Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: «Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь»». Фатхьул-Бáрий, 10/478.
|
|
||
|
Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: «Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь»». Фатхьул-Бáрий, 10/478. Цхьаьна хьекъалче цхьамма хаьттина: «Iуьйра ламазан хенахь хIаваъ цIена хIунда хуьлу?» — аьлла. Хьекъалчо аьлла: «Дера хуьлу, цу хенахь мунепикъаш бийшина хуьлун дела». Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Хьайн бусалба вешина къинтIера вала. Хьуна хIун пайда хуьлу, АллахIа хьо бахьанехь цунна Iазап дича?!». سامح أخاك وما ينفعك أن يعذب الله أخاك المسلم بسببك Сияру аIлами ан-Нубалаъ, 11/262. […] «СаIийд ибн Жубайра, Рузбан дийнахь, малхбуз-ламаз динчул тIаьхьа малх чу буззалц, цхьаьнге къамел ца дора, доIина жоп ло хан ларъеш». ФикъхIун-нафс, 115. Имам ал-Хьасан ал-Басрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Стага шен бала боцург лелош хилар, АллахIа и лай дIатесна хиларан билгало ю». ФикъхIун-нафс, 221. Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нахана Iилма бепигал а, хинал а алсам хьашт ду. ХIунда аьлча, Iилма массо а хенахь оьшу, ткъа бепиг а, хи а дийнахь цкъа я шозза бен ца оьшу». ФикъхIун-нафс, 302. Сулайма́н ибн Хьамза ал-Макъдисийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шозза бен парз ламаз айса цхьалха дина дац ас. И ши ламаз айса дина аьлла хеташ а вац со (жамаIатца и шиъ цадар бахьана долуш)». Цо и олучу хенахь, дезткъе итт шо хилла цуьнан. ФикъхIун-нафс, 109. Цхьаьна доттагIчо шен кхечу доттагIчуьнга хаьттина: «1000 сом алапа а оьцуш, шен цIахь болх бар гIоли ду, я шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь 27 000 сом алапа а оьцуш болх бар гIоли ду?» — аьлла. ДоттагIчо вела а велла жоп делла: «Шеко йоцуш, шен цIенна 300 метр бен генахь йоцчу меттигехь […] Имам Ибнул-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «ХIай дегI! Цхьа кIеззиг кIадло хьо, Фирдавс ялсаманехь дуккха а садоIур ду ахь». يا نفس اتعبي قليلاً، تستريحي في الفردوسِ كثيراً ЛатIáифул-маIáриф, 304. «Къемат дийнахь ахь латийнчу къинна тешалла дийр ду АллахIа а, маликаша а, матто а, куьйгаша а, когаша а, хазаро а, бIаьрсино а, чкъуро а, жижиго а, даьIахкаша а, ахь и къа латочу хенахь хьешна долчу лаьтто а». |
||
|
© 2008 - 2026 ИС - All Rights Reserved Powered by WordPress & Atahualpa |
||