Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, массо а питанан бух – хетарг шарIо бохучунна хьалхадаккхар а, дегIан лаам хьекъална тIехулабаккхар а бу». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/165.
|
|
||
|
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, массо а питанан бух – хетарг шарIо бохучунна хьалхадаккхар а, дегIан лаам хьекъална тIехулабаккхар а бу». ИгIáсатул-лухIфáн, 2/165. ▪Хьо гIайгIано лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьайна тIе бала беача, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьо сингаттамо хьовзийча, сужуде а гIой Далла герга гIо. ▪Хьо къелло я декхаро лаьцча, сужуде а гIой Далла герга гIо. Шайх Iáид ал-Къарний […] Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: «Дикачу стагана цхьаьнгара гIалат даьлча хала а хета, цунна хьехар а до. Ткъа вочу стагана хазахетар а хуьлу, цуьнан гIалат Iора а доккху». Суфъян ас-Саврийс аьлла: «Хьо волче хьайн ваша веача, цуьнга «ХIума кхоллий ахь? Юург охьайиллий хьуна?» – бохуш хетта ма хетталахь. Цунна юург хьалха йилла, шена лаахь юур цо, ца яахь, хьалхара дIайоккхур ахь и». МавáIиз 84. Сан бусалба йиша! Хьижаб хазаллина кечлуш юхуш яц хьуна, хьижаб хазалла къайлайоккхуш юхуш ю хьуна. «Юкъа мостагIалла долла Iалашо йолуш цхьаьнан къамел кхечуьнга дийцар, уггаре а даккхийчу къинойх къа ду». ал-Къовлул-муфид Iалакитабит-тавхьид 2/278. «Вежаралла дIакхехьархьама гIалат дIадаккха, гIалат бахьана долуш вежаралла дIа ма даккха». Корехула арахьаьжначу зудчо шен майрачуьнга элира бах: «Хьажахь стаг, вайн лулара зудчо йиттина хьалаоьхкина хIуманаш ма боьха а ю!». ТIаккха майрчо куьзган бIаьрг цIанбича, хьалаоьхкина бедарш цIена йиттина хилар гина зудчунна! Айхьа кхечарна цхьаъ алале хьалха, хьайн сакхташ нисде! Юсуф пайхамар набахти чохь волуш цуьнга аьлла: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». Иштта, иза Мисар пачхьалкхехь хазнашна тIехIоттийна волчу хенахь а аьлла цуьнга: «Хьо дика дечу нахах го тхуна». ЦIена кхоллам хьелаш хийцадаларха хийца ца ло! Цхьана Iаьрбочо боху: «Цхьана хенахь жена Iуналла деш лелла уммат дара вай, юха Ислам-дин деача, цо кхечу умматашна Iуналла деш дIахIиттийра вай. Ткъа вай цу Ислам-динна генадевлча, кхечу умматаша Iуналла деш жа хили вайх!». Iовжаме бакъдерг |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||