийриг а . И ду иза геннара тилар .
13.Цо кхойкху шен зен [дуьнéнахь] шен пайданел а герга дерг . Ма вoн эла ву-кх иза , ма вон нáкъост ву-кх иза .
14.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу [ялсаманийн]. бошмашка . Баккъалла а Аллах1а , Шéна луург до .
15.Аллах1а цуна [Мухьаммадна] дуьнéнахь а , эхартахь а г1о дийр дац моьттуш верг , [шен тховха] хьала муш д1атасийла цо [ирхъоллавалархьама] т1аккха [и] хáда бойла цо , [ойланца] хьожийла иза шен мéкарлóно [а , шен х1иллано а] д1атиладой ткъа [шá] дáрвеш [оьг1азвохуьйтуш] дерг .
16.Иштта , Оха доссийра и [Kъуръан] билгала áяташца , баккъалла а Аллах1а нисво Шéна луург .
17.Баккъалла а шаьш [Дéлах] тешнарш а , шаьш жуьгтийн динехь хилларш а , сéдарчашна [малийкашна] ,1ибáдат дийраш а , 1úса [пайхамаран] динехь хилларш а , ц1еран [малхан] 1ибáдат дийраш а , шаьш [Дáлла ц1уйх] дéкъахо винарш а — баккъалла а Аллах1а къемата дийнахь царна юкъахь [нийсонца] кхел йийр ю [цхьаберш ялсамане , вуьйш жоьжахате бахийтарца] , баккъалла а Аллах1 [цéран] массо а х1умана т1ехь [и хаарца] теш ву .
18.Хьуна ца гина [ткъа] , баккъалла а Аллах1 — Цуна гóрадоьду шá стигланашкахь , лаьттахь мелдерг а , малх а , бутт а , седарчий а , лаьмнаш а , дитташ [óраматаш] а , дийнаташ а , адамашха дуккхá а , шайна 1áзап зап хьакъ хилла [чáрех] дуккхá а ? Шá Аллах1а сийсаз вийриг , цуьнан вац [цхьá а] сийдийриг . Баккъалла а Аллах1а Шéна луург до .
19.Х1ара шиъ довхо [тóба] шайн Дéлехь девне [къовсаме] ваьлла , ткъа шаьш [Дéлах] цатешнарш — царна éрина [тегга] ц1ерах [йолу] бедарш . Цéран кортош т1ехула [царна т1е] дутту ц1ийдина [кхехкийна] хи ,
20.шéца цéран кийрашкахь дерг а , [цéран] чкъоьрнаш а лáлош [долу],
21.царна [та1зарна кечйина] аьчка чхьонкарш [ж1аьвнаш].
22.Х1óразза царна оцу [жоьжахати] чуьра — [цуьнан] г1айг1анéра áрабовла лиъча , цу чубухку уьш , [цаьрга óлу] :»1овша ц1еран 1áзап !».
23.Баккъалла а Аллах1а чубохуьйту шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а шайна к1елахула тáтóлаш лéлачу бошмашна , оцу чохь уьш кечбо дешúца кхéлина х1азаршцá а , жовх1арцá а , цéран дýхар оцу чохь дáри [хир] ду .
24.Уьш нисбина [Kъуръáнан] хазчу дашé , уьш нисбина [дуьнéнахь] хáстаме [нийсачу] нéкъе .
25.Баккъалла а шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Аллах1ан нéкъах , [вóчух] дихкинчу маьждигах [нах] бухабеттарш а , Оха шá нáхана [1ибáдатна] цхьатерра дина долу — цу [Макки] чохь 1ечунá а , áрарчунá [ца 1ечунá] а , шá цу чохь зуламца [дин] т1еравáлар луург [милла велахь] — Оха цуьнга 1овшуьйтур ду лазóчу 1áзапех .
26.[хьахаде] Оха билгалйира Ибрáх1имна [хьажийн] ц1ийнан меттиг :»Ма дé соьца х1уммá дéкъахо , ц1андé сан ц1а гó тосучарнá а , [лáмазна] д1ах1иттанчарнá а , [рукý1ана] охьатаь1начарнá а , [суждана] горбаханчарнá а».
