«Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52.
|
|
||
|
«Хьуна хаийла, хьайн бусалба вешин сакхташ ахь даржийча, хьан сакхташ даржошверг АллахIа хьуна а тIетосур вуйла, хьуна хьакъболу бекхам беш». Шайх ал-lусаймийн — Тафсир сурат ал-Хьужурат, 52. ан-НуIман ибн Башийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттар доьхнарг ду, бала тIебоьссинчу хенахь а къинош летор» ал-Бидая ван-нихIая, 11/680. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нах буьйцуш ма лелалаш, уьш бийцар бала бу шуна. АллахI хьехаве аша, И хьехор къинхетам бу шуна». МавсуIа ибн Аби ад-Дуня, 7/137. Цхьаболчу салафша аьлла: «Нагахь цхьамма шен хьолах я шен даьхнех я шен доьзалх тамашбахь, цо олийла: “Ма́ша́ АллахI, ла́ къуввата илла́ биЛла́хI”». АллахIана лиънарг ду! Хьал хийца ницкъберг АллахI бен вац! Тафсир ибн Касийр Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ «Хьуна ма моттийла АллахI хууш вац зуламхоша лелориг. Бакъдолуш, бIаьргаш къаьрзан долу [къемат] де тIекхаччалц буьтуш бу Цо уьш». Сурат: ИбрахIим, 42 аят. Маймун Ибн МихIрана аьлла: «ХIара аят зулам хиллачунна синтембеш а, зуламхочунна кхерам тосуш а ду». […] «Ламаз цадийриг къул а, зина дечул а, къаьркъа муьйлучул а, вахош йолу буц уьйзучул а вон ву». Ибн Таймия — МажмуIул-фатава, 22/50. Суфъян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьайна эхартар балхах цхьа болх коьрте багIахь цунна тIеверзалахь, и барехь сихо а елахь хьайний, цунний юккъе шайтIа далале». Хьилятул-авлияъ, 7/83. Суфъян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:«Зудчунна шен хIусамал дика хIума ма дац, иза къанъелла йоккха стаг елахь а». ат-ТамхIийд лима́ фил-муваттIаъи минал-маIа́ни вал-аса́нид, 23/402. АллахIан динна гIодеш воцург, АллахIера гIо кхачаре ма хьоьжийла. «Нагахь аш АллахIана (Цуьнан динна) гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо». Къуръан 47/7. Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий ХIила́л ибн Хаббáба аьлла, ас СаIийд ибн Жубайре хаьттира: «Нах хIаллакьхиларан билгало хIун ю» — аьлла. ТIаккха цо элира: «Царна юкъара Iелимнах дIабовлар ю» — аьлла. Сияру аIлáми ан-Нубалáъ, 4/326. |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||