Цхьамма аьлла: «Берашна «Фатихьат» сурат сайла а хьалха цхьанге Iамадойтур дацар ас, хIунда аьлча, шен деригге а дахарехь цо и ламаз тIехь доьшур долун дела». (Ма сийлахь ойлаяр ду иза!).
|
|
||
|
Цхьамма аьлла: «Берашна «Фатихьат» сурат сайла а хьалха цхьанге Iамадойтур дацар ас, хIунда аьлча, шен деригге а дахарехь цо и ламаз тIехь доьшур долун дела». (Ма сийлахь ойлаяр ду иза!). Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Бакъдолуш, шайтIан белхаш чIагIдечух уггаре доккха бахьана — эшаршка ладегIар а, эшарийн гIирс а бу. Мушрик нехан ладегIар ду иза». Ал-Фуркъáну байна авлия́ир-рахьмáни ва авлия́иш-шайтIáн, 205 агIо. Имам Ахьмад Хьанбалс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Дуьне — Iамал йо меттиг ю, ткъа эхарт — бекхаман цIа ду. Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву». аз-ЗухIду лил-БайхIакъий, 282. Бакъдолу вовшахкъастар генна новкъавалар, я везачух къастар, я валар а дац хьуна. Эхартахь вай цхьанакхетар долуш ду. Амма бакъдолу къастар – вайх цхьаверг ялсаманехь, важа жоьжахатехь хирг хилар ду хьуна. Я АллахI! Ялсамани охIлунах де Ахь тхо! Имам Ахьмад Ибн Хьанбалс сужудехь доьхуш хилла: «Я АллахI! ХIокху умматера ша нийсонна тIехь ву а моьттуш цу нийсонна тIехь воцург, нийсонна тIе нисве Ахь, нийсонна тIехь болчу охIланах и хилийтархьамма». ал-Бидая ван-нихIая, 10/329. Шайх Ибн Базáс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ХIара зама кIеда-мерза хилар, собар, хьикмат оьшуш зама ю, (нахаца) шога хуьлу зама яц. ХIунда аьлча, дукхах болу нах жехIил, гIопул, дуьненах тасабелла бу. Цундела, собур а, кIеда-мерза хилар а оьшу, нахе даIват дIакхачийтархьама». МажмуI фатáвá, 8/376. Цхьана воккхачу стага аьлла: «Со а, сан могушалла а цхьана хенахь ахча лоьхуш дара. Ткъа тахана, со а, сан ахча а могушалла лоьхуш ду». Дукхах болу нахана моьтту, деккъа маттехула «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву. Хьасан ал-Басрега (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла хилла: «Цхьаболчу наха олу: «ЛÁ ИЛÁХIА ИЛЛАЛЛÁХI» аьлларг ялсамани гIур ву!» ТIаккха, Хьасан ал-Басрийс аьлла: «Цу дешан дала ма-дезза хьакъ дIа а луш, цуьнан парзаш кхочуш а деш и аьлларг вуьгу цо ялсамане». ал-ХутIаб ал-минбариййахI, […] Къонахчун доттагIий-м дуккху а хуьлу, амма, тIе хIума деача, юххехь ма кIезга буьсу-кх «Къаьсттинчарца леладо ас вежаралла», алий Iеха ма лолахь ТIе бала беача юххехь воцург ваша вац хьуна Ала-м хIора вешо а олу: «со тешаме ву», Амма, ша дуьйцург кхочушдеш ца караво-кх, Сий а, дин а шегахь дерггий бен, Ткъа цо ша аьлларг чекхдоккхур […] Мáлик Ибн Дийнáрас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо». Аз-ЗухIд ли-бни Аби Iáсим, 86. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||