27.Кхайкха нáхалахь хьадж дарца , уьш бóг1ур бу хьуна г1àш а , [шаьш] массó а гéнарчу тóг1éра [ч1ожéра] йóг1учу массó а óзачу [эмкална] т1ехь а ,
28.шайна [хир болу] пайданашна тешх1иттá а , билгалчу [г1урбан] дéношкахь Аллах1ан ц1е хьахó а , Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шаьш даа цуьнах , дéкъазчу пéкъарна даадé !
29.Т1аккха цáра кхочушдойла шайн [хьадж дехкаран уьнахц1аналлийн] лáмасташ [дéкхарш] , кхòчуш йойла шайн ч1áг1óнаш , гó тасийла ширачу [хьаж] ц1енна .
30.[иштта ду] И [г1уллакх] , ткъа шá Аллах1а дихкинарш [хьурматаш] лóрург [милла велахь] , и тоьлуш ду цуна шен Дáлла гергахь . Шун [даа , пайда эца] магийна [хьáнал дина массо] хьайбанаш , шуна т1ехь [цамагарца билгалдина] доьшург дóцург . Гéнадовлалуш ц1уйшха [долчу] боьхачух , гéнадовлалуш харц дашах [къамéлах],
31.[доггаха] Аллах1é [Цуьнан бакъóне] туьйжуш , Цуьнца дéкъахо ца веш . Ткъа шá Аллах1ана дéкъахо вийриг , баккъалла а шá стиглара [лаьтта] воьжнарг санна ву , т1аккха шá олхазаро [сихонца] д1ахьуш , я мохо [вадийна] гéнарчу меттиге вóжош [вуьгуш].
32.[иштта ду] И [г1уллакх] , ткъа шá [хьадж дарехь долу] Аллах1ан лáмасташ лóрург [милла велахь] , баккъалла а и дегнаш [Дéлах] кхéрарх ду .
33.Шуна цаьргахь [хьайбанашкахь] пайданаш бу [цаьрна урс хьакха] ц1етоьхначу хáнналц , т1аккха цéран [урс хьакха мега] меттиг ширачу [хьаж] ц1енна гергахь ю .
34.Х1óр умматна [бусулба тóбанна] Оха йина динан кеп , цаьрга Аллах1ан ц1е хьахайайта Цо шайна хьайбанашха деллачу дийнат т1ехь . Шун Дéла — цхьа Дéла ву , [доггаха] Цуна муьт1ахь хила . Ахьа кхаъбаккха эсалчáрна [муьт1ахьчарна] а ,
35.шаьш [шайна гергахь] Аллах1 хьахийча шайн дегнаш óзаделла [кхийрина] болу , [иштта халóнашха] шайна т1едеанчуна сатýхучáрна а , [шен хéнахь] лáмаз х1оттóчарна а , Оха шайна деллачух [сáг1ийна] харжйечарнá а [кхаъбаккха].
36.Эмкалш [бежнаш] — Оха йина уьш шуна Аллах1ан [динан] билгалóнашха . Шуна цаьргахь [дуьнéнахь] дика ду . Ашa хьахайé Аллах1ан ц1е царна [урс хьакхар] т1ехь , [уьш] мог1арехь лаьтташ . Цéран áг1óнаш [урс хьаькхна лаьттах] кхетча , ашa даа цуьнах [жижиг] , даадé [шéгахь долчух] тоамбечуна , доьхучуна . Иштта , Оха муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга баркалла áлийта .
37.Аллах1е кхóчур дац цéран жижигаш а , дац цéран ц1ийш а , делахь а Цуьнга кхóчур ду шоьгара [Шех] кхéрар . Иштта , Цо муьт1ахь йина шуна уьш , шоьга Аллах1 вазвайта Цо шаьш [нийсачу новкъа] нисдарна т1ехь . Кхаъбаккха дикадечарна !
38.Баккъалла а Аллах1а 1áлашбо [ларбо] шаьш [Дéлах] тешнарш . Баккъалла а Аллах1ана ца вéза т1ех йáмартаниг , [Дéлах] цатéшарг .
