Цхьа стаг IабдуллахI Ибн Мубаракан тIе а веана, шен кIанта аьлларг ца до шена бохуш арз деш хилла. ТIаккха Ибн Мубарака хаьттина цуьнга: «Цунна вон доIа* диний ахь?» — аьлла. Стага аьлла: «ХIаъ, дина». ТIаккха Ибн Мубарака аьлла: «Хьада дIавало, айхьа талхийна ахь иза». *Вон доIа — иза дайша-наноша шайн доьзалхочунна дуьхкуш долу сардамаш […]