Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, дегнаш леш а, денлуш а хуьлу. Нагахь санна уьш лахь, парз Iамалшца денде аша уьш, ткъа денделча, суннат Iамалшца кхиаде аша уьш». аз-ЗухIд ли-Ахьмад Ибн Хьанбал, 233.
|
|
||
|
Хьасанул-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, дегнаш леш а, денлуш а хуьлу. Нагахь санна уьш лахь, парз Iамалшца денде аша уьш, ткъа денделча, суннат Iамалшца кхиаде аша уьш». аз-ЗухIд ли-Ахьмад Ибн Хьанбал, 233. Имам ЗухIрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша новкъа ваьлла воьдуш волуш Iашураъ дийнахь марха лаьцна хилла. ТIаккха цуьнга хаьттина: «И марха хIунда лаьцна ахь, Рамадан баттахь хьо новкъахь волуш ма ца кхобу ахь Рамадан беттан марха?!» ТIаккха ЗухIрийс аьлла: «Рамадан беттан марханаш (хьо новкъахь нислахь) кхечу деношкахь кхаба йиш йолуш ду, амма Iашураъ де тIехдаьлчул […] ШумайтI Ибн Iаджлáна аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа – Сийлахь, Веза ву И, муъма стеган ницкъ цуьнан дагчохь бина, цуьнан меженашкахь ца бина. Шуна ца гина гIийла, воккхачу стага кхехкаш долу довхачу дийнахь марханаш кхобуш, буьйсанаш ламазехь денъеш?! Ткъа жимачу стеган ницкъ ца кхочу и лело». АIмáлул-къулуб, 1/43. Халид Ибн Iусман ас-Сабт Имам ШафиIийс (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Iилма ца дезачуьнгахь хайр дац». 📕 Тариху Димашкъ, 15/407. ТабиIий волчу Имам ИбрахIим ан-НахаIийс (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Шух цхьаъ нехан чу вахча, цу чохь болучара охьахаа аьллаче охьахаа. ХIунда аьлча, бухахь болучарна гIолехь хаьа шайн хIусамехь ларо дезарг хIун ду». Мусаннаф Ибн Аби ШайбахI, 25593. Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду Пайхамара (ﷺ), аьлла: «Уггаре дика доIа Iарафат дийнахь дина доIа ду. Ткъа уггаре диканиг аса а, соьл хьалхарчу пайхамарша а аьлларг ду: «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лахIулмулку, ва лахIул-хьамд, ва хIува Iалá кулли шайъин къади́р»». ат-Тирмизий 3585. Майрачу лаьхьано, хин буха боьдучуьра чIара кIелхьара баьккхина! Вайна гондахьа эгаш долу хIуманаш иштта дуьйцу цхьаболчу хаамийн гIирсаша. Галдаьлларг, цара иштта хаамаш бар дац. Галдаьлларг, чIара хин буха боьду бохучух нах тешар ду. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дагна АллахI хьехор чIерана хи эшарх тера ду. Ткъа хих къаьстича чIеран хьал муха хир дара (аьлла хета хьуна)?!». 📚 МажмуIул-фатава, 10/85. Цхьана стага Ибн МасIудана тIе а веана аьлла: «Суна новкъарлонаш еш, суна луьйш, шега йалуш йолу хало еш цхьа лулахо ву сан» — аьлла. ТIаккха Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна), аьлла: «Хьада дIагIо, бакъдолуш, иза хьан хьокъехь АллахIана Iеса хилла, ткъа хьо цуьнан хьокъехь АллахIана муьтIахь хила хьо». [Ихьйáъ Iулýмиддин, 2/212]. Дахаро Iожалле хаьттина: «Нахана со дукха хIунда деза, ткъа хьо дукха хIунда ца еза?» — аьлла. Iожалло жоп делла тIаккха: «Хьо хаза аьшпаш болун дела, ткъа со къаьхьа бакъдерг долун дела». |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||