Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гIо дар, Ислам-динан гIиллакхех цхьа гIиллакх ду». МажмуIул фатава, 25/298.
|
|
||
|
Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гIо дар, Ислам-динан гIиллакхех цхьа гIиллакх ду». МажмуIул фатава, 25/298. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Марханаш уггаре дика кхобуш берш — шайн марханашкахь АллахI (Сийлахь-Веза ву И), дукха хьехош берш бу». ал-Вабил ас-Саййиб, 152. Лараме вежарий, йижарий! Бертте беана тIехIоьтти вайна мархийн бутт. И Рамадан бутт бу и, хийлаза АллахIах кхоьруш болучара шега сатийсина болу. И Рамадан бутт бу и, хийлаза дикачу нехан синоша шега сатийсина болу. Дерриг дика а, беркат а шена чохь долу цу батте дегнаша са муха тосур дацара?! Шена чохь шортта гечдар а, къинхетам […] Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: Дуьне — кхо де ду: Селхане ю. Иза шен чохь мел долчуьнца дIаяхана. Кхане ю. Хьо цуьнга волий а ца хаьа. Тахане ю. Ткъа иза хьан керахь ю, цундела, дика Iамалш е цу чохь. аз-ЗухIд лил-БайхIакъий, 196. […] Ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Вонан кхоъ бух бу, ткъа цуьнан дакъош ялх ду. Вонан баххаш иштта ду:ХьагI а,Сутаралла а,Дуьне дезар а. Ткъа цуьнан ялх дакъа иштта ду:Наб езар,Вуззалца хIума яар дезар,ПаргIато езар,Коьртехь хилар дезар,Наха ша хестор дезар,Дозалла дезар». Ал-Iикъдул-фарийд, 2/151. […] Цхьаболчу Iеламнаха аьлла: «Айхьа къамел дечу хенахь, АллахIана хьо хезаш хилар дагадаийта ахь. Хьо тап-аьлла Iачу хенахь, АллахIана хьо гуш хилар а дагадаийта ахь». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 290. Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Адамана хьарам долу цхьа дирхIам (сом) Iаддитар гIоли ма ду, бIе эзар дирхIам сагIина лучул». ЖавáхIирул-Iилмми, 5/1125. Шайх ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Новкъара хIума дIаяккхар сагIа хилча, новкъарло йийра йолу хIума новкъа кхоссар а (жима) къа ду». Шархь риядус-салихьийн, 3/37. Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:«Шен дена-нанна дика дан луучо, цаьршинна тIера сагIа доккхийла. Бакъдолуш, сагIа велла чунна дIа а кхочу, цунах цунна пайда а хуьлу, цу тIехь Iеламнахана юкъахь къовсам а бац». Шархь сахьихь Муслим, 1/89. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Элчанна (ﷺ) тIаьхьа а ца возуш, шена АллахI веза мел бохург, харц луьйш ву». МажмуIул-фатава, 8/360. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||