Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца».
|
|
||
|
Нене хаьттина: «Хьайн берех дукха муьлхург деза хьуна?» — аьлла. Нанас жоп делла: «Царах цомгушниг, цунна гIоли хиллалца. Царах генахь дерг, иза цIа дерззалца. Царах жиманиг, иза доккха хиллалца. Уьш деригге а, со яллалца». «Шен дог паргIат хила луъчо, (Дала) шен къиношна гечдан луъчо, сингаттам дIабала луъчо, гIайгIа дIаяла луъчо, Пайхамарна дукха салаваташ дохкийла (саллаллáхIу IалайхIи ва саллам)». Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзия Цхьаболу салафша аьлла: «Беллачарна доIанаш дар, дийнаболучарна совгIаташ далар санна ду». [МавIизатул-муъминийн, агIо 256]. Ад-Даххьáк ибн Музáхьимас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Цхьа зама йогIур ю нахана, гезгамаша тассалца Къуръан хьалаоьллина латтош, цунах пайда а ца оьцуш. Ткъа нехан Iамалш элир-бахаршца хир йолуш». ЖáмиIу байáнил-Iилми ва фадлихIи, лоьмар: 1954. Цхьана дикачу стага аьлла: «АллахIан дуьхьа долу вежаралла куьйгах а, бIаьргах а тера ду. БIаьрг билхича, куьйго цуьнан хи дIадоккху. Ткъа куьг лазийча, бIаьрг цунна боьлху». Йа АллахI! Рамадан батте кхачаде Ахь тхо! Ал-Фудайл ибн Iийадас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Муъма стага нехан гIалаташ хьулдо, (царех дог лозуш) хьехар до, ткъа Iеса стага нехан гIалаташ Iорадоху, уьш тIех а детта». ЖáмиIул-Iулуми вал-хьикам, 1/225. Iовдал стаг еша а, яздан а ца хууш верг вац, бакъдолуш, Iовдал стаг, къилба мича агIор ду а хууш ламаз ца деш верг ву! Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Баланаша муъма нехан кегий къинош дIадоху, ткъа цу баланашна собаре хиларо, даржашкахь лакха а боху уьш». МажмуIул-фатáвá, 14/255. Шайхул Ислам Ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Къовсам моссуза болу ши бусалба стаг вовшах къаьсташ велахьара, бусалба нахана юкъахь сий-ларам а, вежаралла а дуьсур ма дацара». МажмуIул-фатáвá, 24/173. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||