|
|
— Дийна шарахь марха кхаьбнарг санна хила лаьий хьуна? — Лаьа дера, и муха хир ду ткъа?! — Ахь Рамадан бутт а, цул тIаьхьа богIу Шаввал беттан ялх де а кхабахь, дерриг шарахь марха кхаьбнарг санна хуьлу-кх хьо, хIокху хьесапца: 30 марха × цхьа дика 10 дика яздо = 300 де. 6 марха × цхьа […]
Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дерриг дуьне бодане ду, Iилма долу меттиг йоцург. Ткъа дерриг Iилма эрна ду, шеца Iамал еш доцург. Ткъа ерриг Iамал а эрна ма ю, цIена даггара ихласца еш яцахь».
Имам Ибн Ражабас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: — Хlай тоба ца деш коьртара месаш къаж йалийтинарг! — Нийсон тlехь нисвала ойла йоцуш, я деш тоба доцуш вехаш верг! — Хьуна хаийла, ахь шайтIанна хазхетар диний, тlех сов Къинхетаме волу АллахI оьгIуз вахийтний! [Мажмуl ар-расáиль, 348].
Хьайх лаьцна хьан вон ойла хиларо а, хьан дукха къинош хиларо а хьуна новкъарло ма йойла хьайн Деле деха. АллахIа иблисан доIанна а жоп ма делла цо даьхначу хенахь: «Сан Дела, къематде тIе даллалца дитахь со» — аьлла. Фатхьул-бáрий 11/168.
ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСАН БИЛГАЛОНАШ: 1) Цу буьйсана дог синтеме хуьлу. 2) Цу буьйсана дог самукъане хуьлу. 3) И буьйса сирла, лепаш хуьлу. 4) Цу буьйсана седарчий охьа ца оьгу. 5) Цу буьйсана чIогIа шийла а, я чIогIа йовха а ца хуьлу. 6) И буьйса дIаяьллачу Iуьйрана малх схьакхетачу хенахь, зIаьнарш йоцуш цIена гуш хуьлу.
Имам Ибнул Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Эрна хан яйъар валарал а чIогIа ду. ХIунда аьлча, эрна хан яйъаро АллахIах а, эхартах а дIахадаво, ткъа валаро — дуьненах а, цу чохь болучарах а дIахадаво». ал-Фавáид, 44.
IабдуллахI Ибн Шубрумас аьлла: «Адамашха цецволу со, цамгарх кхоьруш юучух ларло уьш, амма жоьжахатех кхоьруш къиношха ца ларло уьш». Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 6/348.
Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-lусаймийнас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «АллахIа шена Iилма даларца дика дина волчунна, АллахIа цунна даьхнел а, тIаьхьенел а, хIусам-нанойл а, гIаланел а, машенашал а, массо хIуманал а тIех деза-доккха хIума делла хьуна». Шархь Риядус-салихьийн, 5/229.
Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Варийлахь, хIокху дуьненах lехаваларха ларлуш хилалахь! Баккъалла а, дуьне текхаргах тера ду хьуна, тlе куьг lоьттича кlеда ю иза, амма цуьнан дlовшо адам доь хьуна». [Мин васóйá ас-салаф, агIо 74].
«Дуьнен тIехь долу Ислам-дин цкъа а дIаболуш боцу маьлхах тера ду. Цхьана махкахь чу буьжча, кхечу махкахь гучуболу и». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
|
Хьехаме дешнаш «Веллачул тIаьхьа шен Iамал дIахада ца луучо, Iилма даржадойла».
|