Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий. 📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558.
|
|
||
|
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), олуш хилла: «Ас цхьа шийла хIонц йийций шуна?» ладоьгIучара олуш хилла: «Йийцахь». ТIаккха цо олуш хилла: «Iай марха кхабар ю шуна» — олий. 📕 ЛатIáифул-маIáриф – Ибн Ражаб, 558. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ Шена йоI йича оьгIаз вахар Ислам-дин тIедале хьалха хиллачу мушрик нехан гlиллакхех ду. АллахIа Шен дашехь цаьрга бехкбоккхуш аьлла: «Царах цхьаьнга йоI йина (хьуна) аьлла кхаъ баьккхича, юьхь Iаржалой дIахIутту иза, шен оьгIазло хьул а еш. Шега (иштта) вон кхаъ баккхарна нахах (эхь хеташ) дIалечкъа иза, […] Iумар Ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: ❏ «Iа — Iибадат дечеран хIонц ю». 📕 Хьилятул-авлияъ, 8/134. ХIай лераме йиша! Хьайн марзахошца хьан мел дика юкъаметтиг елахь а, наггахь юкъа цхьаъ дожаза ца дуьсу хьуна. Цунах хьо кхеташ елахь, дахар иштта бен хир доций хууш елахь, шайна юкъа цхьа къовсам боьжча, и хьекъалца, сих а ца луш дIабаккхалур бу хьоьга. ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Буьйсанаш дуккха а (ламазашкахь) ден йиначунна, АллахIа къематдийнахь латтар а атта дийра ду». 📕 Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 7/119. Яхья Ибн МуIáзас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «АллахI вéза бохуш, Цуьнан дозанаш лардеш воцург бакълуьйш вац». 📕 ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 86. Мéла баккха уггаре дика хан Iуьйкъа хан ю, рицкъ даккха уггаре дика хан Iуьйре хиларе терра. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. IубайдуллахI Ибн ал-Хьасана цхьана стаге аьлла: ❏ «ХIай хьанех! ДоттагIий дуккха а хилийта ахь хьайн. ХIунда аьлча, хьо велла аьлла шайга хабар кхаьчча, цаьргара уггаре а кIезга хьуна хин долу дика — хьо Деле воьхуш хьуна доIа дар ду хьуна». 📕 ал-Ихвáн ли-ибн Аби ад-Дуня, 29. ❏ «Хьо АллахIана тIе некъ беш велахь, Цо бийцинчу новкъахула бен Цунна тIе ма гIолахь!». ✍ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. ❏ «Цхьайолчу хенахь АллахIа зуламхо (нахана юкъахь) вазвой айво. Иза Шена дукха везарна ца айво Цо, амма, лаккхара и чу кхоссархьама айво». ✍️ Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||