❏ ДоIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца деш. Муххале а, доIа хIаваъ санна леладе. Хьайн Деле массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а.
|
|
||
|
❏ ДоIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца деш. Муххале а, доIа хIаваъ санна леладе. Хьайн Деле массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а. Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: ❏ «ШариIат — кхетамаш бIарзделлачарна серло ю, синпаргIато ю, дегнийн дахар ду, цунах тасвелларг кIелхьаравера ву, цунна букъ тоьхнарг дакъазавера ву». 📕 ал-ИIлáм битавдийхь навакъидил-ислам. «АллахI вазвиначо Цуьнан пайхамар вазвина, (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). Ткъа пайхамар вазварх ду, денойх уггар деза долчу пIераскан дийнахь цунна салаваташ дуккха а дахкар». ✍🏻 Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий АллахIумма салли Iалá Мухьаммадин ва Iалá áли Мухьаммадин ва саллим. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: ❏ «АллахIан мостагIашна гена довлалаш, церан деза деношкахь». 📕 ат-Тарийхул-кабийр лил-Бухарий, лоьмар 659. Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь хьайн дог (тIулг санна) чIагIделла, дегI гIелделла, рицкъ дIахаьдда хьайна хаалахь, хьуна хаалахь хьайга ца догIург айхьа дийциний». 📕 Файдул-къадийр, 1/286. Суфян ибн Iуйайнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Ойла яр — къинхетаман догIа ду. Хьуна ца гина ойла а йой, ша лелочунна дохко а волий стага тоба деш?!». 📕 Хьилятул-авлияъ, 7/306. ВАЙН ХЬАЛ ТИША ХИЛАРАН КЪАЙЛЕ Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Нагахь санна бусалба нахехь гIийло елахь, церан мостагI царал тоьлуш велахь, иза бусалба нехан къинош а, гIалаташ а бахьанехь ду». 📕МажмуIул фатава, 11/645. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Деган дахаран догIа – Къуръан тIехь долчунна ойла яр а, Iуьйкъенашкахь доIанаш деш АллахIана хьаставалар а, къинош Iаддитар а ду». 📕 Хьáдил-арвáхь илá билáдил-афрáхь, 100. Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ «Къинош чевнаш ю, ткъа цхьайолу чов вуьйш чов хуьлу». 📕 ал-Фавáид, 41. Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: ❏ АллахIан мостагIчунна (Иблисана) хиинчул тIаьхьа, Сийлахь-Везачу АллахIа Ша цхьаъвеш (тавхьидаца) болчу а, цIенна даггара (ихласца) Iамал еш болчарна тIехь а шега куьйгалла дойтур доций, цо элира: «Хьан возаллора! Уьш берриге а тилор ма бу ас, царех Ахь хаьржина дог цIена (ихласца) болу Хьан лайш боцурш». Сурат […] |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||