39.Магийна [кхéчáра] шайца т1ом бечарна [царна дуьхьал т1ом бан] баккъалла [керстано] царна зуламдарна . Баккъалла а Аллах1 царна [бусулбанашна] г1одар [уьш тóлор] т1ехь ницкъкхóчуш ма ву .
40.Шаьш áрабаьхна болу шайн керташкара [цхьá] бакъо йóцуш [бахьан дóцуш] , цáра :»Тхан Дéла — Аллах1 ву» — áлар дóцург . Аллах1а 1áлашбеш бáцахьáра нáх — цáрех цхьаберш вýкхарца , йóхийна хир ма яра [мозг1арш чохь лолла до] лаппаг1анаш , килсаш , [жуьгтийн] лáмаз чоьнаш , шайна чохь дуккхá а Аллах1ан ц1е хьахош долу маьждигаш . [Дéлóра] Аллах1а г1одийр ма ду Шéна г1одечунна . Баккъалла а Аллах1 ницкъберг , сийлахьниг ву .
41.Шаьш — Оха уьш ч1аг1бича лаьттахь , лáмаз х1оттийна , закат делла , [диканца] девзачунца омaр дина , цадóг1учух [нàх] бухатоьхна болу . Аллах1ан ю [массо] г1уллакхийн чаккхе [т1аьхье].
42.Цáра хьо харцвахь , бакъдолуш цáрел хьалха харцвина Нýхьан къóмо , [Х1ýдан къóмо] 1áдаш , [Сáлихьан къóмо] Самýдаш ,
43.Ибрáх1иман къóмо , Лýт1ан къóмо ,
44.[Шу1айбан къóмо] Мадьяна дайша [харцвина шайга веана элча] , Мýса харцвина [къибт1аш] , Асa [та1заран хaн] т1аьхьатеттира керстанашна , цул т1аьхьа Асa схьалéцира уьш . Мýха дара Сан [цаьргара] бехк-бáккхар [та1зар дар] ?
45.Хийла юьрт х1aллак йина Оха , и зуламе йолуш . Шайн тхевнаш т1е хаьрцина [лаьтташ] ю уьш . [хийла] Г1ý ю д1атесна [юкъйелла лаьтташ] , [хийла] йоккха г1áла ю [éса лаьтташ].
46.Лаьттахула ца лелла [ткъа] уьш [шаьш хьовса Дáла х1аллакдинчу къаьмнийн ларашка , т1аккха] цáрна хила шайца ойла ен дегнаш я шайца ладýг1у лергаш ?! Баккъалла а б1аьрсаш дац б1аьрзе [дерш] , амма шаьш кийрашкахь долу дегнаш ду б1аьрзе .
47.Цáра сихво хьо [шайна ч1áг1о ечу] 1áзапца . Аллах1а йóхор [йолуш] ма яц Шен ч1áг1о . Баккъалла а хьан Дáлла гергахь [долу цхьа] де , ашa [дуьнéнахь] дагардечух эзар шо санна [дéха] ду .
48.Хийла юьрт , Асa [1áзапах] т1аьхьатеттина и , уьш зуламе йолуш . Цул т1аьхьа Асa схьалéцира уьш [1áзапца] . Соьга ду [цéран] берзар .
49.Ахь áла :»Х1ай нaх ! Баккъалла а со шуна билгала д1ахьéдархо [кхерамтосург] ву»
50.Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а — царна гечдар а , лéраме рицкъá а ду .
51.Шаьш Тхан [Kъуръáнан] áяташ г1óрасиз дан г1ерташ лелларш , уьш [жоьжахатин] ц1еран дай бу .
52.Оха ца ваийтира хьоьл хьалха [цхьá] элчá а , пайхамар а , цо [Дéлан дош] дешча шайт1ано цуьнан дéшарна юкъа [нáхана дéзарг] кхуссуш бен , т1аккха Аллах1а д1адойъу [д1атиладо] шайт1ано [юкъа] кхуссург , цул т1аьхьа Аллах1а ч1аг1до [лардо] Шен áяташ [шайт1ано юкъа кхуссучух] . Аллах1 хууш , кхéтамé ву .
