button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

РАЖАБ БЕТТАН 27 ДИЙНАХЬ МАРХА КХАБАР

Хаттар: Ражаб беттан ткъе ворхIалгIачу дийнахь марха кхабаран хьукма хIун ду?Жоп: Хастам бу АллахIана. Салават-салам хуьлда Элчанна а, цуьнан доьзалашна а, цуьнан асхьабашна а! Цул тIаьхьа, Ражаб беттан ткъе ворхIалгIа де марха кхабарца къастор а, иштта, иза суннат ду аьлла кхетам хилар а, наха хIокху Ражаб баттахь юкъадаьхна долчу бидlатех бидlат ду. Дика хуушверг […]

Iилмангахь сов ваккхар доьхуш деш долу доIанаш

Хаттар: Суна Iилма Iамон а, цу Iилмангахь сов ваккхар доьхуш суннатехь деана долу доIанаш довза лаара. АллахIа диканца бекхам бойла шуна! Жоп: Хастам бу Аллахlана, салам маршалла хуьлда АллахIан Элчанна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна, цул тIаьхьа: […]

Веллачу доттагlчунна тlера сагlа даларан хьукма.

Хаттар: Хlокху хоьттуш йолчо боху: «шен доттагl еллера, ша цунна тlера шен ахчанах сагlа даьккхича оцунна мел дlакхочур буй, оцу дlакхелхина йолчуьнан шен кlант а ву?». […]

АЬРРУ КУЬЙГА САГIА ДАЛАР.

Хаттар: Аьрру куьйга сагlа дала мегар дуй? Делча цунах ял хира юй? Жоп: Аьрру куьйга сагlа дала мегар ду, иштта аьрру куьйга сагlа делча цунах ял а хира ю. Делахь а, гlолий дерг а, деза дерг а, аьтту куьйга далар ду. Жоп делларг: Шайх Сафвáн lаднáн Дáвуди аш-шáфиIий.

Фатихь салават

Хаттар: «Фáтихь» цIе йолчу салават хьокъехь хIун эра дар ахь, хIай лераме Шайх? Жоп: «Аллох1умма солли Iала саййидина мухьаммадильфатихьа лима уг1ликъо вальхотимо лима сабакъо насириль хьакъо бильхьаккъи вальх1ади ила сирот1окаль мустакъим ва1ала алих1и хьаккъо къодрих1и вамикъдарих1иль Iазим». Жоп: Иза бух болуш хIума дац. Цу кепара салават диллар Элчанера (саллаЛлахIу IалайхIи ва саллам) деана дац. Жоп […]

ЯЛСАМАНИН ОХIЛУНО БУЬЙЦУР БОЛУ МОТТ.

Хаттар: Ялсамани чохь буьйцур берг хlун мотт бу? Жоп: «Дика хууш верг АллахI ву, бух болуш деана цхьа а хlума дац ялсамани чохь хIун мотт хир бу билгал деш. Цундела вай иза кега ца деш Iаддитича дика хир ду». ✍️ Шайх Мухьаммад ал-Мунажжид