Ал-Къасим ибн Салама (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:«Къуръан дагахь хууш (цуьнца Iамал еш) волчунна мегар дац хIокху лаьтта тIехь шелла а вехаш стаг ву аьлла хета, дерриг дуьне долахь долуш и велахь а». ГIарибул-хьадис, 2/171.
|
|
||
|
Ал-Къасим ибн Салама (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:«Къуръан дагахь хууш (цуьнца Iамал еш) волчунна мегар дац хIокху лаьтта тIехь шелла а вехаш стаг ву аьлла хета, дерриг дуьне долахь долуш и велахь а». ГIарибул-хьадис, 2/171. Хьайн лаккхара сатийсамашка хьо кхочур ма вац, дуккха а халонаш ахь Iовшалца. Юьхьанца халонийн къаьхьалла ца Iевшинчунна, чаккхенгахь сатийсаман марзо хаалур яц. Халонийн къаьхьалло хьо юха ма воккхийла, сатийсаман марзоне кхачарха Иза АллахIан суннат ду, Шен халкьана юккъехь Цо лелош, Цунна лиъначунна бен хуьлуш дац и (Сийлахь-Лекха ву И). […] «Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий […] ХIокху деношкахь догIмаш чу доьхкина совцийна ду. Амма, мотт хецна бу: гIийбаташ деш, эладиташ дуьйцуш, даьсса, пайда боцу къамелаш деш, кхердаш, бакъдоцу къамелаш даржош. Ибн ал-Къаййима аьлла: «Лаьтта букъ тIехь мотт санна чу йолла хьакъ долуш цхьа а хIума яц». Я АллахI! Тхан меттанаш Хьо хьехорца тIуьна латтаде Ахь. Амин! […] «Хьо бакъонна тIехь вара аьлла зен ца зуьйш а я бала ца хьоьгуш а вуьсур вац. Пайхамарех Яхья а, Закария́ а вийна, Муса махках ваьккхина, Юсуф набахти чу воьллина. Ткъа пайхамарийн эла волу Мухьаммад лаьцна а латтийна, етта а йиттина цунна, махках а ваьккхина иза. Цул тIаьхьа бакъо тоьлла». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарифий […] Муъманехан куьцашха ду, берриге нах хьере хилла, кхерамехь болчу хенахь, АллахIа церан дегнаш чу синтем боссош хилар. Сийлахь — Везачу АллахIа аьлла: «АллахI ву, муъманехан дегнашка синтем боссийнарг, шайгахь долчу ийманна тIе кхин а ийманехь уьш совбахархьама…» Сурат «ал-Фатхь», 4 аят. ХIай везан Дела! Тхуна тIе синтем боссабехьа! Тхо ийманехь а, Хьо везарехь а […] «Iаьржа ун а, кхин долу даккхий баланаш а юхатухучу бахьанех уггаре доккха бахьана, Пайхамарна дуккха а салаваташ дахкар ду (саллалло́хIу IалайхIи ва саллам)». Базлул-ма́Iу́н фи́ фадли ат-тIа́Iу́н, 333. — Ибн Хьажар «Шен дена-нанна дика хилла волу доьзалхо, лечу хенахь вон чеккхе а йолуш лийр вац». СаIийд ибн ал-Мусаййиб (АллахIа къинхетам бойла цунах). Тарих ибн МаIийн, 2/228. «Шен дог нахах хоьттинарг, церан неIарш шена чIаьгIна карийча я шен хьашт кхочуш дан церан ницкъ ца кхаьчча, сингаттаме хир ву. Амма, шен дог АллахIах хоьттинарг, синтеме хир ву, хIунда аьлча, Цуьнан неI цкъа а къовлуш яц я хьашташ кхочуш ца далуш И кIелвуьсуш а вац». Дийнахь 100 хаам бешало вайга вешан тилпонаш тIера. Амма, Къуръан тIера 10 аят ца дешало вайга, и деша хан яц бохуш! Ваьшца мукъане а бакълей вай?! |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||