53.Шайт1ано [юкъа] кхуссург дархьама , шайн дегнашкахь [шéкóнан] цамгар йолучарнá а , шайн дегнаш шóга долучарнá а зер . Баккъалла а зуламхой геннарчу эг1арехь ма бу .
54.[Дáла и хьал довзуьйту] Шайна 1илма деллачарна хаийтархьамá а , баккъалла а и [Kъуръáн] xьан Дéлера бакъдерг хилар , уьш цуьнах тешийтархьамá а , цéран дегнаш цуна муьт1ахьхилийтá а . Баккъалла а Аллах1 , шаьш [Дéлах] тешнарш нийсачу новкъа нисбеш ма ву .
55.Шаьш [Дéлах] цатешнарш , сацанза цуьнах [Kъуръáнах] шéкóнехь бу , шайна ц1аьххьана [къемат дийнан] сахьт дáллалц , я шайна 1ахар [доьхна] дийнан 1áзап дáллалц .
56.Оцу [къемата] дийнахь óлалла [паччахьалла] Аллах1ан ду . Цо кхел йийр ю царна юккъехь . Шаьш [Дéлах] тешнарш а , диканаш динарш а зовкхан бошмашкахь [хир] бу .
57.Шаьш [Дéлах] цатешнарш а , Тхан áяташ харцдинарш а , уьш — царна [шаьш] сийсазбен 1áзап [хир] ду .
58.Шаьш Аллах1ан нéкъахь махкахбоьвлла , цул т1аьхьа байъинарш , я белларш — Аллах1а царна лур ма ду дика рицкъа . Баккъалла а Аллах1 — И ма ву рицкъалучáрех [уггар] тоьлург .
59.Цо чубохуьйтур ма бу уьш , шаьш шéна рéза болчу [ялсаманин] чуг1ойлúна . Баккъалла а Аллах1 хуург , [сóбаре] к1éданиг ма ву .
60.Иштта [ду и г1уллакх] , шéна [кхéчо] динчул шá [дуьхьал] та1зар дина [д1адекхна] , цул т1аьхьа [цо] шéна [юха] зулам динарг [милла велахь] , Аллах1а г1одийр ма ду цуна . Баккъалла а Аллах1 къинт1éравóлург , гечдийриг ма ву .
61.[шен зулам хиллачуна] И [г1о] , баккъалла а Аллах1а [Шен ницкъаца] буьйса денна чуйуллу дéлá а , де буьйсан чудуллу дéлá а , баккъалла а Аллах1 хезаш , гуш волун дéлá а ду .
62.И , баккъалла а Аллах1 — Иза бакъдерг хиларнá а , баккъалла а Иза витина цáра кхойкхург — и харцдерг хиларнá а , баккъаллá а Аллах1 — Иза лекханиг , воккханиг хиларнá а ду .
63.Хьуна ца гина [ткъа] , баккъалла а Аллах1а стиглара [дог1ан] хи доссор , т1аккха латта хуьлу сенделла ? Баккъалла а Аллах1 к1éда-мерзаниг , хуург ву .
64.Цуьнан [дóлахь] ду стигланашкахь а , лаьттахь а [мел] дерг . Баккъалла а Аллах1 — Иза [х1умане] хьаштвóцург [хьалдерг] , хáстамéниг ма ву .
65.Хьуна ца гина [ткъа] , баккъаллá а Аллах1а шуна муьт1ахь дар лаьттахь [мел] дерг а , х1ордкéманаш а шаьш Цуьнан омарца х1ордахула лéлаш , Цо стигал сацор а лаьтта т1е йóжарх Шен пурбанца бен ? Баккъалла а Аллах1 адамашха къахéтарг , къинхетамéниг ма ву .
66.Иза — Шá шу [нéна кийрахь] дендинарг а , цул т1аьхьа [1óжаллин хàн кхаьчча] шу кхалхóриг [долуьйтург] а , цул т1аьхьа [эхартахь] шу дендийриг а ву . Баккъалла а адам [шéна динчу диканна] баркаллé ма дац .
67.Х1óр умматна [бусулба тóбанна] Оха йина динан кеп , цáра шá д1алéлош йолу . Цáра ма къуьйсийла хьоьца оцу г1уллакхехь . Хьан Дéле кхайкха , баккъалла а хьо нийсачу нéкъа т1ехь ма ву .
