button-2888 button-2888 button-2888 button-2888

Ма гIийла хIума ю-кх адам

«Ма гIийла хIума ю-кх адам! Селхана тIадам бара и, кхана дакъа ду и». Абу Юсуф ал-ГIасулий. аз-ЗухIдул-кабийр, 204.

Вон нигат

«Вочу нигато санна стеган Iамал йохош хIумма а дац. Вон нигат а долуш, цо цхьа дика дахь, цу дикан беркат дIадера ду. Ткъа вочу нигатца адамо вон хIума дахь, цу вочу хIуман бохам а кхин а боккха хир бу». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий

ПIераскан де

«ПIераскан де — Iибадат до де ду. Беттанашна юкъахь, Рамадан бутт санна (деза) ду и. Цу пIераскан денна чохь доIина жоп луш йолу хан, Рамадан батта чохь Лайлатул-къадр буьйса санна (еза) ю». Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийя — Зáдул-маIáд, 1/398.

Хьоьх шиъ бен кхетар вац

Хьоьх шиъ бен кхетар вац: Хьуна тIехIоьттинарг шена тIехIоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен.

Ас-со бахарах ларвалар

«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».

Нигат цIена хиларан билгалонаш

ЦIеначу даггара лелачуьн нигат цIена хилар билгалдоккхуш, Iелимнаха йийцина билгалонаш ю: ГIаравийлар ца дезар. Ша наха хестор ца дезар. Динан белхашкахь жигар хилар. Дика белхаш дарехь сихо яр а, Делера а бен йоле са ца тийсар а. Собаре хилар а, шена хуьлуш йолу халонаш нахе ца елхор. Шен Iамалш чIогIа къайлаяхьа лууш хилар. Къайлах […]

Шена балу бух боцу некъ — кхераме некъ бу!

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къуръан тIера а, суннатера а далил доцуш мел болу некъ — жоьжахатин а, Дала эккхийна долу шайтIан а некъ бу». Мада́рижус-са́ликийн, 2/439.

Ялсаманехь зовкх хьегар

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: {لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ} «Царна цу (ялсамани) чохь шайна мел дезарг хир ду, гуттар Iийр а бу уьш цу чохь…». Сурат: ал-Фуркъан, 16 аят. Вуьшта аьлча, зовкх хьегар хир ду юучуьнца-молучуьнца, бедаршца, хIусамашца, дIасалеларан гIирсашца, исбаьхьа меттигашка хьежарца. Уьш доцурш кхин а зовкхаш хир ду цу чохь, цхьаьна бIаьргана гина […]

Къийсадаларехь болу бохам

Къийсадаларехь болу бохам Лайлатул-къадр буьйса маца ю хаийта араваьлла хилла АллахIан элча (саллаллахIу IалайхIи васаллам). ТIаккха къийсалуш цхьа ши стаг а гина йицъелла цунна иза маца хуьлу. Масне дика а, беркат а дIаоьцу вайна юкъара, вайна хаа а ца хууш, къийсадалар а, дегнаш чохь хьагI-гамо хилар а бахьана долуш?! Шайх Мухьаммад Сáлихь ал-Мунажжид

СагIано тамашийна Iаткъам бо тIера

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «СагIано тамашийна Iаткъам бо тIера ба́ла дIаайбарехь а, бахана бIаьрг дIабаккхарехь а, хьагI йолчуьн вон юхатохарехь а». Бада́иIул-фава́ид 2/234