68.Цáра хьоьца [девне боьвлла] къовсахь , [царца къийсá ца къуьйсуш] ахь áла :»Аллах1 т1ех дика хууш ву аша дийриг [шуна дóг1у та1зар».
69.Аллах1а кхелйийр ю шуна юкъахь къемата дийнахь , [дуьненахь] шу шéгахь [барт] оьг1уш хиллачуьнгахь .
70.Хьуна ца хиъна [ткъа] , баккъалла а Аллах1ана стиглахь а , лаьттахь а [мел] дерг хууш хилар ? Баккъалла а и [цаьршина чохь дерг] жайнахь [билгалдина] ду . Баккъалла а и [хаар] Аллах1ана áтта ду .
71.Цáра 1ибáдат до Аллах1 [1адда] витина , Цо шех [лаьцна и магош жайнахь] бух ца боссийначунá а , шайгахь шех [лаьцна , уьш дéланаш бу , я бац цхьа] хаар доцучунá а . [цхьá] Г1оьнча вац зуламхошна [шаьш Дéлан 1áзапах к1елхьар бáха].
72.Царна Тхан [Kъуръáн] áяташ дешча билгалдина , хьуна хаало шаьш [Дéлах] цатешначéран яххьашкахь [Тхан áяташка болу] цабéзам [уьш цáра т1ецаэцар] , шайна Тхан áяташ доьшучарна [г1éло ян] т1екхéта [т1елата] кийча болуш . Ахь áла :»[шуна цадéзарехь] Цул вóчух [лáце] дийций асa шуна ?» [жоьжахатин] Ц1е ю [и] , Аллах1а шаьш [Дéлах] цатешначàрна шéца ч1áг1о йина йолу . Ма вoн берзар ду-кх [и ц1е].
73.Х1ай нàх ! Масал дáлийна [шуна] , ладóг1а цуьнга . Баккъалла а шаьш , аша Аллах1 [1адда] витина кхойкхурш , цáра [цкъá а] кхуллур ма бац моза [цáра х1уъу а дича] , уьш [ц1уйш] цуна [дуьхьа] гулйелча а [кхуллур бац] . Мозано шайха цхьа х1ума ядийча , царна цуьнгара схьаяккхалур [ма] йáцара и . Заь1ап [г1ийла] хили [шá] лохург а , [шá] лоьхург а .
74.Цáра ца вазвира Аллах1 Шá вазван хьакъ ма-варра . Баккъалла а Аллах1 нуьцкъала , сийлахь ма ву .
75.Аллах1а хоржу малийкех а , адамех а гéланчаш . Баккъалла а Аллах1 хезаш верг а , гуш верг а ву .
76.Цуна хаа цáра хьалха динарг а , цáра т1аьхьа дийра дерг а . Аллах1е дерзадо белхаш .
77.Х1ай шаьш [Дéлах] тешнарш ! [рукý1ана] Охьата1а , [суждана] горг1о , шайн Дáлла 1ибáдат дé , диканиг дé . Дéкъал хила мега шу [дéкъал хилархьама].
78.Къахьéга Аллах1ан дуьхьа [шайн бáхамашца , меттанашца , дог1машца] , Иза хьакъ волу къахьéгарца . Цо хаьржина шу [Шен динна] . Цо ца йина шуна динехь [цхьá хало] гатто . [мелхо а парг1ато йина] Шун дéн — Ибрáх1иман динехь [ма-ярра] . Цо бусулбанаш аьлла шух хьалха [диссийна жайнашкахь] а , х1окху [Kъуръáн] чохь а , элча шуна [шá д1акхайкхор] т1ехь теш хилийтá а , шу нáхана [цéран элчанаш царна д1акхайкхор] т1ехь тéшаш хилийтá а . Ламаз [х1отта] дé , закат лó , Аллах1ана т1етовжа , Иза ву шун [дóладеш волу] вéрас [эла] . Ма дика верас ву-кх [Иза] , ма дика г1оьнча ву-кх [Иза шуна].

Comments are closed.